Урок №18 Масаллин терахьдешнийн легар а, церан нийсаяздар а

Х1уманан масалла гойтучарах масаллин терахьдешнаш олу:
Масала: шиъ, пхийтта, кхузткъе ялх.
Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара?
Цара жоьпаш ло Маса? Мел? бохучу хаттаршна.
Масаллин терахьдешнийн тайпанаш карладохур ду вай:
Декъаран: пхиппа, итт-итт, шишша;
Гулдаран: ший а, итте а, ворх1е а;
Дакъойн: шиъ йолхалг1а.
Эцаран: ворх1-ворх1азза, шозза, пхоьазза;
Билгалза-масаллин: пхи-ялх стаг, цхьайтт – шийтта туьма.
Х1окху урокехь  вай дуьйцур ду масаллин терахьдешнийн легарх а, церан нийсаяздарх а лаьцна.
Цхьалхе а, чолхе а масаллин лааме терахьдешнийн дожаршца хийцадалар ц1ердешнийн санна ду:
Лаамаза:                                                       Лааме
Ц1.цхьа сахьт                                               цхьаъ
Дл. цхьана сахьтан                                     цхьаннан
Л.цхьана сахьтана                                      цхьанна
Др.цхьана сахьто                                        цхьамма (-ммо)
К.цхьана сахьтаца                                      цхьаьнца
Х.цхьана сахьтах                                        цхьаннах
М.цхьана сахьте                                         цхьаьнга
Дс.цхьана сахьтал                                      цхьаннал 
Дукхахьолахь дешархоша г1алат долуьйту «цхьаъ» боху лааме масаллин терахьдош яздарехь. И терахьдош легийча, цуьнан нийсаяздарехь гучудолу диъ х1ума:
а) оцу лаамечу терахьдешан орам цхьа боцуш —  цхьаъ хилар;
б) дийриг дожарехь аларан а, яздаран а ши некъ хилар:
 цхьамма – цхьаммо.
в) доланиг дожарехь цуьнан орамера мукъа аз аь доцуш а хилар;
цхьаннан.
г)коьчалниг, меттигниг дожаршкахь цу терахьдешан орамера а, хийцалой, аь-не долуш хилар:
цхьаьнца, цхьаьнга.
И терахьдош нийса алийта а, нийса яздайта а цуьнца цхьаьна предложенеш   ялор ю вай.
Цхьаъ ву сени чохь хехь  лаьтташ.
Цхьаннан ницкъал шиннан ницкъ сов бу.
Цхьанна бен ца диллина «шиъ».
Цхьамма аьлларг вукхара а олу.
Цхаьнца воьдучул кхаанца г1уо.
Цхьаннах дагаволучул шиннах дагавала.
Цхьаьнга аьлча тоьар ду.
Цхьаннал шиъ тоьлар ву.
Оцу терахьдешан орам цхьаъ хиларна тоьшалла дийр ду цунах кхолладеллачу гергарчу дешнаша:
цхьалхо – ц1ердош,
цхьалха – билгалдош,
цхьацца – терахьдош,
цхьа а – дацаран ц1ерметдош.
Лаамаза масаллин терахьдешнаш дожаршца хийцалуш ца хуьлу.
Ц1. ши стаг                                                 К.шина стагаца
Дл.шина стеган                                           Х.шина стагах
Л.шина стагана                                           М.шина стаге
Др.шина стага                                             Дс шина стагал
Диъ, деаннах  схьадевлла лааме терахьдешнаш ц1ердешнаш санна хийцало:
Ц1.безткъа
Дл. безткъанан
Л.безткъана
Др.безткъаммо
К.безткъанца
Х.безткъанах
М.безткъане
Дс.безткъанал
Лаамаза масаллин терахьдешнаш, деаннах схьадевлла долу, дожаршца хийца ца ло, классашца хийцало уьш.
Ц1.диъ ведар
Дл. деа ведаран
Л. деа ведарна
Др. деа ведаро
К. деа ведарца
Х. деа ведарх
М. деа ведаре
Дс. деа ведарал
Т1едиллар №1.
1амийнарг т1еч1аг1деш, терахьдешнийн легар а, церан нийсаяздар а тидаме а оьцуш, схьаязде кицанаш, билгалдаха терахьдешнийн дожарш.
Ши хорбаз цхьана буйна ца тарло.
Цхьана воно диканех вон дина.
Исс корта болу дег1 делла, цхьа корта болу дег1 даьлла.
Эзар доттаг1 верг ваьлла, эзар етт-сту берг вайна
Ц1ахь бан болх.
Х1окху дешнийн цхьаьнакхетаршца предложенеш х1иттае:
Пхийтта чаккхарма*, ткъе итт уьстаг1, шийтта шо.
*Чаккхарма – йохаллин барам бу, оьрсийн маттахь верста бохург ду иза.
1 чакхарма = 1,0668 км. = 1 км. 68 м.
XVIII-г1а б1ешо кхаччалц чаккхармица доза билгалдоккхуш хилла (межевание), ярташна юкъара некъ бустуш хилла.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Марша 1ойла шу!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика