5 класс Урок№1 Книга — хьан доттаг1.

 Джамиева С.У

5класс

                                           Урок -1

Маршалла ду шуьга.

Хьалхарчу урокаца вай д1аболор  бу  нохчийн  литература  хьехаран болх . Йовзуьйтур йу нохчийн йаздархойн тоьлла исбаьхьаллин произведенеш. Тидаме йийр йу нохчийн литературан хьоста – халкъан барта кхолларалла.

Хьалхарчу урокан ц1е: Книга — хьан доттаг1.

-Дешан исбаьхьаллин суртх1отторан кепаш

-Шуна вай йовзуьйтур йу книга кхоллайаларан истори а, дешан исбаьхьаллин кепаш а.

Слайд:

Литература – иза  латинийн литера (элп) бохучу дашах кхолладелла дош ду.

Книга – иза цхьана т1аьхьено вукху т1аьхьенна дина син  весет ду.

— Книга тамашийна хилам бу. Адамо кхоьллина долу 1аламат лара мегар ду и.

— Книга хаарийн хьоста ду. Иза йоьшуш йаханчу хене йухахьовса йиш ю  вайн. Дикачу книго  г1о до  дахаран некъ харжа, лаам кхуллу дахарехь диканиг дан, вочух ларвала.

Книгех лаьцна кицанаш а, х1етал-металш а ду :

Слайд:

«Дукха йоьшург, дукха хууш хир ву»   (Кто много читает, тот много знает).

«Книга — хаарийн дуьненчу т1ай ду  »  (Книга-мост в мир знаний)

-Х1етал- метал хаийла шуна:

 Бийца мотт бац, амма дерригенах лаьцна дуьйцу? (книга)

— Книга хуьлу шен д1ах1оттам а, арайаларх болу хаамаш а болуш:

Слайд:

Переплет — книгин мужалт

Мужалт — жайнин, тептаран, книгин нег1ар

Форзац — книгин чалх цуьнан мужалтаца чухула х1уттуш долу шалха кехат

Тираж — масса книга арахецна хаийтаран барам.

Титульни аг1о — книгех лаьцна коьрта хаамаш  т1ехь болу аг1о.

Аннотаци – книгин чулацамах лаьцна боцца  хаам.

— Дукха йу исбаьхьаллин книгаш, 1аламах, дийнатех, историн хиламех, техникех, космосах  иштта адамийн 1ер-дахарх лаьцна.

 -Йаздархоша  шайн исбаьхьаллин произведенеш т1ехь шаьш кхоьллинарг йукъадалор бахьана долуш, ширачу заманахь хилларш  йа тахана хуьлург гайтина ца 1аш т1ейог1учу хенахь хила тарлург а довзуьйту.

— Оцу произведенийн  турпалхоша а,  хиламаша а вай доьлхуьйту, доьлуьйту, дезадолуьйту диканиг, хазаниг.

— Музыкех, живописах, архитектурех  литература къаьста адаман мотт буьйцуш хиларца. Дешнех йуьйцина йолу литературни произведенеша дуьненан чолхалла, хазалла , 1аламан исбаьхьа  басарш а, адамийн синойн оьздангалла а гойту.

Книгех, литературех лаьцна дуьйцуш вайна дагайог1у  йешна книгаш .

Инзаре тамашена туьйранаш, кегий долуш наноша дешна, тайп-тайпана кегий дийцарш, масане дара уьш.

 Дерриге а дуьненахь долчу эзарнаша адамаша йоьшу книгаш. Зорбанан а, электронни  а книга йеша аьтто  бу тахана.

Амма хьалхалерачу ширачу заманахь ца хилла книгаш. Дуьххьарлера книга кхийра (поппаран) хилла.

Слайд: дуьххьарлера книга

Слайд:

Дишни-Веданара меттан говзанчас Досов Къедас 1862 шарахь арахецна абат (зорбатоьхна Тифлисехь).

— Книга – иза вай ма-аллара, диканиг доттаг1а ву.

Книга йоьшуш хаа деза: харжа, муха йеша йеза, цуьнан аг1онаш т1ехь дуьйцучух кхета а, чулацам бовза а. Иштта вай таро хуьлу книгин мах хадо, ойла йан а, цо кхочушден г1уллакх довза а, дика а, вон а къасто.

Муьлхха а исбаьхьаллин произведени йоьшуш и куьце йалош, къагош дешан исбаьхьаллин суртх1отторан кепаш хуьлу.

Оцу кепех «тропаш» олу.

Слайд:

Троп ­- иза нийсачу йа тардинчу маь1нехь долу дош йа къамелан алар ду.

Масала:

Дашо малх — дашо ч1уг,

т1улга  дог — т1улган керт.

 — Дашо ч1уг, т1улган керт – нийсачу маь1нехь ду.

Дашо малх, т1улган дог, уьш эпитеташ йутардинчу  маь1нехь ду.

Слайд:

Къамелехь адамийн синхаам к1арг а беш, х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца  гойтучух эпитет олу.

— Эпитеташа дешнаш къагадо,  авторан синхаамаш бовзуьйту.

Уьш дукхахьолахь билгалдешнех кхоллало.

Слайд:

Дустар – иза ши х1ума вовшашца йустарца кхоьллина васте алар ду

Масала:

Н1аьнеш кхойкху,  садаьржина,

Стиглахь етта шура ю,

Бутт,  сахиллалц цабижарна,

 К1алдан мижарг санна бу

— Кхузахь, Мамакаев 1арбис шен «Садаьржаш» стихотворени т1ехь

бутт  к1алдан мижаргаца  буьстина.

Дустаро г1о до вайна дуьйцуш долчух лаьцна болу кхетам  к1аргбан.

Дукхахьолахь  «санна» бохучу хуттаргаца долало иза.

К1алдан мижарг санна бу — дустар ду.

Слайд:

Метафора  т1едахьар бохург ду. Исбаьхьаллин сурт х1оттош цхьа х1ума шех тера долчу кхечу х1уманехула билгалдаккхар.

Масала:

Къона нана, б1аьсте хьийза,

Лаьмнийн х1усам къагаеш.

Ч1ана дитташ зазца хийци,

Комаьрша куьг кхачадеш.

  Сатуев Хьусайна шен «Лаьмнийн къоналла»  стихотворенехь  пайдаэцна исбаьхьаллин суртх1отторан  г1ирс метафора ю.

Наггахь метафора къайладаьккхина дустар ду а олу. Ма-дарра аьлча, метафоран бухехь цхьа х1ума, церан йукъара йолчу билгалонца, вукху х1уманца йустар хуьлу.

Масала:

Слайд:

Сетташ детта ткъес д1атийна,

Ц1анби стиглан тхов,

Йуха а, сирла нур даржийна,

Малхо дилли ков.   

                                     (Арсанукаев Ш.)

  Цхьа дош эпитет, метафора, дустар цхьаьна кхуллуш хила а тарло.

Масала 1аьржа боху дош:

1аьржа буьйса  — эпитет;

к1ора санна 1аьржа — дустар;

1аьржа дог – метафора.

Исбаьхьаллин произведенийн мог1анашкахь йалийначу тропаша къамел къегина а, васте а до.

Урок ерзош  йешархочунна лерина цхьажимма бакъонаш йовзийта лаьа.

Йеша книга харжа 1ама веза.

Книга йеша йеза сиха, сих ца луш, лерина.

Книга йешар авторца  цхьаьнакхетар ду. Шаьш йешначу книгин автор дагалаца хьовса.

Йешначу книго хьан иэсехь лар йуьту.

Книгин мах хадо а 1ама.

Цу т1ехь вай йерзор йу рог1ера урок.

1одика йойла, марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика