Нохчийн метан интернет-урок.
Урок №41
Урокан цIе: Мукъаза аз а, элпа КI кI довзийтар, яздар
Де дика хуьлда шун, хьоме бераш! Юха а дIахьур ю вай – вешан рогIера урок. Луур дар-кха дешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла!
Слайд: (анимацица суьрташ хIиттаде хIора хIетал-метална догIуш)
ХIетал-метал хаийла хьуна:
Йоьдуш — яьсса, йогIуш — юьзна? (КIудал)
БIе ваша цхьана цIа чохь гулвелла?(КIенан кан)
ЦIарах схьа а болу, цунах балар а хуьлу? (Klopa)
— ХIун ю уьш ?
Слайд I.
КIора, кIа, кIудал
— Оцу дешнийн юьххьехь ду аз [КI]
— Вайна тахана девзар ду аз а, элп а КI кI. Хуур ду иза дешан юьххьехь деша.
Слайд 2.
Муха кхоллало «КI» элп?
К+I=КI
— К хьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп КI.
КI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.
Хаттар: Бераш, КI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?
Слайд 3.
КI шалха элп ду.
— К I элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?
Яккха цуьнан цIе.
Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?
Дуста: Ала аз [КI], хIинца аз [А].
Слайд 4.
[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду. Ткъа аз [КI] олучу хенахь багахь хIаваана новкъарло хуьлу, цундела [КI] мукъаза аз ду.
Слайд:
КI — хIара зорбанан доккха КI ду;
кI — хIара жима зорбанан кI ду.
—-
КI элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:
Слайд:
кIа, кIу, кIо, кIи, кIе
акI, укI, окI, икI, екI
Бераш, шуна девзий кI элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.
Слайд 6.
КIа, кIохцал, кIархаш, кIант, кIади, кIеза, кIорни, кIудал.
— ХIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а КI кI яздан.
Слайд: (Йозанан элпаш гайтар)
КI – элп доккха а, жима а хуьлу.
— Доккха элп вай яздо предложении йолош а, долахь цIерашкахь а
КI – хIара йозанан доккха элп ду;
кI — могIанан элп ду.
— ХIинца и элп яздан Iемар ду вай.
Слайд: (анимацица гойту)
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп кI.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп кI.
.
Слайд:
Гойту доккха а, могIанан а КI кI.
—-
— Хьовса, бераш, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
— И ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.
— ХIинца вай яздийр ду доккха элп КI.
— Кепе а хьовсуш вай яздийр ду йозанан доккха элп КI.
Слайд:(анимацица гайтар):
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп КI.
— Юха кепехьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп КI.
КI КI КI КI КI КI
ДIаяздийр ду вай кI юкъахь долуш дешдакъош.
Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).
кIа кIу кIо кIи кIе
акI укI окI икI екI
-Бераш, шуна девзий кI элп юкъахь долу дешнаш? Далор ду вай уьш.
Слайд:
КIа, кIажа, кIара,кIалд, хьаьжкIа, кIур, кIужал, кIант, кIора.
— ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.
Схьаяздийр ду цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:
Слайд:
КIа, кIалд, кIур, кIант.
Шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:
Слайд:
КIа-жа, кIа-ра, хьаьж-кIа, кIу-жал, кIо-ра.
— Бераш, Iамийнарг тIечIагIдеш, вай лакхахь яздина дешнаш юкъахь а долуш 3 предложени язйийр ю вай.
Слайд 9.
- Гурахь кIа дIадийра.
- Салман оьзда кIант ву.
- Дадас кIора ийцира.
КIэ лп долу дешнаш билгалдахий вай?
Слайд I0.
- Гурахь кIа дIадийра.
- Салман оьзда кIант ву.
- Дадас кIора ийцира.
-Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп а КIкI, иштта и элп яздан а Iеми вайна.
— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.
— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.