Нохчийн литература
ДIадолор
в кадре:
Де дика хуьлда шун! Вай дIайолор йу вешан рогIера урок.
Тахана вай дуьйцур ду нохчийн гоьваьллачу поэтан, публицистан ХатуевгIеран Iаьрбин Iабдул-Хьамидан дахарх а, кхоллараллех а лаьцна. Иштта вай йийцаре йийр йу цуьнан стихотворени «Аьрзунан илли». Iабдул-Хьамидан поэзи нохчийн литературехь йоккха меттиг дIалоцуш йу. Цуьнан стихаш тIехь даьхна дуккха а иллеш ду, уьш шовзкъе итт сов хир ду. Хатуев Iабдул-Хьамид халкъан поэт ву. Цуьнан кхоллараллин лаккхара мах хадош, 2007-чу шарахь цунна йелла «Нохчийн Республикин халкъан йаздархо» сийлахь цIе.
слайд:
“Чоица ара цаваларх,
Цатилларх холхазан куй,
Нохчи вац суна ма ала,
Хаалаш, со нохчо ву”.
слайд:
Поэт, публицист Хатуев Iабдул-Хьамид вина I952-чу шеран товбецан беттан I-чу дийнахь, Киргизехь. Мескар-Эвлахь ишколехь дешначул тIаьхьа цо чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет. Стихаш йазйан волавелла ишколехь доьшуш волуш дуьйна.Масех йукъарчу гуларийн автор ву Хатуев Iабдул-Хьамид. Цуьнан стихаш тIехь даьккхина шовзткъе итт сов илли ду.Цо йаздо хийла халонех, зерийн баланех, стогаллех, доьналлех ца йухуш , мелхо а, йахчалуш чекхйаьллачу Нохчийчоьнах лаьцна.
в кадре:
Вайна весет санна дека поэтан хIара могIанаш:
Слайд:
Со дIаваьлча йурт ма йелхаелаш,
Сан сий айъа, чурт ма хIоттаде.
Со везначо дог шайн делхаделаш,
Цавезначо дог шайн Iабаде.
в кадре: МаьIна иштта даста а мегар ду:
«Духаро билгал ца доккху стаг муьлхачу къомах ву. Иза билгалдоккху цуьнан леларо, гIиллакхаша, буьйцучу матто, ойланаша…—чаккхене
ХIинца вайна бевзар бу «Аьрзунан илли» цIе йолчу стихотворенин чулацам.
слайд:
Аьрзунан илли.
Аьрзунаш ламанийн
Кортошкахь деха.
Мел лекха ду церан сий!
Дерриге дуьне ду
Йахьйолчун меха –
Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и.
ТIеман кIур гIиттинчохь,
ХьаргIанаш хьийза…
Ма дарйе воьжначун чов!
Осала гIиллакх ду
Йийсарца къийсар –
Аьрзунехь куралла тов!
Велало, векхало,
Мел хала хиларх,
Даима Iалашде ахь,
Лам тIера ло санна,
Дайн цIена гIиллакх,
Кхерчара цIе санна – йахь!
Маьрша стаг кхоьллина
Дуьнен тIехь ваха.
Беза бу адаман мах.
Деза ду лаьтта тIехь
Муьлхха а дахар.
Къонахе, и ларде, бах.
КIорнина чов хилла,
Аьрзу дIатийна,
Шеллуш ду кхихкина цIий.
Хилий вай массаьрца
Дог – мерза, ийна!
Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и.
Велало, векхало,
Мел хала хиларх.
Даима Iалашде ахь,
Лам тIера ло санна,
Дайн цIена гIиллакх,
Кхерчара цIе санна – йахь!
в кадре: «Аьрзунан илли» стихотворенехь авторо вайна довзуьйту лаьмнийн гIиллакх а, цуьнан дозалла а. Аьрзунийн сий лакхара хилар билгалдо , йахь йолчун мах дерриге а дуьненца бусту, тIехIоьттинчу халоне ца хьожуш дайн цIена гIиллакх , йахь ларйан дезаш хилар довзуьйту. И тIечIагIдо хIокху могIанаша.
Слайд:
Велало, векхало,
Мел хала хиларх.
Даима Iалашде ахь,
Лам тIера ло санна,
Дайн цIена гIиллакх,
Кхерчара цIе санна – йахь!
в кадре: Кхин дIа вайна адамаш вовшашца муха даха деза а, хIора а дуьнентIехь ваха кхоьллинчу стеган мах беза хилар а, муьлхха а дахар лардан дезаш хилар а хаало вайна хIокху могIанашкахь:
Слайд:
Маьрша стаг кхоьллина
ДуьнентIехь ваха.
Беза бу адаман мах.
Деза ду лаьтта тIехь
Муьлхха а дахар.
Къонахе, и ларде, бах.
в кадре:
Массаьрца а, адамца а, Iаламца а дог-мерза , къинхетаме, ийна хила бохуш кхойкху вайга поэт.
Слайд:
КIорнина чов хилла,
Аьрзу дIатийна,
Шеллуш ду кхихкина цIий.
Хилий вай массаьрца
Дог -мерза, ийна!
Вайн лаьмнийн гIиллакх ду и.
-Маса маьIнийн дакъа ду хIокху стихотворенехь шун хьесапехь?
МаьIнийн дакъа шиъ ду.
— Маса строфа йу стихотворенин?
Стихотворени пхеа строфах лаьтташ йу.
в кадре: ХIара стихотворени вастечу куьце йалийна, говза балийначу исбаьхьаллин суртхIотторан гIирсаша.
слайд: Дустарша:
Лам тIера ло санна.
Кхерчара цIе санна.
Эпитеташа:
Лаьмнийн гIиллакх, цIена гIиллакх, кхихкина цIий.
ХIара стихотворени кхечу стихотворенех къастош дерг ду ————
Дешнаш тIехь болх.
Аьрзу – орел
ХьаргIа – галка
Йийсар – пленник
в кадре: Хатуев Iабдул-Хьамида нохчийн литературехь Iаламат мехала болх бина. Цуьнан стихашна тIехь даьхначу иллеш тIехь кхиъна тIекхуьуш долу къона чкъор. Билгалдаккха оьшу Хатуев онда лаам болуш стаг хилла хилар, шен дахарехь хала мур тIебеъча а, шена нийса хетачунна тIера ца велира иза, ца хийцира шен дуьнене хьежам а.
Тахана вайна девзи Хатуев Iабдул-Хьамидан дахар а, кхолларалла а. Йийцаре йина цуьнан поэзи а. Хатуевс шен «Аьрзунан илли» стихотворенехь билгалдоккху маьршачу адаман мах беза хилар а, йахь йолчу стеган меха дерриге дуьне а ду, боху поэта. Вайн дайн гIиллакхаш а, йахь а, сий а лардеш хила веза стаг.
слайд: Адаман дикаллин лардан цхьа тIулг – иза йахь ю!
Дала Iилманехь совдохийла шу!
Iодика йойла шун, марша Iойла!