1 класс УРОК №52 НОХЧИЙН АЛФАВИТ АБАТ

Урок №52

Тема: Нохчийн алфавит                       

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

— Бераш, таханлера де тIекхаччалц вай шуьца Iамийна аьзнаш а, элпаш а.

— Уьш вайна оьшу еша а, яздан Iама а, говза а, хаза а къамел дан .

— ДагадогIий шуна, маса элп Iамийна вай.

— Вай шуьца Iамийна 49 элп.

— Тидаме мила ву хьовсий вай.

— Даладай вай догIу дош.

Слайд:

Ду и тамашена гIутакх,

Кхочушдо цо доккха гIуллакх,

Iалашдо цо нохчийн элпаш-

Уьш дагардан тоац пIелгаш,

ХIора элпан ю шен кIара,

Цу чуьра и далац ара.

ХIора элпан ду шен амат-

Олу цунах, бераш, … (абат)

Слайд:

РогIехь дIахIиттийначу элпех — Абат олу.

Слайд.

Алфавит нохчийн маттахь — Абат

Слайд:

I-(Iа)

— Нохчийн алфавитехь 49 элп ду.

Слайд:

Мукъа элп I5 ду — а, аь, е, ё, и, о, оь, у, уь, ы, э, ю, юь, я, яь.

Мукъаза элп 33 ду — б, в, г, гI, д, ж, з, й, к, кх, къ, кI, л, м, н, п, пI, р, с, т, тI, ф, х, хь, хI, ц, цI, ч, чI, ш, щ, ъ, I.

Слайд:

Шалха элп I5 ду — аь, оь, уь, юь, яь,

гI, кх, къ, кI, пI, тI, хь, хI, цI, чI,

кIеда хьаьрк — ь

чIогIа хьаьрк — Ъ

— ТIеэцначу дешнашкахь хуьлу элпаш — ф, ё, щ, ы.

Слайд:

Масала: форма, ёлка, щётка, вышка.

— Ткъа хIинца шун хаарш толлур ду вай.

— ХIара дешнаш алфавитан рогIаллехь дIанисде.

Слайд:

Бад, аьрзу, ага, гIаз, говр, ворда,етт, диг, жIов, ёлка, зу ,

кхокха, маьнга, кIеза , юкъ, Iахар, цIазам.

— Болх нийса бинехь иштта хила беза:

Слайд:

Ага, аьрзу, бад, ворта, говр, гIаз, диг, етт, ёлка, жIов, зу, кхокха, кIеза, маьнга, цIазам, юьхк, Iахар.

Слайд: ХIара дагахь латтаде.

Алфавитан рогIаллехь язйо фамилеш а, дIанисйо библиотекера книгаш а.

Дошам тIера дешнаш а алфавитан рогIаллехь дIанисдо.

— Кху тIехь вайн урок чекхйолу. Iодика йойла шун, марша Iойла.

Пайдаэцна литература:

Абат. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Соьлжа-ГIала. АО «ИПК «Грозненский рабочий» — 2016

Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 49.

Хасаева Зара Кюровна.

Close
Яндекс.Метрика