Урок №19 Декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш

Вай кхин д1а а дуьйцур ду терахьдешнийн тайпанех лаьцна (разряды числительных). Х1окху урокехь довзуьйтур ду дакъойн а, декъаран а терахьдешнаш.
Оьрсийн маттахь «декъаран»-разделительные  бохург ду,
«дакъойн» — дробные бохург ду.
Декъаран маь1на а долуш,  мас-маса? бохучу  хаттарна жоп лучух декъаран терахьдош олу.
Масала: шишша, пхиппа  ялх-ялх, исс-исс.
Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо.
Мас-мосалг1а бохучу хаттарна жоп лучарах дакъойн терахьдешнаш олу.
Масала: пхиъ-уьтталг1а (пять- десятых),  цхьаъ-шолг1а (одна-вторая).
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш.
Тхан  нанас берашна пхиппа ц1азам белира.
Оцу хаттарна жоп пхиъ-уьтталг1а хир ду.
Хьалхарчу предложехь  пхиппа терахьдош ду, цо мас-маса? бохучу хаттарна жоп ло — иза декъаран терахьдош ду.
Шолг1ачу предложенехь  пхиъ-уьтталг1а терахьдош ду, цо мас-мосалг1а? бохучу хаттарна жоп ло — иза дакъойн терахьдош ду.
Т1едиллар №1.
Т1адамийн меттана маь1ница дог1уш долу ц1ердешнаш яздеш, декъаран  терахьдешнаш билгалдаха.
Биъ… мерцира, ткъа… еттира, б1е…кечвира, йиъ…тийгира, везткъа…
язвира, ейтта эзар… йоьттира, диъ-диъ…делира, шишша… ийцира.
Г1оьнна ц1ердешнаш: котам, сом, ког, салти, коч, стаг, кибарчиг, тетрадь
Вай ма-аллара декъаран терахьдешнаша мас-маса? бохучу хаттарна жоп ло.
Билгалдаккха мегар ду: терахьдешнашца лелаш долу дерриге ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь лела, ткъа цхьадолу ц1ердешнаш терахьдешнашца ца лела. Масала: т1уо, моз, шура.
Вайн урок ерзош, кхин цкъаъ вайна девзинарг билгалдаккха лаьа суна:
Вайна х1окху урокехь терахьдешнийн ши тайпа девзи: декъаран, дакъойн.
Ц1ердешнаш терахьдешнашца цхьаллин терахьехь ц1ерниг дожарехь лела а хии, терахьдешнашца лелаш доцу ц1ердешнаш а девзи: моз, шура, т1уо.
Уроке ладог1арна баркалла шуна. 1одика йойла шун!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика