Урок №40 Дешан лард а, чаккхе а

Де дика хуьлда шун! Вай д1ахьур ю рог1ера урок. Х1окху урокехь шуна  хуур ду, стенах олу лард  а, чаккхе а; уьш вовшах  муха къасто (еза а) деза а.
Легор ду вай  дада  боху дош, цуьнан дожаршкахь хийцадалар муха нисло тидам а беш:
Ц1.  дада
Дл.  дадин
Л.   дадина
Др.  дадас
К.   дадица
Х.   дадех
М.   дадига
Дс.  дадел
Х1окху дешан тайп-тайпана кепаш кхуллуш долу дакъа чаккхе ю. 
Кхин цхьа масал далор ду вай:
ваша, вешин, вешина, вашас, вешица, вешех, вешига, вешел
Х1инца шеко а йоцуш, ч1аг1дина ала мегар ду: чаккхе дешан хийцалуш долу дакъа ду.
Дешан хийцалучу декъах чаккхе олу. Цо дешнийн  кепаш  кхуллу, предложенехь дешнашна юккъа уьйр тосу.
Чаккхе д1аяьккхича, бухадуьсуьчу дешан декъах лард олу. Масала:
Дийцаро, дийцарна, дийцаре, дийцарал
Кхузахь чаккхенаш  — о, — на, — е, — ал ю, уьш д1аяьхча,  дийцар  бухадуьсу дакъа ду, иза дешан  лард ю.
Диц ма де: чаккхе лардана юккъа ца йог1у.
Х1инца иштта т1едиллар кхочушде, дешнийн лардаш билгалъяха хьовса.
1аламна, 1аламе, 1аламал; олхазаро, олхазарца, олхазарах; яздархочо, яздархочуьнга, яздархочул; г1ала, г1алин, г1алина; маттаца, маттана, матте маттал.
Рог1ера  т1едиллар иштта хир ду:  кицанаш д1а а яздеш, къовларшна юккъахь долу дешнаш оьшучу дожаре х1итта дан деза аш, чаккхенаш билгалйохуш .
1.(Б1аьрг) гинарг тешаме ду (лерг) хезначул а.
2. Да-нана цалеринарг (нах) а ца лерина.
3. (Тешам) деза х1ума дац.
4.(Халкъ) ийна верг (халкъ) везаш ваьхна.
5.Туьран чов йирзина, (мотт) йинарг ца йирзина.
6. Шен ненан сий лардечо (Даймохк) сий а лардийр ду.
7. Вина мохк (моз) а маьрза бу.
Кицанаш иштта хила деза.
1. Б1аьргана гинарг тешаме ду лергана хезначул а. 
Б1аьргана — Лург дожарехь ду, чаккхе — ана;
Лергана — лург дожар, кхуьнан чаккхе иштта ю -ана;
2. Да-нана цалеринарг  наха а ца лерина.
Наха — дийриг дожарехь ду, чаккхе -а;
3. Тешамал  деза х1ума дац. 
Тешамал — дустург дожар ду, чаккхе -ал;
4.Халкъаца ийна верг халкъана везаш ваьхна. 
Халкъаца — кьочалниг дожарехь ду, чаккхе -аца;
Халкъана — лург дожар, чаккхе -ана;
5.Туьран чов йирзина, матто  йинарг ца йирзина. 
Матто — дийриг дожарехь ду, чаккхе -о;
6. Шен ненан сий лардечо  Даймехкан  сий а лардийр ду. 
Даймехкан — доланиг дожар, чаккхе -ан;
 7. Вина мохк  мазал  а маьрза бу. 
Мазал — дустург дожарехь ду, чаккхе -ал;
Дешан хийцалуш долу дакъа чаккхе ю. Чаккхе д1аяьккхича, бухадуьсу дакъа лард ю. Дешан лард билгалйоккху чаккхе схьакъастинчул т1аьхьа.
Ц1ахь:  сурт, амал, хало, лулахо дешнаш дожаршца хийца. Билгалъяха церан чаккхенаш, лардаш.
Кху т1ехь вайн урок  чекхйолу.
Пайдаэцна литература: 
1. В.А. Янгульбаев,  Ж. М. Махмаев  «Нохчийн  мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У.  «Юккъерачу школехь нохчийн меттан  орфографи а, пунктуаци а 1амор»   5-11  классашна.  Грозный  Издательство  «Арфа-Пресс»    2012 шо. 
3. Эдилов С.Э.  «Самукъане грамматика»  5-11 классашна.  Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э.  «Нохчийн меттан синтаксисан практикум»   Соьлжа-Г1ала   Издательство  «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Магамадова Банат Ибрагимовна
Тутаева Сацита Лечаевна

Close
Яндекс.Метрика