Урок №17 Терахьдешнийн тайпанаш. Масаллин терахьдешнаш

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду терахьдешнийн тайпанаш, масаллин терахьдешнаш.
Доккха дакъа д1алоцу терахьдешнаша вайн дахарехь.
Ц1ийнан бух боттале уггаре хьалха хьесап до муьлхачу барамехь дан деза и, хIунда аьлча, цуьнца доьзна ду цуьнан тхов нисбалар.
Хьалха заманахь, вайнахана йоза – дешар ца хуучу хенахь, хьесап дар иштта хилла:
«Бода беанчу шарахь». «Хьаьжк1аш хьокхучу хенахь».
Стагана ша вина шо, де я цхьа хилам хилла зама билгалъян хала дара. Амма йоза — дешар, терахьаш хааро вайн дахар хийцина.
Терахьдашо масалла я дагардаран рог1алла гойту. Шайн маь1не диллича, терахьдешнаш масаллин а, рог1аллин а хуьлу.
Оьрсийн маттахь масаллин – количественное, рог1аллин – порядковое числительное ду.
Х1уманийн масалла а гойтуш, маса? бохучу хаттарна жоп луш дерш масаллин терахьдешнаш ду:
Х1етал-метал хаийла шуна: цхьана куйна  к1елахь волу виъ  (маса?) ваша. (стоьлан биъ ког)
И дара нийсса пхийтта (маса?) шо хьалха.
Масаллин терахьдешнаш лааме а, лаамаза а хуьлу.
Масала:
Исс 1аж, кхойтта шо, ткъе пхиъ дешархо – лаамазанаш;
вурх1итта, эзар исс б1е шовзткъе шиъ – лааменаш.
Масаллин терахьдешнаш декъало х1окху тайпанашка:
1) Декъаран маь1на а долуш, мас – маса? бохучу хаттаршна жоп луш дерш декъаран терахьдешнаш ду:
шишша, исс-исс;
2) Юьйцуш йолу х1уманаш ерриге юкъа а лоцуш, хуттургаца лелаш дерш гулдаран терахьдешнаш ду:
ший а, итте а;
3) Дакъош а гойтуш, маса? мосалг1а? бохучу хаттарна жоп луш дерш дакъойн терахьдешнаш ду:
Кхоъ- доьалг1а, шиъ — уьтталг1а;
4) Эцаран терахьдешнаша мосазза? бохучу хаттарна жоп ло, -зза,   -азза суффиксийн г1оьнца кхоллало уьш:
Пхиъ-пхоьазза, шиъ-шозза;
5) Билгалза – масаллин терахьдешнаша масалла юьззина билгал ца йо:
кхо-диъ сом, кхойтт-бейтта стогар.
Т1едиллар №1.
Пхеа тайпана терахьдешнаш юкъа а лоцуш, цхьацца предложени х1оттае.
Диъ а, деаннах  схьадевллачу масаллин терахьдешнийн классан гайтам хуьлу, и гайтам оцу терахьдашца долчу ц1ердашан классе хьаьжжина хийцало:
Масала:
виъ стаг                          виъ к1ант
йиъ йо1                           йиъ нана
диъ ц1а                           диъ кехат
биъ ког                           биъ мог1а 
Шайца классан гайтам болчу масаллин терахьдешнех хиллачу рог1аллин терахьдешанийн  классан гайтам ша ма — хиллара буьсу:
Масаллин       Рог1аллин
виъ стаг      —  воьалг1а стаг
йиъ йо1       —  йоьалг1а йо1
диъ ц1а       —   доьалг1а ц1а
биъ ког       —  боьалг1а ког 
Т1едиллар №2
Дешнийн ч1аг1деллачу цхьаьнакхетаршкахь долу терахьдешнашна к1ел сиз хьокхуш, дийца, х1ун тайпа терахьдешнаш ду уьш.
Ворх1е ден т1ера схьа. Пхиъ х1оьттина. Пхи  п1елг санна. Цхьа  ког юха ца вала. Цхьа – ши  дош ала. Шолг1а  пхийттара вала. Шина даггахь.
Т1едиллар №3
Х1окху предложенешкара масаллин терахьдешнаш, шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна, билгалдаха хьовса:
1уьйранна шайн кора к1елахь,  шелделла г1орийна ши хьоза гира Рамзанна. Диъ сахьт даьлчахьана, цхьа адам дац урамновкъахь гуш. 1уьйранна, исс сахьт даьлча, школехь хила дезара тхан.
Вайн маттахь терахьдешнашца ца лелаш ц1ердешнаш а ду:
Даьтта, шура, моз;
(ши кийла даьтта, ши ведар шура, ши банка моз)
Х1окху урокехь вай дийци терахьдешнийн тайпанех а. Масаллин терахьдешнех а, иштта  муьлха терахьдешнаш хийцало классашца  а.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика