Ц1ердешнех лаьцна кхид1а а дуьйцур ду вай. Урокан тема: Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш».
Ц1ердешнаш хуьлу юкъара а, долахь а.
Масала:
Юкъара Долахь
юрт Шуьйта
г1ала Хьалха-Марта
лор 1умар
йо1 Малика
журнал «Стела1ад»
дийцар «Борз»
хи Терк
Хьалхарчу б1ог1амалгехь долчу ц1ердешнаша х1уманийн юкъара ц1е билгалйоккху:
юрт бохучу ц1ердашо массо а ярташ юкъалоцу, амма х1ора юьртан ц1е яккха дезча, цуьнан долахь ц1е йоккхур ю, масала: Шуьйта, Ведана, Атаг1а.
Г1ала, масала: Хьалха-Марта, Шела;
Лор, масала: 1умар, Ахьмад;
Йо1 — Малика, Хьава, Асет;
Журнал, масала «Стела1ад», «Нана»;
Дийцар: «Борз», «Доттаг1алла»;
Хи, масала: Терк.
Ша санна йолчу х1уманах къасто тиллинчу ц1арах долахь ц1ердош олу.
Долахь ц1ердешнаш – даима доккхачу элпаца яздо.
Долахь ц1ердешнаша билгалъеш хила тарло:
Адамийн ц1ерш – Мовлди, Айзан, Лайлаъ, Алихан;
Фамилеш – Сулаев, Мамакаев, Бадуев;
Яртийн ц1ерш – Мартан-Чу, Рошни-Чу, Шалажи;
Г1аланийн ц1ерш – Шела, Соьлжа-Г1ала, Москва;
Хин ц1ерш – Марта, Орга, Г1ой, 1асс;
Произведенийн ц1ерш – «Майра к1ант Сулима», « Баьпкан юьхк», «Зайнди»;
Газетийн а, журналийн а ц1ерш – «Даймохк», «Хьехархо», «Орга», «Нана»;
! Тидаме эца деза: произведенийн, газетийн, журналийн, книгийн ц1ерш кавычкаш юккъахь язйо.
Х1уманийн юкъара ц1е билгалйоккхуш долчу ц1ердашах юкъара ц1ердош олу.
Юкъара ц1ердешнаш жимачу элпаца яздо.
Вайн маттахь долахь я юкъара ду ца къасталуш, шеко кхоллалуш ц1ердешнаш ду.
Масала:
Долахь ц1ерш Юкъара ц1ерш
Куьйра — к1ентан ц1е куьйра — олхазар;
Аьрзу — к1ентан ц1е; аьрзу — олхазар;
Кхокха — йоь1ан ц1е; кхокха олхазар;
Марха — йоь1ан ц1е; марха — стиглахь лелаш йолу марха;
Седа — йоь1ан ц1е; седа — стиглахь схьакхета седа;
И тайпа ц1ердешнаш долахь я юкъара ду хаархьама вай хьовса деза уьш адамийн ц1ерш ю я яц. Т1аккха вай г1алат дийр дац уьш яздеш. Нагахь санна уьш адамийн ц1ерш елахь, доккхачу элпаца язйо, юкъара ц1ерш елахь, жимачу элпаца язйо.
Масала:
1. Стиглахь гуш цхьа а седа бацара. 2.Седа, дешна яьлча, юьрта балха яхара. 3. Къилбехьара цхьа к1айн марха гучуелира. 4.Мархина бедарш тегаран говзалла карайирзинера.
Хьалхарчу предложенехь седа боху ц1ердош – юкъара ц1ердош ду, х1унда аьлча кхузахь буьйцуш болу седа, стиглара седа бу, иза долахь ц1е яц.
Шолг1ачу предложенехь — Седа — долахь ц1е ю.
Кхоалг1ачу предложенехь марха боху ц1ердош юкъара ц1е ю, кхузахь юьйцург стиглара марха ю.
Йоьалг1ачу предложенехь — Марха долахь ц1е ю.
Х1окху урокехь юкъара а, долахь а ц1ердешнех лаьцна дийцира вай. Уьш къасто а, нийса яздан а хаа деза.
Ц1ахь юкъара а, долахь а ц1ердешнаш юккъахь долуш ялх предложени х1оттае.
Вайн урок кху т1ехь чекхъйолу.1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Бопаева Сацита Моулдыевна
Алиханова Малика Лечаевна