Урок №63 Ц1ердашах 1амийнарг карладаккхар.

Де дика хуьлда шун, дешархой! Тахана вай карладоккхур ду ц1ердош  ц1е йолу къамелан дакъа.              
Х1уманаш, адам билгалдо,
Мила? Х1ун ю? Хаттарш до.
Ойлаей хьо дийций вала,
Муьлха дакъа ду со ала? 
(Эдилов С.Э.)
Дагадаийта деза вай, стенах олу ц1ердош.   
Х1ума билгал  а еш, х1ун?, мила?, муьлш? бохучу хаттаршна жоп лучу къамелан декъах ц1ердош олу.              
Масала:                                                             
х1ун? — некъ, говр;
мила? — к1ант, белхало;                                                                 
муьлш? — вежарий,юьртахой. 
Ц1ердешнаш дожаршца а, терахьашца а хийцало. 
Предложенехь ц1ердош, шен маь1не хьажжина, подлежащи,сказуеми, кхачам, латтам къастам , т1едерзар хуьлу. Масала:
1имранна берашца ловза лаьара. 
Суьйренца мела мох хьоькхура.
Хьалхарчу предложенехь шиъ ц1ердош ду: 1имранна, берашца;
1имранна – иза подлежащи ду, берашца латтам бу.
Шолг1ачу предложенехь а ду шиъ ц1ердош: суьйренца, мох;
Суьйренца – латтам бу, мох подлжежащи ду.
Ц1ердешнаш долахь а, юкъара а хуьлу . Масала:
Долахь ц1ердешнаш:
Бексултанов Муса
Олхазар –К1отар
Жима Атаг1а
Соьлжа 
Орга.
Юкъара ц1ердешнаш: 
яздархо
юрт 
г1ала 
дийцар
туьйра
Ц1ердешнийн 3 грамматически класс  ю: божарийн, зударийн кхийолчу х1уманийн. Масала:
к1ант, деваша (божарийн класс)
зуда, йо1 (зударийн класс)
зу, пен, ков, некъ (кхийолчу х1уманийн класс)
Х1инца дагадоуьйтур ду вай дожарш а, церан хаттарш а.
 Ц1ерниг         Мила? Муьлш?     Х1ун?
 Доланиг          Хьенан?       Стенан?
 Лург                 Хьанна?       Стенна?
 Дийриг            Хьан?           Стен?
 Коьчалниг      Хьаьнца?     Стенца?
 Хотталург      Хьанах?        Стенах?
 Меттигниг      Хьаьнга?       Стенга?
 Дустург    Хьанал?              Стенал?
Х1инца легадийра ду вай ц1ердешнаш: орам, орамаш
Ц1.  орам    орамаш
Дл.  ораман    орамийн
Л.   орамна    орамашна
Др.  орамо    орамаша
К.   орамца    орамашца
Х.   орамах    орамех    
М.   ораме    орамашка
Дс.  орамал    орамел.  
Дожарийн чаккхенийн башхаллашка хьаьжжина, ц1ердешнийн деа кепара  легар хуьлу. И легарш билгадоху цхьаллин терахьехь долчу ц1ердешнийн Коьчалниг дожаран чаккхенашца. 
Х1ора легарна чу дог1у цхьацца ц1ердош легор ду вай.
Церан легар иштта хила деза:
        1л.                        2л.                   3л.                         4л.
Ц1.  собар                 наб                   йиша                   хьехархо
Дл.  собаран             набаран          йишин                 хьехархочун     
Л.   собарна              набарна           йишина              хьехархочунна
Др.  собаро               набаро             йишас                хьехархочо
К.   собарца              набарца           йишица              хьехархочуьнца
Х.   собарх                набарх              йишех                 хьехархочух 
М.   собаре               набаре              йише                  хьехархочуьнга 
Дс.  собарал             набарал           йишел                хьехархочул.
Цхьа а мотт бац беккъа шен гурахь, ша къаьстина, кхуьуш. Вовшашкара дешнаш т1е а оьцуш, кхуьу меттанаш. Вайн маттахь а алсам ду кхечу меттанашкара т1еэцна дешнаш. Уьш дукхахдерш оьрсийн маттера я цуьнгахула т1еэцна ду.
Уьш вайн меттан дешнаш санна терахьшца  а, дожаршца а хийцало: 
газета-газетан, газеташ, 
ракета-ракето, ракетийн 
стол- стоьлах, стоьлийн.
Хьалххе дуьйна т1еэцна ц1ердешнаш вайн маттахь ма хаззара яздо: 
яьшка, кепек, аьрша, ведар.
Долахь ц1ерш а, юкъара –политически дешнаш а оьрсийн маттахь санна яздо: 
В.В. Маяковский, Н.В. Гоголь, чемпион, экс- президент.
Вай карладаьккхи пхоьалг1ачу классехь  ц1ердашах 1амийнарг.
Кху т1ехь урок чекхйолу. 
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.

Close
Яндекс.Метрика