1 класс УРОК №40 БУКВА Х1

Урок №40

Урокан цIе: Мукъаза аз а, элпа ХI хIд овзийтар, яздар

Де дика хуьлдашун, хьомебераш! Юха а дIахьур ювай — вешан рогIера нохчийн меттан урок. Луур дар-кхадешар тIехь шун хаарш алсам хуьлийла!

— цхьаьнга кхойкхуш хIун олу вай? («ХIехIей»)

Слайд:

— ХIетал-метал хаийла шуна:

— Цхьана черми чохь шина басахь хи? (хIоа)

Слайд:

ХIара хIун хьоза ду?Ткъа хIара девзий шуна?

Слайд:

ХIара хIуттут ю.                           ХIур-села

Слайд:

ХIуттут, хIур-села, хIоа

— Оцу дешнийн юьххьехь ду аз [хI]

— Вайна тахана девзар ду аз а, элп а ХIхI. Хуур ду элп хI юкъахь дешнаш деша а.

Слайд:

Муха кхоллало «хI» элп?

Х+I=ХI

— Ххьаьркана тIе I хьаьрк тоьхча кхоллало элп ХI.

— ХI элп шина хьаьрках лаьтташ ду.

Бераш, ХI шина хьаьрках кхолладелла хилча и муьлха элп хуьлу?

Слайд:

ХI шалха элп ду.

— ХI элп мукъа элп ду я мукъаза элп ду?

Яккха цуьнан цIе. «хI-хI-хI»

Муха алало цуьнан аз паргIат я хала?

Дуста: Ала аз [ХI], хIинца аз [А].

Слайд:

[А] аз вайга паргIат алало, цундела и мукъа ду. Ткъа аз [ХI] олучу хенахь багахь хIаваана новкъарло хуьлу, цундела [ХI] мукъаза аз ду.

— ХIинца зорбанан доккха а, жима а элп девзар ду вайна.

Слайд:

ХI — хIара зорбанандоккха ХI ду;

хI — хIара жима зорбанан хI ду.

хI — элп юкъахь долуш, дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

хIа     хIо   хIу     хIи    хIе

ахI     охI   ухI      ихI    ехI             

-Бераш, шуна девзий хI элп юкъахь долу дешнаш? Даладе уьш.

Слайд:

хIуо хIоз хIоа бозхIут-тут хIа-ра хIорд хIу-самхIа-ваъ жарж хьа-нал жIур-гон

-ХIинца вай йозанан элпаш яздан Iамор ду.

КI – хIара йозанан доккха элп ду;

кI — хIара могIанан элп ду.

— Цкъа хьалха вай яздан Iамор ду могIанан элп хI

Слайд: (анимацица гойту могIанан элп хI дилларан кеп)

МогIанан элп хI муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь яздеэлп.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп хI. 

хIхIхIхIхI

ХIэлп доккхаа, жима а хуьлу.

— Доккха элп вай яздо предложени йолош а, долахь цIерашкахь а.

— ХIинца вай Iамор ду йозанан доккха ХI яздан.

Слайд: (анимацица гойту йозанан доккха элп ХI яздаран кеп)

Йозанан доккха элп ХI муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде и элп.

— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийрду вай йозанан доккха элп ХI. 

ХIХIХIХI—-

— Хьовса, бераш, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?

И ши элп вовшехкъаьста барамца: доккха а, жима а хиларца.

ДIаяздийр ду вай элп хI юкъахь долуш дешдакъош.

Слайд: (анимацица гайта дешдакъош йозанехь яздар).

хIа     хIо     хIу     хIи    хIе

ахI     охI     ухI    ихI    ехI

— Бераш, шуна девзий хI элп юкъахь долу дешнаш?

ДIаяздийр ду вай уьш.                                                                                              

Слайд:

ХIуо, хIоа, хIоз, боз, хIорд, хIусам, хIара, хIургон

-ДIадоьшур ду вай ваьш далийна дешнаш.

Схьаяздийр ду цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш:

Слайд: (нийса иштта хир ду)

ХIуо, хIоз, боз, хIорд.

Шина дешдекъах лаьтташ долу дешнаш схьаяздийр ду вай:

Слайд: (нийса иштта хир ду.

хIо-а, хIу-сам, хIа-ра, хIур-гон

Слайд:

— Бераш, шу хиллий хIорда тIехь?

Iамийнарг тIечIагIдеш, хIордах лаьцна 3 предложени язйийр ю вай.

Слайд:

  1. Тхо Каспийн хIорда тIе садаIа дахара.
  2. Дуккха а бераш дара цигахь.
  3. Со хIорда чохь лийчира.

— ХI элп долу дешнаш билгалдахий вай.

Слайд: (нийса иштта хир ду)

  1. Тхо Каспийн хIорда тIе садаIа дахара.
  2. Дуккха а бераш дара цигахь.
  3. Со хIорд ачохь лийчира.

— Бераш, тахана вайна девзи мукъаза аз а, элп а ХI хI, иштта и элп яздан а Iеми вайна.

— Цу тIехь вай таханлера урок ерзор ю.

— Шун Iодика йойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика