Д1аяханчу хенашкахь вай дийцара, нохчийн мотт хьалдолуш а, говза а, исбаьхьа а мотт хилар. Ненан мотт а, ненан меттан къамел 1амор а доккхачу маь1нин г1уллакх ду. Нохчийн меттан х1ора дош тидаме оьцуш 1амо деза. Х1унда аьлча, х1ора а дош шен-шен маь1ан долуш ду, ша-тайпа кхоллалуш ду, къамелехь шен-шен меттиг д1алоцуш ду.
Х1окху урокехь вай карладохур ду дешан х1оттамах долу хаарш.
Шуна дагадог1ий меттан 1илманан муьлха дакъа ду дешан х1оттам 1амош?
Нийса ду. Цунах морфемика олу.
Лексически я грамматически маь1на шайна чохь долчу дешан декъах морфема олу.
Морфема меттан уггаре жима дакъа ду. Хьовсур ду вай цаьрга:
Х1окху морфемех х1ун олу дагадог1ий шуна?
Морфемаш еа кепара хуьлу: дешхьалхе, орам, суффикс, чаккхе.
Диэкъа ца лучу, шайн лексически маь1ница гергара долчу дешнийн юкъарчу декъах орам олу. Масала:
Лам ламанхо ламанца
Юрт юьртахо юьртара
Кху дешнашкахь юкъара дакъа, хьалхарчу мог1анехь «лам», шолг1ачу мог1анехь «юрт» ду. Лам, юрт х1окху дешнашкахь орам бу.
Цхьадолу дешдакъош т1екхетаро дашна керла маь1на ло.
Уьш декъало дешхьалхенашка а, суффиксашка а.
Х1ун олу орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на лучу дешдекъах?
Цунах дешхьалхе олу.
Масала:
Аравала, чувала, охьавала, д1авала, дехьавала, сехьавала, т1евала, хьалавала.
Ара, чу, т1е, схьа, д1а, дехьа, сехьа, охьа, хьала — уьш дешхьалхенаш ю.
Дешхьалхенаша керла маь1ница дош хуьйцу.
Ткъа орамна т1ехьа а лаьтташ, дашна керла маь1на луш долчу лардан декъах х1ун олу?
Иза суффикс ю.
Масала:
Тола — тола-м, дика — дика-лл-а, хаза –хаза- лл-а, Мангал — мангал-хо, деша — деша-р-хо.
Лард олу дешан хийцалуш долу дакъа д1адаьккхича буха дуьсучу декъах.
Дешархо
Дешархо-чун
Дешархо-чунна
Дешархо-чо
дешархо-чуьнца
дешархо-чух
дешархо-чуьнга
дешархо-чул
Лард вай ма-аллара хийцалуш долу дакъа д1адаьккхича буха дуьсу дакъа ду. Х1инца вай хаа таро ю, хийцалучу декъах х1ун олу.
Хьовсур ду вай чакхенашка вай легийнчу дешнийн.
-чун, -чунна, — чо, -чуьнца, -чух, -чуьнга, -чул;
Х1орш дешнашна юккъе уьйр тосуш, дешан хийцало дакъа ду. Цунах чаккхе олу.
Ткъа х1инца вай хьовсур ду дешнийн х1оттаме.
Кхузахь билгалдинарг диъ дош ду, х1ора дешдакъа а къастош.
Схьавеанчуьнца бохучу дашехь: орам — веа, суффикс -н, дешхьалхе схьа- , чаккхе -чуьнца, лард — схьавеан.
Юртахочо бохучу дашехь: орам— юрт, суффиксаш – а-хо -, чаккхе -чо, дешхьалхе яц, лард — юьртахо.
К1антана бохучу дашехь: орам — к1ант, суффикс яц, чаккхе -ана, дешхьалхе яц, лард — к1ант.
Ц1ахь бан болх:
Шайн хаарш зуьйш, кхочушдан хьовса иштта т1едиллар. Лардаш а, чаккхенаш а билгалйохуш д1аязде х1ара дешнаш.
Вошалла, гуьйренан, веданхо, зурманча, хьехархо, вахархо, лоьмо, г1ожаца, хехо, куьйгашца, ярташа, 1илманча, лулахочуьнга, махке, дийцархо, вотанча, г1иллакхца.
Цу т1ехь дешан х1оттамах долу хаарш карладахарна лерина урок чекхйолу вай. 1амийначух аша пайда эцна хир бу аьлла хета суна. 1одика йойла шун, марша 1ойла!
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-6 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
7. Мациев А.Г. «Чеченско-русский словарь» Соьлжа-г1ала ФГУПК «ИПК «Грозненский рабочий» 2010.
8. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. «Русско-чеченский словарь» Москва. Издательство «Русский язык» 2000.