5 класс Урок№4 Барзо Iахарца мохк къовсар

Нохчийн мотт «Urok95.ru» (Чемирзаева Я.А., 5 класс).

Де дика хуьлда шун!

-Вай дIахьур йу вешан рогIера урок. Дийцаре дийр ду «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолу туьйра.

.

-Тахана вай Iамор ду дийнатех лаьцна туьйра. Хууш ма-хиллара, дийнатех лаьцначу туьйранашкахь адамаш ца хуьлу. Церан метта, адаман мотт а буьйцуш, цуьнан амалш йолу акхарой, дийнаташ хуьлу. Дийнатех дуьйцуш долчу туьйранаша гойту адамийн цхьаццадолу аматаш а, кхачамбацарш.

-Халкъо говза кхоьллина и туьйранаш. Дийнатийн, акхаройн васташца адамийн дика а, ледара а амалш билгалйахарца цхьаьна гучудоккху адамийн волла а, дикалла а, бакъо а, харцо а, дикачо вониг эшор а.

-Йуьхьанцарчу классашкахь а Iамийна дийнатех лаьцна туьйранаш. ТIаккха шуна хаа декхар ду акхаройн а, дийнатийн васташ цхьана кепара достуш хилар халкъан туьйранашкахь.

Слайд (сарташ)

-Масала, цхьогал мекара, борз сутара а, къиза а, ча партал, Iахар гIийла а, эсала а.

-«Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу  туьйранан цхьа кийсак  толлур ю вай, цкъа хьалха йеша а йешна.  

Слайд

Цхьана пана махкахь, шира кIотар лаьттинчу меттехь, жа дажош лелачу жаIуьнан, ца хууш, кулла уллехь бехкинчу жийн Iахар бисина хилла. Ша хьагбелча, шийлачу шовдана тIе боьдий, хи а молуш, буьйса йоьлча, шовдана уллорчу цхьана куллах булий, охьа а буьжуш, хаза кхиъна Iахар. Цу кепара жах а хаьдда дисина цхьа жIаьла а хилла Iахарна генадоцуш Iаш.

Иштта Iахар хан-зама йоккхуш Iаш, лелаш, цхьа борз тIекхаьчна цунна.

Слайд
Мацалла дар а йелла лелачу барзо, Iахар баъа дог хилла, дов хьедина цуьнга:
 — ХIара хьо бежаш, ахь буц йуъуш болу мохк сан дех  бисина, сан мохк бу, дIабала беза хьо кху сан махкара!
  -ХIан-хIа, борз, бакъ ца лоь хьо. Хьан бац хIара, сан ден хилла мохк бу хIара. Кху махка тIехь бан а бина, кхиа а кхиъна со.
— Делахь дика ду, — аьлла барзо,- хIара мохк хьайн хилар, кхана теш  ахь а валаве, хIара сайн хилар чIагIдеш, ас а валор ву. Тоьшалла бакъдолчун хир бу вайшинна хIара мохк.

Iахар цунна реза а хилла дIасакъаьстина хIара шиъ.

Хьаьдда баханчу Iахаро луларчу жен жIаьле шен бала ма-барра дIа а бийцина, шена гIоьнна дагIахьара хьо аьлла, дехар дина. ЖIаьла реза а хилла, Iахар бежаш лелачу метте деана. Цигахь, Iахарца къайлаха барт а бина. Шовдана уллорчу куллах доьлла, дIалечкъина жIаьла.

Слайд

Шек а боцуш, хьалха санна, бежаш лелаш хилла Iахар. ТIаьхьа цхьогал а хIоттийна, йеана схьакхаьчна борз.

-Валийний ахьа теш?-хаьттина барзо Iахаре.

-Хьан тешо , хIара мохк хьан бу аьлла, тоьшалла дича а, кхачам хир бу суна. ТIаккха аса дIалур бу хIара хьуна, — аьлла Iахаро.

-Делахь, дика ду. Стенах лаьцна дуй бууш дан деза тоьшалла? — хаьттина барзо.

-ХIокху куллах ког а тухуш, тоьшалла дан деза, — жоп делла Iахаро.

-Иза-м хала дац, — аьлла, тоьшалла дан тIедахана цхьогал. ХIокху куллора … — аьлла, ког а айъина, тоьшалла дан доьллачу цхьогалан кулла кIелахь, цIеран кIегий санна, бIаьргаш къерзош , схьахьежош Iуьллучу жIаьлех бIаьрг кхетта.

Парх-аьлла йуха а иккхина:

-Мехкан дас хьалха дан деза тоьшалла, — аьлла кхераделлачу цхьогало.

Реза хилла кулла тIе йаханчу барзо:

-ХIокху куллора… — аьлла, ког хьалаъойъушшехь, кулла йукъахь долчу жIаьло, тIекхетта ворта а лаьцна, ластийна, лаьттах тоьхна, букъ бойш, хьакхийна, йийна дIайаьккхина борз.

Дедда, гена а даьлла, йуха а дирзина, мохь тоьхна, аьлла цхьогало:

-ХIара долалушшехь хаьара суна, тоьшалла мехкан дех гIур дуйла. БIаьргаш а, цIога а гуш, харц тоьшалла дара иза.

 
-ХIунда хилла Iахар ша бисина пана махкахь?

-Муха бехаш хилла Iахар?

-ХIун хилла Iахарна гена доцуш дехаш?

Слайд

ЖаIуьна ца хууш, кулла уллохь бехкинчу жийн Iахар бисна хилла.

Хьагбелча шийла шовда молуш, буьйсанна куллах булий охьабуьжуш, хаза кхиъна Iахар.

Iахар санна дисина жен жIаьла хилла Iахарна гена доцуш дехаш.



-ХIун Iоттайелла Iахарна тIе?

-ХIунда долийна барзо Iахарца дов?

 -ХIун аьлла цо Iахаре?

Слайд

Iахарна тIе борз Iоттайелла.
Барзо Iахарца дов долийна, ша меца йолу дела, Iахар баъа хазделла.
Iахар бехаш болу мохк, шен бу, цу тIера дIабала безарг хилар хаийтина.


-Муха жоп ло Iахаро?

-ХIун барт хуьлу цу шиннан?

— Мила кхойкху Iахаро шена теш?

Слайд

Iахаро мохк шен хилар, ша кху махкахь бина кхиъна хилар хоуьйту.
Цу шиннан барт хуьлу дуй баъар, мохк шен хилар чIагIдар.
Iахаро шена теш жен жIаьла кхойкху.


-Мила кхойкху барзо?
-Муха хIилла до Iахаро барзана?

-Iахаран амалан муьлха аматаш гучудовлу вайна?

Слайд

-Барзо цхьогал кхойкху.

 -Iахаро жIаьла куллах дIалачкъадо.
-Iахар хьекъал, кхетам болуш бу.


-Цунна го жIаьла. Цунах кхералой цхьогало дуй барзо баъа безар хоуьйту.
Куллана дуй баъа борз тIекхевдича, жIаьло борз йоь.

-Халкъан лаам кхочушбо Iахаро туьйранехь — харцо эшор, бакъо толор.


-Iамийнарг тIечIагIдеш хIокху текстана план хIоттор йу вай.

-Нийса жоп иштта хир ду:

Слайд

План
I. Iахар пана арахь бисар, цуьнан Iер-дахар.
2. Барзо Iахаре дов хьедар.
3. Iахаро жIаьла теш лацар.
4. Цхьогало тоьшалла дар.
5. Цхьогало барзана тешнабехк бар.
6. Харц тоьшалла чекхцадалар.
7. Туьйранан маьIна.


-Дийнатех лаьцна долчу хIокху туьйранахь гойту дикачо вочунна тIехь толам баккхар, бакъдерг хьалха а долий, харцо цо эшор. Борз ницкъ болуш а, дера йелахь а, амма сонта йу, Iахар гIийла белахь а, бакъ бу, цундела цо оцу къовсамехь ондачу барзана тIехь толам боккху.

-Адамийн дахарехь а хуьлу туьйранахь дийцинчух тера долу гIуллакхаш. —ХIокху туьйранан чулацамца халкъо йемалйо харцо, мекаралла, тешнабехк, ткъа иштта цо гойту дикачо вониг а, харцдерг а эшош хилар, бакъдерг толар. -Оцу ирачу къовсамехь Iахар барзал тоьлу, хIунда аьлча, Iахаран гIуллакх нийсонца а, бакъонца а хиларна. И ду хIокху туьйранан маьIна.

-Цу тIехь чекхйолу вайн рогIера урок. Харцонах, йамартлонах Дала лардойла вай. Диканехь совдийла пурба лойла Цо вайна.

 
Iодика йойла шун, марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика