5 класс Урок№3 Туьйра «Кхо ваша а, саьрмик а».

Нохчийн мотт «Urok 95.ru»  (Чемирзаева Я.С., 5 класс).

Урокан цIе: Туьйра «Кхо  ваша  а,  саьрмик  а».

— Де дика хуьлда шун!

-ХIинца вай дIахьур йу рогIера нохчийн литературин урок.

-ДIайаханчу урокашкахь  девзира вайна нохчийн халкъан туьйранаш.

 -Дийцира туьйранашкахь адаман ницкъах, дийнатийн амалех лаьцна.

-Тахана вайна девзар ду «Кхо ваша а, саьрмик»   цIе йолу туьйра.

-Кху  туьйранехь  кхозлагIа  ваша,  уггаре  жимах  волу   ваша  турпалхо  ву.  -Иза  шен  воккхахволчу  шина  вешел  а  хьекъале  а,   говза  а, хьуьнаре  а  ву.

-Цо  халчу  хьелашкахь, массанхьа  а  толам  боккху, иза  кхералур воцу, халчух къаьхкаш воцу халкъан  майра  турпалхо  ву.

Слайд (чулацам)

Дас  кIантана вониг эра дац.

Цхьана ден кхо кIант хилла. Дас, ша валале, весет дина хилла кIенташка:

ХIокху вайн махка тIера дIабоьдуш кхо некъ бу шуна. Царах ширчу новкъа ма гIолаш, — аьлла.

Мацца а цкъа, хан йаьлча, шайн Да веллачул тIаьхьа, араваьлла дIавоьдуш, цу ширчу некъа тIе кхаьчна кIентех уггар воккханиг.

Вахана хьожур ма ву со, хIокху некъатIехь хIун ду, — аьлла, дIавоьдуш хилла xlapa, новкъа а хIоьттина. Дуьхьалбаьллачу саьрмико хаьттина кIанте:

Ахьа хIун до, кIант, хьо стенга воьду?-аьлла.

Со-м цхьанхьа а ца воьду. Тхан Дас, ша валале, весет динера, хIокху новкъа ма гIолаш, аьлла. Иза хIунда аьлла хилла-те цо, бохуш, хьажа веънера со-м, — аьлла кIанта.

Хьайн Дас бохучух а ца тешаш, веъна хьо?! Аса гойтур ду хьуна кхузахь дерг-м: илли олуш, хьо сол ца толахь, аса бийр бу хьан болх. Хаьий хьуна илли ала? — аьлла, хаьттина саьрмико.

 КIанта, ца хаьа шена илли ала аьлча, кхаьллина саьрмико и кIант.

ТIаккха цуьнан шолгIа волу ваша вахана оцу ширчу новкъа, цигахь хIун ду хьожур ма ву ша, аьлла.

Цуьнга а, илли ала хаьий хьуна, аьлла, хаьттина саьрмико. Ца хаьа шена аьлча, кхаьллина цо иза а.

Шен вежарий цIа бахка хьебелча, кхоалгIаниг, уггар жиманиг вахана царна тIаьхьа. Воьдуш, xlapa а саьрмик болчу кхаьчна, вукхаьрга санна, хIокху кIанте а дIахьедина: Илли аьлла йа туьйра дийцина, хьо шел ца толахь, ша бийр бу хьан болх, — аьлла.

Дика ду. Ша туьйра дуьйцур ду хьуна, — аьлла кIанта. — Бакъду, вовшашна йукъагIертар дац вай, дуьйцург чекхваллалц, дийца вуьтур ву вай. Нагахь йукъагIортахь, иза эшна ву вайх. Ткъа со толахь, сан  ши ваша схьалур ву ахьа, — аьлла кIанта. Цу тIехь барт а хилла, кIант дийца волавелла:

Стохка Iай хIордана бинчу ша тIехь говрийн рема йажош вара со. Кхано бецах йуьзначу говрийн хи мала дезаш хилла, диг деттарх дагарца и исс аьрша стомма ша боха а ца белла, дагарх цIе йиллира аса, ша башо. ЦIе а летта, сан диг, шах Iуьрг а доккхуш, хи чу дахара, дага тIехь а йуьсуш.

ДIа-схьа хьажарх, хи схьаэца хIума а ца хилла, катоьхна сайн коьртан туьта схьа а йаьккхина, хи малийра аса говрашна. Суьйранна, шелйала йоьлча, сихха сайн рема а лаьллина, стигала хьала, мархаш тIе буьйса йаккха вахара со.

Кхано хьаьжча, сан коьртан туьта йан а йац-кх коьрта тIехь. Ой, xlapa хIун ду? — аьлла, ведда йуха а вахана, дIахьаьжча, сан коьртан туьтана чохь, шена бен а бина, чухиина Iаш лекъ дара. ДIа катоьхна и лекъ схьа а лаьцна, сайн коьртан туьта тIе а тиллина, тIехиира со лекъана. Вадийна валийна, охьавиллира со лекъо, сайн ремина йуххе, мархаш тIе. Тоьхна и лекъ ден а дийна, цIе а латийна, ворхI бIе дакъа а дина, со лекъан жижиг цIартIехь доттуш воллуш, вайн цхьа декъах, даьтта схьаэха доладелира. Цу даьттанан хьожа кхетта, беана хьо бара бухахь гуш, даьтта бага нисдан гIерташ, хьалакхийсалуш.

Мичахь бара?! Мичахь бара со?! — аьлла, саьрмик хьалаиккхира, тохара шаьш бина барт а бицбелла.

Вахь-вахь-вахь! — аьлла, велар а оьккхуьйтуш, — хьо ийши, хьо ийши! Ахьа вайша хьалххе бина барт бохий! Схьало сан вежарий! — элира кIанта.

Маттана говза а хилла, шен Дас бохург ца дина, шен ши ваша а валош, цIа веъна жимахволу ваша. Шен вежаршка бехк а баьккхина цо:

Иштта хуьлу шуна, Дас бохург ца дича! — аьлла. Цул тIаьхьа кхин ца бахана уьш оцу ширчу новкъа.

-Шуна муха хета жимах волчу вашас шен Ден весет кхочушдаран хIун бахьана ду?

-Цуьнан амалх лаьцна хIун эра дара аша?

Шел воккхачу шина вешина хIун совгIаташ дира жимах волчу вашас?

Цу шиммо муха тIеийцира жимачу вашас динарг?

Шуна  хетарехь, хIун маьIна ду хIокху туьйранан?

-ДIадолор ду «Дас кIантана вониг эра дац» кицана тIера. Дас, нанас аьлларг, динарг цкъа а йуьхьIаьржа хIуттур вац. Дахарехь нисло аьллар тIера ваьлла доьзалхо.

-Амма дуьненчохь цкъа а ца оьцу цо ирс.  Хьекъал долчуьнгахь бу толам. И цкъа а вер вац харц новкъа. Дас бохучун тIера ца волуш схьавогIу жимахверг.

-Шен ден весет кхочушдо жимахволчу кIанта. Шен леларца а, хьекъал ира хиларца а билгалволу иза.

-Цундела цуьнан аьтто болу саьрмак эшо а, шен вежарий кIелхьара баха а. Лаа олуш ма ца хилла вай дайша «баккхийчара аьлларг дай, дума таса».

— Барт а болуш, хаза нахана дош а хеташ, диканиг бен ца деш, бехха бехира вежарий.

ТIехь цIа долчу вордан тIехь почта (кехаташ) дIасакхоьхуш хилла ширачу  заманахь. Иштта хьал долу нах дIасабоьлхуш а хилла цу тайпа кечйинчу ворданахь. Цундела вайн барта кхоллараллехь цу ворданан пошта аьлла цIе дIаяхна.

Слайд

Дешнаш тIехь болх

Пха–секха-Iодаца кхуссу чIу

Iарш-лакхаметтера стигал

Гила-дика дин

ГIаларт-кхоьлехь, бодашкахь гучу хIуманан гIадсурт

Той-даар-маларца долу доккха ловзар

Бере-говрахь вогIург

Дин-тIехуу говр

Башлам – Казбек-лам

Бог хIоттош-кхузахь, никъ ма-ббу

Чож — пханарш кIелара кIеда меттиг

Аьрша – хIинцалерчу метаре ца кхочу йустаран барам.

Расха-говран цIехо-можа бос

Сов цIа-хьешашна лерина цIа

Пошта – тIехь цIа долу гIудалкх

Слайд

Троп-иза нийсачу йа тардинчу маьIнехь долу дош йа къамелан алар ду (ира хьекъал, чIогIа амал).

Къамелехь адамийн синхаам кIарг а беш, хIума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучух эпитет олу (гIийла ойланаш, шийла ойла)

Дустар-иза ши хIума вовшашца йустарца кхоьллина васте алар ду.

Метафора, желтойн (греки) маттара гочдина, тIедахьар бохург ду.

Туьйра – инзаре а, тамашийна а хиламийн хьокъехь халкъо хаздина кхоьллина дийцар ду

— Муьлхха а туьйра  берийн хаарш алсамдохуш, кхетам кIаргбеш хуьлу.

-Кхечу къаьмнийн санна, нохчийн а бу шайн турпалхой а, цхьа башха халкъан барта кхолларалла а.

-Дика-вон къасто а хууш, оьздангаллин гурах ца бовлуш а, дахаран нийса некъ бовза декхарийлахь бу кегийрхой.

-Туьйранахь санна дикалло толам боккхуш, харцо оьшуш ирсе хуьлийла шун дахар!

Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Хаттарш  а,  тIедахкарш  а.


I. «Тамашина олхазар» цIе йолчу туьйранехь инзаре-тамашийна маса хилам хилла?
а) 4
б) 5
в) 6


2. Оцу туьйранехь олхазаро хIунда ца дора эланий, цуьнан оьзданашний адам цамгарх тодеш а, къондеш а долу Iежаш?
а) Эло нах хьийзабо дела
б) Эла дика стаг волу дела
в) шена ца лаьа дела


3. «Кхо ваша» цIе йолчу туьйранех дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) туьхан тIулгах дай чурт догIа 
б) шен чурт ларде
в) шен чурт долчехь буьйсанаш яха 


4. «Барзо Iахарца мохк къовсар» цIе йолчу туьйранехь, борззий, Iаххарий цхьана меттехь муха нисделла хилла?
а) тилла дела лелаш
б) сакъоьруш лелаш
в) борз лоьхуш лелаш


5. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолчу туьйранехь дас ша валале шен кхаа кIанте хIун аьлла весет дина?
а) ширачу новкъа ма гIо аьлла
б) ширачу новкъахь хIун ду хьажа аьлла
в) ширачу новкъа гIо аьлла


6. «Кхо ваша а, саьрмик а» цIе йолу туьйра дIадолалуш муха ду?
а) «Дас кIантана вониг эр дац…» 
б) «…Цхьана ден кхо кIант хила…»
в) «…Дас ша валале, весет дина хилла кIенташка…»


7. «Доьшуш хила кIант» цIе йолчу туьйранехь кIанта шена гина гIан ца дийцар хIун бахьана хила?
а) «Далий, маликаший диканиг Дойла» ца алар 
б) КIантана ца лаар
в) Моллина ца лаар


8. Оцу туьйранехь шина гIалоро кIантана хIун дина?
а) вийна
б) дIахецна
в) хьуьнахь кхаьбна


9. Оцу туьйранехь паччахьан хIиллане хаттаршна жоьпаш муха делла хьекъал долчу кIанта?
а) нийса дела 
б) нийса ца делла
в) дала а ца дела


I0. Туьйранехь хIиллане хаттаршна жоьпаш деллачу хьекъал долчу кIантана хIун бахам белира паччахьа?
а) кхоъ ах пачхьалкх
б) ворхI пачхьалкх
в) кхоъ ах пачхьалкх, шен йоI

Close
Яндекс.Метрика