Урок №38 Дошкхолладаларх, орфографех кхетам балар

Х1окху урокехь дошкхолладаларх а, орфографех а лаьцна дуьйцур ду.
ОРФОГРАФИ (грекийн дош ду «орфо» – нийса бохург ду, графо – яздо бохург ду).
Нийсаяздар боху маь1на ду оцу дешан.
Муьлхха а дош нийса ала а деза, нийса яздан а деза.
Дешнийн  нийсаяздаран бакъонаш  1амош долчу  меттан 1илманан декъах  орфографи олу.
Дешан х1оттам а, кхолладаларан некъаш а 1амочу меттан 1илманан декъах дошкхолладалар олу.   
Масала:
Хьеха,  хьеха+р,  хьеха+р+хо, д1а+хьеха+р. 
Х1ара дешнаш кхолладелла хьеха бохучу дашна т1е суффиксаш  –р, -хо, дешхьалхе д1а- кхетарца.  
Х1окху дешнийн лексически маь1на тайп-тайпана ду. Х1ора дош а шен маь1на долуш ду. Церан кхолладалар  ду суффиксийн а, дешхьалхенан а г1оьнца. Ткъа вайна ма-хаъара, дешхьалхе а, суффикс а керла дошкхолларан г1ирс бу. Уьш дешдакъош хиларе терра, дешнашца цхьаьна яздо.   
Х1инца  легор ду вай  хьехархо  боху дош:
Ц1. хьехархо
Дл. хьехархочун
Л.  хьехархочунна
Др. хьехархочо
К.  хьехархочуьнца
Х.  хьехархочух
М. хьехархочуьнга
Дс. хьехархочул
Кхузахь вай хьехархо дош легийна. Вайна ма-гарра, оцу дешан  тайп-тайпана чаккхенаш  ю. 
Чаккхе – иза дешан хийцалуш долу дакъа ду. Цо керла дош ца кхуллу (дешан маь1на ца хуьйцу), амма дешан тайп-тайпана кепаш кхуллу. 
Х1инца, предложенеш д1а а йоьшуш, билгалдаьхна дешнаш муьлхачу  дожаршкахь ду хьовса:
Чуьрабаьлла бекачу горгалино юкъахдехира берийн ловзарш.
Бедаршна т1ера ченаш д1а а яьхна, чубахара дешархой.
Мелачу мохо лестадора диттийн г1аш   
Предложенешкахь билгалдаьхна дешнаш х1окху дожаршкахь нисло:
(Стен?) горгалино – Дийриг дожарехь 
(Х1ун?)  ловзарш – Ц1ерниг   
(Стенна?)  бедаршна – Лург
(Муьлш?)  дешархой- Ц1ерниг
(Стен?) мохо – Дийриг
(Х1ун?) ченаш – Ц1ерниг
(Х1ун?) г1аш – Ц1ерниг
Х1инца, вай тахана дийцинчух шу муха кхетта а хьовсуш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду: 
Цкъа хьалха яздан бохучу дашах керла дешнаш кхолла, цул т1аьхьа легаде йоза боху дош.
Яздан  бохучу дашах иштта керла дешнаш кхоллало:            
Яздан  яздар, яздархо, д1аяздар.   
Йоза боху дош иштта легийна хила деза:
Ц1. йоза
Дл. йозанан
Л.   йозана
Др. йозано
К.   йозанца
Х.   йозанах
М.   йозане
Дс.  йозанал
Яздан бохучу дашах суффиксийн а, дешхьалхенан а г1оьнца керла дешнаш кхоьллина.
Йоза бохучу дешан дожаршкахь хийцалун дакъа чаккхе ю, кхузахь дешан тай-тайпана кепаш кхоллаелла.
Шайн дагахь латто деза аша: 
1. Дешан чаккхе хийцалуш, хийцало дешан грамматически кеп.
2. Дош кхоллалуш, хийцало цуьнан лексически маь1на.
Т1ейог1учу урокехь  вай дуьйцур ду дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъех лаьцна.
Ц1ахь дийца бохучу дашах керла дешнаш кхолла.
Урок кечйинарг
Пайтаева Хадишт Абдул-Вахабовна 

Close
Яндекс.Метрика