Х1окху урокан тема ю: Билгалдош морфологически къастор.
Ткъа х1ун ду теша и морфологи бохург?
Морфологи-иза къамелан дакъош, церан грамматически билгалонаш 1амош долу меттан 1илманан дакъа ду.
Ц1ердош 1амийна девлча, шуна евзина иза морфологически къасторан кеп.
Муьлхха а къамелан дакъа морфологически къастош, билгаляха еза цуьнан коьрта морфологически билгалонаш.
Билгалдешан морфологически къасторан кеп иштта хир ю:
1. Муьлха къамелан дакъа ду?
2. Юьхьанцара кеп
3. Тайпа
4. Дарж
5. Дожар
6. Терахь
7. Лааме ду я лаамаза ду
8. Легар
9. Муьлхачу хаттарна жоп ло
10. Муьлхачу дашах дозуш ду
11. Синтаксически маь1на ду: предложенин муьлха меже ю.
Ткъа х1инца, оцу кепах пайда а оьцуш, вай 1амор ду билгалдешнаш морфологически талла.
Хазачу г1иллакхо лайх эла вина, вочу амало элах лай вина. (Кица)
Х1окху кицанера цхьа билгалдош схьаяздийр ду вай цуьнца долчу ц1ердашца цхьаьна.
Хазачу г1иллакхо.
Хьовсур ду вай х1ара билгалдош морфологически къасто:
Хазачу — иза билгалдош ду,
Юьхьанцара кеп ю – хаза,
Тайпа — мухаллин,
Дарж — юьхьанцара,
Дожар — дийриг,
Терахь – цхьаллин,
Лааме я лаамаза — лаамаза,
Легар — 1-ра легар ду
Муьлхачу хаттарна жоп ло — мухачу?
Муьлхачу дашах дозуш ду — г1иллакхо
Синтаксически маь1на – предложенехь иза къастам бу.
Т1едиллар №1.
Iамийнарг т1еч1аг1деш, х1окху кицанашкарчу билгалдешнийн морфологически къастам бе. Тидам т1ебахийта беза вай ялийначу кепехь йолу ерриге билгалонаш массо а билгалдешнийн цахиларна. Цундела, йоцурш юкъахь а юьтуш, билгалдешнаш морфологически къастаде:
Воккхачуьнга ладоьг1нарг дохко ца ваьлла.
Нехан динара хотталахь вуссу.
Т1едиллар №2
Х1инца шаьш хьаьвсича дика хир ду шу билгалдош морфологически къасто. Предложени иштта хир ю:
Х1окху урокехь вай т1еч1аг1дина билгалдешан морфологически билгалонех долу хаарш.
Х1окху предложенера схьаязде лаамаза билгалдош.
Морфологически къастам бе оцу билгалдашна.
Ц1ахь бан болх:
Далочу дийцар т1ера билгалдешнашна морфологически таллам бе.
Хаза г1иллакх.
Жима бер карахь къона нана хилла йог1уш. Исмайлин Дуда а гина, бер охьа а диллина, юьстахъяьлла иза.
Дудас, бер схьа аэцна, т1екхайкхина цуьнга. И бер к1ант вуй а хиъна, цунна юххе тапча а, ахча а диллина.
Воккха а хилла, цу к1антана зуда ялийча, верта а, герз а, кхидолу совг1аташ а дохьуш, той — ловзар д1адирзича, цу к1ентан ц1ийннана Дудина т1еялийна марнанас.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. Массарна Дела реза хуьлда . 1одика йойла.
Пайдаэцна литератур:
В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУП «Книжное издательство» 2011 шо
Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
«Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
З. Д. Джамалханов «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» ГУП «Книжное издательство» 2009 шо.
З. Д. Джамалханов, М. Ю. Мачигов «Нохчийн мотт»I-ра дакъа. Грозный «Книжное издательство». 1985 шо.
Джамбеков Ш.А. «Нохчийн фольклор» Грозный «Книга» 1990 шо.
Ш.Арсанукаев. «Керла де» Стихаш. Поэма. Грозный-1980 шо