5 класс Урок№20 Саракаев Хьамзат « Баьпкан чкъуьйриг»

5 класс

 Урок  хIоттийнарг :  Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу  йуккъерачу  ишколан  нохчийн  меттан а ,  литературин а хьехархо.

Урокан цIе: Саракаев Хьамзат  « Баьпкан чкъуьйриг»

 кадре: -Де дика хуьлда шун , хьоме бераш!

ХIокху урокехь вай дуьйцур ду  Саракаев Хьамзатан дахарх а , кхоллараллах а , цуьнан «Баьпкан чкъуьйриг» цIе йолчу дийцарх  дийцарх а  лаьцна.

      Саракаев Хьамзат вина I927-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь. Бехк боцуш нохчийн халкъ шен  махкахдаьккхинчу хенахь цо дешна Чимкентехь йуккъерчу ишколехь, цул тIаьхьа- Чарджоухь хIордан а, хинан а транспортан техникумехь. Вайнах шайн махка цIабирзинчул тIаьхьа чекхйаьккхина хьехархойн институт.

Слайд (фото Саракаева Хь.)

      Исбаьхьаллин литературехь гIулчаш йаха волавелла шен шийтта шо долуш, цуьнан дуьххьарлера стихотворении зорба тоьхна I939-чу шарахь.

       Саракаев Хьамзатана исбаьхьаллин литература йезаялийтинарш бу нохчийн гIарабевла йаздархой Мамакаев Мохьмад, Ошаев Халид, Музаев Нурдин. Ценна  дика девза берийн дахар а, церан амалш а.

      Цуьнан йерриг бохург санна произведенеш берашна лерина йу. Цо йазйина «Дуьххьарлера хьуьнар», «Шира гIап», «Эдалхан некъаш», «Эдалхан доттагIий», «Малхана тIаьхьа», «Толамах тешарца» цIерш йолу произведенеш.

     Дукхахйолу произведенеш – дийцарш, повесташ – коьртачу турпалхочун Эдалхан дагалецамш бу. И тайпа бераш I940-чу шерашкахь дукха хилла йаздархочун бералла дIайаханчу Веданахь. Оцу берийн амалш а, гIиллакхаш а ду йаздархочо Эдалхан вастехь гайтинарш. Йаздархочо шен турпалхой кхиарехь, оьздангаллин керлачу анайисташка бийларехь гойту.

       Хьомечу махке безам кхолларан а, цу чохь дехачу къаьмнашна йуккъехь доттагIалла чIагIдаран а ойланаш йу Саракаев Хьамзата шен произведенешкахь кхайкхош йерш.

в кадре: —  «Баьпкан чкъуьйриг» берашна лерина Саракаев Хьамзата йаздинчу дийцарех цхьаъ ду. Мацалла а, хало а дика йевзаш волчу йаздархочунна герга йу хIокху дийцаран тема. Генарчу гIамарийн махкахь, цкъа хьалха Чимкентахь, йуха Чарджоухь гина, лайна цо и халонаш шен халкъаца. Цундела доглазарца хьоьжу иза вай тахана кхоамза, къацахетарца хIаллакдечу йалтане.

   Боккха бац дийцаран чулацам, шиъ бен турпалхо а вац цуьнан: (Адам а ,   цуьнан да а.)

     слайд:  Дагахь хIума доцчу кIантера йаьлла ледарло, аьлча а акхаралла, ларамазалла дагах кхета дена. Баьпкан чкъуьйригах буьрка а тарйина, и ловзош волу кIант шен оьгIазе хьажарца сацаво цо. Дена хаьара оцу баьпкан мах, цунна хала дара кIанта лелошдерг ган.

   Дика кхеташ вац кIант, да шена оьгIаз хIунда вахана, ша оццул самукъанечу ловзарх йукъах хIунда ваьккхина.

     Жимчохь дуьйна лаьттаца къахьоьгуш, хьанал болх беш схьавеана стаг ву иза, цунна тоьшалла до цуьнан куьйгаш тIехь долчу моьнаша а, шен кIанта кхоамза когашца бепиг дIасакхийсар оццул чIогIа цуьнан дагах хьакхадаларо а.

       И бепиг мел хала кхиош ду, мел къахьега деза и нехан стоьла тIе кхачийтархьама шена дика хуу дела, шен кIант а цунах кхето гIерта иза.

Слайд

-ХIара хIун йу хаьий хьуна? — хаьттира цо, шен карара баьпкан чкъуьйриг кIантана дIа а  гойтуш.

-Чкъуьйриг …бепиг. Баьпкан чкъуьйриг йу-кх.

-Баьпкан чкъуьйриг…Ткъа хаьий хьуна, хIара баьпкан чкъуьйриг хьуна а, хьо санна болчу эзаргашна кхечарна а, хьан ло а , хIара муха йоккху а ?…

   в кадре:   Баьпкан цуьрг бен дацахь а, цуьнан хама бан беза, пусар дан деза. Цуьнан дина ца Iаш, и йалта кхиош волчун а дан деза сий. Шена хуучу масалшца кIант оцу бакъдолчух тешо гIерта иза, цуьнан даг чохь къинхетаме зIийдигаш йогIа лаам болуш.

Слайд

-ДагайогIий хьуна «Адамашший, акхарой» цIе йолу кинофильм?

-ЙогIу жоп делира Адама,  шен хьаж тIе даьлла хьацар, кучан пхьош хьаькхна дIа а доккхуш.

-Ткъа дагадогIий хьуна, мацалла йалла йоллуш  хилла зуда вайн лейтенанта йелла хIоккхул бен йоцу баьпкан йуьхк бахьана долуш кIелхьарайалар.

в кадре: Цкъа цIийлуш, тIаккха кIайлуш, берриг букъ хьацаро башийна лаьтта кIант ша диначунна дохковаьлла.

Слайд

-Иштта ду, сан кIант, гIуллакх. Мегар дац адамо ша оццул къа а хьоьгуш кхиийначу хIокху беркатан пусар ца дан. Аса бохучух кхийтин хьо?

-Кхийти, дада , аса кхин дийр дац ишттаниг, — элира Адама, доккха са а доккхуш.

в кадре:  И бакъдерш шена хууш хиллехь йа цуьнан ойла йина хиллехь-м, и тайпа хIума шегара ца далийта хьожур  хир вара  Адам.

ХIинца хаьа цунна, оццул къа а  хьоьгуш кхиочу оцу беркатечу йалтин пусар муха дан деза.

-Хьоме бераш, тахана вайна девзи Саракаев Хьамзатан  дахар  а, кхолларалла  а.  Дийцаре ди цуьнан  тоьллачу дийцарех цхьа дийцар.

Дала хьайна луш долу рицкъ кхоаде, тIалам бе, цуьнан пусар де, боху йаздархочо шен дийцарца.

Дийцаран йуьххьехь вийцинчу кIантах тера нах вайна йуккъехь хIинца а болу дела, тахана а мехала ду хIара дийцар, йаздархочо шена тIехь айъинчу чолхечу гIуллакхца.

Теша лаьа, дешначу дийцаро шун дегнашкара синпхенаш меттах даьхна а, шу къинхетаме хирг хиларх а,  кхул тIаьхьа дуьйна йалтин пусар аша дийриг хиларх а.

Дешнаш тIехь болх .

Берчаш-куьйга йакога тIера декъа ахкаргаш

Пусар – сийдар, ларар.

Тахта – дечигах бина маьнга.

Пайда эцна литература:

I. Нохчийн литература .5 класс. С.Э.Эдилов-Соьлжа-ГIала , АО «ИПК « Грозненский рабочий» , 20I8

ЦIахь бан болх.

I.Текст дIайеша

2.Дийцаран чулацамна догIу суьрташ дахка.

3.ХIунда дан деза бепиган сий, дийца.

Тренажер

I.Саракаев Хьамзат маца вина?

А)I927;              2.I930ш.    

3.I9I0ш.            4.I949ш.

2.Маца зорба тоьхна цуьнан дуьххьарлера стихотворени?

А)I970 ш.                     б) I979ш.        

 в) I939 ш                  г) I985ш. 

3) Стенах самукъадаьлла ловзуш вара Адам?

А)  тайнигех ; Б) футболах

В) лечкъаргах, г)  тIаьхьа уьдуш.

4.Буьрканан метта ловзош йерг хIун йара цо?

А)  баьпкан чкъуьйриг;              б) тIулг;

 В)бамба;                                     в)картол

5.Дас   муха тIеийцира цо лелош дерг?

А)   хазахетарца;           в)воккхаверца

Б)   ОьгIазе;                 7)дозаллица.

Урок  хIоттийнарг :  Абуева Таиса Ильмадиевна, Соьлжа-ГIаларчу №56 йолчу  йуккъерчу  ишколан  нохчийн  меттан а ,  литературин а хьехархо.

Close
Яндекс.Метрика