42-гIа урок
Урокан цIе: «Мукъа элп Ю ю, аьзнаш (Й), (У)».
Маршалла душуьга, хьоме дешархой!
Вай юха а дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.
— Вайна тахана девзар ду мукъа элп Ю ю, цо билгалден аьзнаш [й], [у].
Iемар ду элп Ю ю дешан юьххьехь, юккъех, чаккхенгахь деша а.
— Бераш, аса дIайоьшу кегийра байташ.
Аша со сецча тIетоха цхьа дош.
Буц хьакха со воьдуш ву,
Цундела ас мангал тусу,
Буьрка ловзош со уьду.
Юьйсина яцахь ас и … (Юсу)
Арахь чIогIа тхан ков туху,
Ара волуш ас плащ … (Юху).
Накхармозий дера ду,
Шаьш ца дитча туху … (Ю)
Юлу буса борз ша угIа,
Кхоьруш ас тIетосу …. (юргIа)
— Муьлха дешнаш тIетуьйхи аша?
Юсу, ю, юху, юргIа.
— Ала дош ййусу.
Муьлха аз хеза дешан юьххьехь?
Аз [й]
— Аз [й] мукъа ду я мукъаза ду?
Аз [й] мукъаза ду.
— Ала йуусу.
Муьлханиг ду шолгIа аз? [у]
Аз [у] мукъа ду я мукъаза ду?
Мукъа ду.
— Ала йуссу. Муьлханиг ду кхоалгIа аз? [с].
— Аз [с] мукъа ду я мукъаза ду? Мукъаза ду.
— Ала йусуу. Муьлханиг ду доьалгIа аз? [у].
— Аз [у] мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа ду)
— Маса элп ду ЮСУ дашехь?
Кхо элп ду.
— Маса аз ду?
Диъ аз ду.
— ХIунда ду оцу дашехь кхо элп а, диъ аз а?
Слайд:
— Ю элпо ши аз билгалдо дешан юьххьехь, мукъачу элпана тIехьахь нисделча. Уьш ду [Й], [У]. Аз [Й] мукъаза ду, аз [У] мукъа ду. Цундела элп Ю мукъа элп ду, мукъа аз дац. Цо шена чохь леладо ши аз: мукъа а, мукъаза а.
Слайд:
Ю — хIара зорбанан доккха элп ду;
ю — хIара зорбанан жима элп ду.
— ХIун башхалла ю оцу шина элпана юккъехь?
Доккха а, жима а хилар ю.
-Ю элп юкъахь дешнаш доьшур ду вай:
Слайд:
А-юб Ю-нус | кIи-ра кIор-ни | юкъ юрт | юр-гIа ю-за |
— ДIадеша хьалхарчу бIогIамалгера дешнаш.
ХIунда яздина и дешнаш даккхийчу элпашца?
Уьш адамийн цIераш ю.
Адамийн цIераш даккхийчу элпашца язйо.
— Вай тахана Iамор ду, могIанан жима а, доккха а элп Ю ю яздан.
Слайд:
Слайд:
ю — хIарамогIанан элп ду.
Ю – хIара йозанан доккха элп ду;
—Вай йоза яздо жимачу могIан чу.
Слайд: (анимацица гойту могIанан ю яздаран кеп)
-ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIане терра. Билгалонна деллачу сизе терра охьавогIу. Хьалавоьду хьаькхначу сиза тIехула юккъе кхаччалц, аьтту агIор воьрзу, хьалавоьду. Лакхарчу белхан могIанна тIе кхочуш хьаьвзаш охьавогIу аьтту агIор. Лахарчу белхан могIанна тIекхочуш, хьаьвзаш хьалавоьду, дIакъовлу элп.
Элпаш могIанан а, даккхий а хуьлу.
— Элп ю муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп ю.
Слайд:
юююю…
Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд: (анимацица гойту доккха Ю элп яздаран кеп)
ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе. Ира тасалуриг юьллуш, билгалонна беллачу могIане терра охьавогIу. Лахарчу белхан могIанехь шад а беш хьалавоьду юккъе кхочуш аьтту агIор воьрзу кIезиг хьала а воьрзуш. Кхузахь ша волччохь охьавогIу билгалонна беллачу могIане терра. Хьаьвзаш хьалавоьду, лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе кхочуш аьрру агIор хьаьвзаш, охьавогIу элп къовлуш.
-Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпанаюкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
-Кепе а хьовсуш, вай яздийр ду йозанан доккха элп Ю.
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Ю.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Ю.
-Дешдакъошка а доькъуш, ю элп юкъахь долу дешнаш схьаязде.
Слайд:
Аюб юргIа кIира юкъ хIуттут
Юнус юза кIорни юрт тIаргIа
Слайд: нийса иштта хир ду:
А-юб юр-гIа юкъ
Ю-нус ю-за юрт
— ТIедуза дош, ю элпана кIел сиз хьакха.
Слайд:
юс — (…) кIе — (…) ю — (…)
юх — (…) къор — (…) юр — (…)
Слайд; нийса иштта хир ду:
юс-та кIе-за юзу
юх-ку къор-за юр-гIа
— ХIинца вай хьовсур ду муьлха элп дайна.
— Схьакараде дайна элп.
Слайд:
…суп, …ргIа, …шаъ, …нади.
Слайд: Нийса жоп иштта хир ду:
Юсуп, юргIа, Юшаъ, Юнади
— Вай тахана дийцира ю элпах лаьцна.
Хиира цо ши аз билгалдеш хилар. [й], [у].
Дийшира элп Юю дешан юьххьехь, юккъех,
чаккхенгахь долу дешнаш а.
— Кху тIехь вайнтаханлера урок чекхйолу.
Шун Iодика йойла! Марша Iойла!