5 класс Урок -2
Урокан цIе: Халкъан барта кхолларалла.
Маршалла ду шуьга!
Генарчу ширачу заманахь дуьйна, кIорггера маьIна а долуш, тайп-тайпана чулацам а болуш, вайн халкъо кхоьллинчу исбаьхьчу хазнах, барта кхоллараллах лаьцна дуьйцур ду вай тахана.
Слайд:
Халкъан барта кхолларалла — устное народное творчество.
Халкъан барта произведенеш йу, билглволчу цхьана стеган цIарах йевзаш йоцуш, халкъо кхоьллина.
Маца, муха кхоллайелла аьлла хета шуна барта кхолларалла?
Иза халкъо кхоьллина, барта йийцарца нахана йукъахь лелаш йолу произведенеш йу уьш.
Йоза а, йозанан литература а кхиале дуккха а хьалха кхоьллина йу барта произведенеш. Дахарехь хилларг йа хила тарлушдерг, адамо лайнарг, йеххачу хенахь зеделларг ду халкъан барта кхоллараллехь.
Слайд:
Тайп-тайпана а, дуккха а жанрашкахь йу нохчийн къоман барта произведенеш: туьйранаш, иллеш, эшарш, тидамаш, кицанаш, хIетал-металш, наьрт-аьрстхойх долу дийцарш.
Ширачу заманахь уьш барта кхуллуш хилла халкъана йукъара схьабевллачу дешан говзанчаша. Йоза цахиларе терра, цхьана стагера, кхечуьнга а йовлий, хIораммо шеггара хийца а хуьйцуш, тIетохарца хаз а йеш, тIаьхьене йовлуш хилла. Заманца уьш, тIеттIа кIарглуш, хазлуш, ирлуш, исбаьхьа кепе йоьрзуш хилла. Халкъан барта кхолларалло гойту халкъан дахар, адамийн сатийсамаш, ойланаш. Цо гойту халкъан ницкъ а, хьекъал а, дахарехь зеделларг а. Барта произведенешкахь билгалбовлу халкъан лаамаш, цуьнан гIайгIанаш, баланаш, хазахетарш, цо лайна вон а, дика а.
Слайд:
Халкъан барта кхоллараллех — фольклор олу.
Ингалсан маттахь, «халкъан хьекъал» — бохург ду иза.
— ХIинцалерчу заманахь а кхуллу халкъо барта произведенеш: керла туьйранаш, иллеш, эшарш, кицанаш, хIетал — металш. Уьш, коьртачу декъана, керлачу дахарх хуьлу, адамийн амалех, гIиллакхех, къаьмнийн доттагIаллех.
Халкъан барта кхолларалла дика йовзаро, иза Iамайаро гIо дийр ду шен халкъ а, цуьнан гIиллакхаш а, амалш а йуххера йовзарехь.
— Фольклорехь йоккха меттиг дIалоцу туьйранаша. Адамийн дахарера, гонахарчу Iаламера тайп-тайпана хIуманаш дуьйцуш а, адамийн дахарера хьелаш гойтуш а, акхаройх, хьайбанех, олхазарех лаьцна а хуьлу туьйранаш.
Ишттачех цхьа туьйра довзуьйтур ду вай хIинца шуна.
Цуьнан цIе йу « Тамашийна олхазар».
Туьйранан дIадолор ду массо а туьйранашкахь санна.
Инзаре — тамашена туьйранан кепаш йу цуьнан чулацамехь.
Хьовсур ду вай туьйранан хиламашка:
Слайд:
Вехаш вара воккха стаг. Ша санна къена хIусамнана а йара цуьнан. Тайна бертахь дехаш дара и шиъ. Воккхачу стага денна гихь дечиг кхоьхьура, ткъа йоккхачу стага, лулахошна и дIа а духкий, цунах шайна йуург латтайора.
Цкъа цхьана дийнахь, белша тIе биллина дечиган мор а бохьуш хьуьнхара цIа вогIуш, воккхачу стагана ког бойна новкъахь Iуьллуш карийра жима цIен олхазаран кIорни. Цунах къа а хетта, схьаэцна чета а йиллина, цIа йеара цо и. Баккхийчу наха гIайгIабар бахьана долуш кIорни кестта тойелира, хьалакхиъна, хаза олхазар хилира цунах, жимачу дегIахь а долуш.Баккхийчу нахана дукхадезара и. Денна шишша хIоъа дора цо, шина гIайби чу йохккал кIеда месаш а лора шарахь.
— Туьйранан дIадолор къен, миска Iаш долчу, воккхачу а, йоккхачу а стагах лаьцна, церан Iер-дахар гойтуш долало.Тамашена олхазар карийча хийцало цаьршиннан дахар.
Слайд:
Цкъа цхьана дийнахь чIогIа гIайгIане чувеанчу воккхачу стага элира шен хIусамнене:
— Дера зуда, ницкъ дIа ма баьлла сан, могуш вац со. Ломан басахь йолчу хьуьнхахь ду ах цIен а, ах можа а долуш Iежаш. Царах цхьа-ши Iаж белахьара, уьш биъча, толур вара со, дегIе ницкъ а богIур бара. Амма и гIуллакх дан ницкъ кхочур бац.
— ХIаъ, кхочур бац цу гIуллакхна вайн ницкъ, аьлла, доккха са а даьккхина, майрачо аьлларг чIагIдира зудчо.
Цу хенахь, цара дуьйцург хезаш, царна гена доццуш уьйтIахь буьртигаш лехьощ лелаш дара жима цIен олхазар.
ШолгIачу дийнахь хIоъаш схьаэца яханчу йоккхачу стагана бен чохь Iуьллуш ши Iаж гира. Цецйелира иза цу гIуллакхах. Ши Iаж бохьуш чу а йеана, уьш майрачунна дIа а гайтина:
— Ва, сан воккханиг, вайн цIечу олхазаро хIоъийн метта, ахьа бийцинчех тера а болуш, ши Iаж ма бина. ХIан, хIорш ду хьуна уьш, хьажал хьайна кхаьрга, аьлла, хIусамдега дIабелира цо и ши Iаж.
Цецвелира воккха стаг. Iежаш буйна а доьхкина, велавелира иза.
— Вайн олхазар, адамашна санна мотт хууш хиллачух тера ду гIуллакх. Тамашийна, дика олхазар ду и.
— КхидIа вайна туьйранан хиламашка ладоьгIча, кест- кеста далош долу терахь муьлха ду аьлла хета шуна?
Оьрсийн, кхечу къаьмнийн туьйранашкахь даима бохург санна, далош терахь кхоъ хуьлу . Ткъа хIокху туьйранахь далош долу терахь шиъ ду. « доккха ши стаг», «шишша хIоъа», «шина гIайби чу йохккал месаш…», иштта «ши Iаж».
Воккхачу стага Iежаш диъира, иза дегIе ницкъ а беана, лазарх товелира. Олхазар а хьалхачул дукха а дезаш, дIаоьхура зама.
Массанхьа а дIахезира тамашийна олхазарх лаьцна. Шайн-шайна дохка бохурш а бевлира, амма доккхачу шина стага аьттехьа ца дуьтура.
Махкана тIевиллинчу цхьана элана а хезира и . Цо шен оьзданаш бахийтира.
Слайд:
— Нуьцкъала схьа а даккхий, олхазар схьа а да, нагахь воккхачу стага дуьхьало йеш меттиг хилахь, когах буржулш а тохий, валлалц чохь валлор волуш, набахти чу а волла и, — аьлла.
Воккхастаг дуьхьало йан ца хIоьттира. ГIайгIане, олхазар схьадан божли чу вахча, олхазаро адамийн маттахь дист а хуьлий, гIайгIане ма хила, ша кестта юхадогIур ду, шен тIомах йаьккхина мас дIайилла, олу цуьнга.
Оьзданашка олхазар дIаделира воккхачу стага.
Эла шен олхазарх воккхавеш хIора денна шишша хIоъа схьа а оьцуш Iаш хилла.
Къанвелла, букарваханчу элана, цо Iежаш дан лаьара, къон а велла, лазарх то а велла, нахехь Iазап далло. Амма олхазаро ца дора Iежаш. Эххар а, Элас ден а дийна диъна цIен олхазар. Иза диъна кхо-диъ де далале, велла иза.
Слайд:
Кхано хан-зама йаьлча, цамогуш хилла воккхачу стеган хIусамнана. Дагадеана кхарна цIен олхазар. Цунах а, Элах а хилларг хезна а, хууш а хилла кхарна. Олхазаран безамна цуьнан месашка мукъа а хьожур ша аьлла тIорказ чуьра кхо мас схьаэцна воккхачу стага. Цу хенахь цIаьххьана кхуьнан буйнара цхьа мас охьайоьжна. Оцу минотехь, и мас йолчохь, деллачуьра йуха ден а делла, дIахIоьттина кхарна дезаш хилла долу цIен олхазар. Сов чIогIа хазахетта, бIаьргех хиш девла доккхачу шина стагана.
Аьлла цаьрга олхазаро адамийн маттахь:
-Са ма гатде, сан хьоменаш, аса кхана дийр ду дарбане Iежаш, уьш диъча, йоккха стаг, лазарх то а йелла, хьалагIоттур ю.
ШолгIачу дийнахь олхазаро бина ши Iаж а биъна, лазарх тойелла, къонйелла, дегIе ницкъ беана, меттара хьалагIаьттина йоккха стаг. ХIетахь дуьйна чIогIа самукъане даха доладелла доккха ши стаг.
Иштта тамашийна а, дика а хилла церан олхазар
ХIун ду аьлла хета шуна кху туьйранахь инзаре-тамашениг? Ойла йе вай?!
ЦIечу олхазаро шишша хIоъа дар, ши Iаж бар, къанвелларг, къонвалар, адамийн маттахь олхазар дистхилар, дийча йуха дендалар.
Адамийн муьлха амалш къобалйо, муьлха сакхташ йемалдо аьлла хета шуна вай дешначу туьйранахь ?
Йемалйо: — къизалла, гIийлачунна ницкъбар, Iазап дар.
Къобалйо: — дикалла, комаьршалла, къинхетаме хилар.
Цхьадолчу, шуна ца девза аьлла хетачу дешнаш тIехь болх бийр бу вай
Слайд:
Инзаралла — волшебство
Буржалш — когийн гIоьмаш-кандалы
Оьзданаш — элан гIуллакх а деш, цунна герга болу нах.
Тахана вай дийцира нохчийн халкъан барта кхоллараллех лаьцна а, иштта довзийтира «Тамашийна олхазар» цIе йолу туьйра а, цуьнан башхаллаш а.
Iодика йойла шун, марша Iойла!