Урок №8 Билгалдешнийн синтаксически билгалонаш.

Вайн рог1ерчу  урокан тема ю:
Билгалдешан синтаксически билгалонаш ю.
Лаамечу а, лаамазчу а билгалдешнийн предложенехь синтаксически г1уллакх муха ду хьовсур ду вай.
Д1аязйийр ю вай иштта предложенеш:
Масала:
Хаза  туьйранаш  дуьйцура  бабас  тхуна.   (хаза – къастам  бу).
Б1аьстенан де суьйренга лестинера. (б1аьстенан – къастам бу).
Х1окху предложенешкахь  билгалдели лаамаза билгалдош предложенехь къастам хилар. 
Х1инца хьовсур вай предложенехь лаамечу  билгалдашах,  маь1не  хьаьжжина, подлежащи, кхачам я т1едерзар  муха хуьлу.
Масала:
Асхьабг1еран  кертахь  воккханиг  вацара.
Марета  тетрадех  ц1енаниг  юьстах  диллира.
Хьомениг, ас  декъал  йо  хьо  йинчу  денца!
1-рчу  предложенехь- воккханиг—  подлежащи  ду.
2-чу  предложенехь- ц1енаниг-кхачам  бу.
3-чу  предложенехь- хьомениг – т1едерзар  ду.
Т1едиллар №1
Билгалдаха, х1окху  предложенешкара  билгалдешнаш  лааме  ду я  лаамаза  ду.
Масала:
К1айчу лайно, куйнаш техкинера  дитташна а, тхевнашна а.
Аьстамарниг  т1ех  маса  говр  яра.
Масане  тамашийна  сурт  х1оьттина  хир  ду  тхан  юьртах.
Хьехархочо дуккха а керланиг довзийтира тхуна.
Т1едиллар №2
Дийца, предложенин  муьлха  меженаш  ю  билгалдешнаш  кхузахь:
Йоккхачу ц1арна  гонаха  хевшина  1ара  бераш
Диканиг, бинерий  ахь аьхка  болх?
Лекханиг  не1арехь  лаьтташ  вара.
Тахана  урокехь  вайна  хии, лааме  билгалдош  предложенехь, шен  маь1не  хьаьжжина, подлежащи,  кхачам я т1едерзар  хуьлий  лелий
Цу  т1ехь вайн  урок  чекхйолу. 1одика  йойла  шун!
Пайдаэцна литератур: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.

Close
Яндекс.Метрика