Таханлерчу урокан тема: дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш ю.
Стенах лаьтташ бу вай буьйцуш болу мотт?
Вай буьйцу мотт дешнех лаьтташ бу
Ткъа и дешнаш муха хуьлу?
Тайп-тайпана хуьлу, шайн маь1на а долуш.
Муха нисло дешнийн кхолладалар?
Хьовса х1окху дешнашка:
ч1ерийлецархо
бешлелорхо
Кхузахь шина дашах кхолладелла дош:
ч1ерий + лецархо — ч1ерийлецархо
беш + лелорхо — бешлелорхо
Тидам бе кхечу дешнийн:
йоза, дешар
де , буьйса
Кхарах цхьацца дош кхуллур ду вай:
йоза, дешар — йоза — дешар
де, буьйса — де – буьйса
Ч1ерийлецархо, бешлелорхо, йоза-дешар, де-буьйса чолхе дешнаш ду, х1унда аьлча уьш кхолладелла шишша дош вовшахкхетарца. Цхьадолу чолхе дешнаш юккъахь дефис йолуш яздо.
Кхин цхьа масала а далор ду вай:
дейиша
дечигпхьар
урамнекъ
Х1орш а чолхе дешнаш ду, хьалхара дош дацдина далийна, шолг1аниг-дуьззина.
ден йиша — дейиша
дечиган пхьар — дечигпхьар
ураман некъ — урамнекъ
Шуна юьхьанцарчу классашкахь дуьйна а девза дешхьалхе боху дешдакъа.
Йозанехь иза муха билгалйоккху а хаьа шуна.
Дагадог1ий шуна, стенах олу дешхьалхе?
Орамна хьалха а лаьтташ, дашна керла маь1на луш долчу лардан декъах дешхьалхе олу.
Ткъа х1инца хьовсур ду вай дешхьалхенан г1оьнца дешан маь1на муха хийцало.
Масала: дош ваха , цунах кхуллур керла дешнаш:
ваха — д1аваха — т1еваха — чуваха
Д1а-, т1е-, чу- дешхьалхенийн г1оьнца ваха бохучу дашах керла дешнаш кхолладелла.
Керла дешнаш кхуллуш кхин муьлха дешдакъа ду?
Суффикс ю. Дешан орамна т1ехьа а лаьтташ, керла дешнаш кхуллучу лардан декъах суффикс олу.
Масала, тидаме оьцур ду вай дешнаш:
дешар
жима
1илма
(х1ун?) дешар (мила?) дешархо
(муха?) жима (муханиг?) жиманиг
(х1ун?) 1илма (мила?) 1илманча
Дешнаш дешхьалхенийн а, суффиксийн а г1оьнца кхоллало.
Масала:
д1ахьадар
схьакхетор
д1ааьлларг
д1ахьадар – д1а+хьада+р
схьакхетор – схьа+кхето+р
д1ааьлларг – д1а+аьлла+рг
Дешнаш кхолладаларан масех некъ бу:
1. Дешнаш я цуьнан дакъош вовшахкхетарца
2. Дешхьалхенийн г1оьнца
3. Суффиксийн г1оьнца
4. Дешхьалхенан а, суффиксан а г1оьнца.
Т1едиллар кхочушде:
Легаде дешнаш:
Таллархо, аьхке.
Дешнийн легар иштта хила деза:
Ц1. таллархо аьхке
Дл. таллархочун аьхкенан
Л. таллархочунна аьхкенна
Др.таллархочо аьхкено
К. таллархочуьнца аьхкенца
Х. таллархочух аьхкенах
М. таллархочуьнга аьхкене
Дс. таллархочул аьхкенал
Дожаршца х1ара дешнаш хийцича, хийцаделлий церан маь1на? Муха ю церан чаккхенаш?
Чаккхенаш тайп-тайпана ю. Чаккхенаш хийцича, дешан маь1на ца хийцало, хийцалуш ерг дешан кеп ю.
Х1инца дешнаш дукхаллин терахьехь д1а а яздеш, церан х1ун хийцам хуьлу хьовса:
Г1иллакх, хаам, ловзар, г1а, юьхь, юрт, борз.
Дукхаллин терахьехь х1ара дешнаш иштта нисло.
г1иллакх — г1иллакхаш
хаам — хаамаш
ловзар — ловзарш
г1а — г1аш
юьхь — яххьаш
юрт — ярташ
борз — берзалой
Дожаршца а, терахьашца а дош хийцадаларх дешан лексически маь1на ца хийцало, цуьнан хийцалург грамматически кеп ю.
Кху т1ехь вай урок чекхйолу.
Урок кечйинарг
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна