1 класс
Урок №34
Урокан цIе: Мукъа аз [Оь], элп Оь оь довзийтар а, яздар а.
— Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой.
ХIокху урокехь вай шуна довзуьйтур ду мукъа аз [Оь], элп Оь оь, иштта иза яздан а Iамор ду.
Хьовса предложенига:
Слайд:
Тхуна оьпа гира.
— Маса дош ду предложенехь? (3)
— Маса дешдакъа ду оьпа бохучу дашехь? (2)
— Xьалхара дешдакъа.(оь) шолгIа дешдакъа? (па)
— Хьалхара дешдакъа маса озах лаьтта? Алал и аз [оь]
— Дешдакъош кхуллучу аьзнех муьлха аьзнаш олу? (Мукъа аьзнаш)
— Ойлаел, муьлха аз ду [оь]
— [оь] мукъа аз ду. ХIунда аьлча, [оь] олучу хенахь кийрара схьадолучу хIаваана дуьхьало йоцуш, хецна алало).
— Хьовса дешнашка:
Слайд:
оьла, чоь, йоьшу
— Вай Iамоза керла элп дуй оцу дешнашкахь? Муьлханиг?
— Оь элп ду
— Мулхачу меттехь ду и дешнашкахь?
(Дашна юьххьехь, йистехь, юккъехь ду)
Шина хьаьрках а лаьтта ( о, ь )
— Шина хьаьрках латтахь а, цхьа элп а, цхьа аз а билгалдо цо.
— Аз [оь] дешан юьххьехь, йистехь, юккъехь долуш кхин дешнаш дагалацал шайна
Слайд:
(оьрси, оьзда, доьхка, лоьхку, лоь, доь, доьл, моьлкъа, воьлху, доьналла)
— Вай къастийна керла аз билгалдо хIокху элпаца
Слайд:
оь — хIара жима элп ду
Оь — хIара доккха элп ду. И шиъ вовшех жимий, доккхий хиларца къаьста.
— ДIадеша оь элпаца хIиттийна дешдакъош:
боь | доь | гIоь | лоь | тоь |
оь | п | а |
м | оь | л | къ | а |
г | оь |
— Дешнаш дIадеша.
— Маса дешдекъах лаьтта хIора дош?
оь-па (шина дешдекъах лаьтта)
моьл-къа (шина дешдекъах лаьтта)
гоь (цхьана дешдекъах лаьтта, оцу дашехь мукъа аз цхьаъ бен дац)
— ХIинца оцу элпаца дешнаш доьшур ду вай.
Слайд:
Оь-па, оь-шу, доь-ла, доь-шу, йоь-шу, гоь, доь, чоь.
— Аз [оь] дешан юьххьехь, йистехь, юккъехь долуш кхин дешнаш дагалацал шайна.
Cлайд:
(оьрси, оьзда, доьхка, лоьхку, лоь, доь, доьла ,моьлкъа, воьлху, доьналла)
— ДIаеша предложенеш
Сан доттагI оьрси ву. Иза Андрей ву. Андрейн да а, нана а лоьраш бу. Андрейс дика доьшу. Тахана цо пхиъ даьккхира.
— оь элп юкъахь долуш дешнаш дуй предложенешкахь? Муьлхарш?
(Оьрси, лоьраш, доьшу)
— Бераш, хIинца вай Iамор ду доккха а, могIанан а Оь оь элп яздан.
Слайд:
Оь – хIара йозанан доккха элп ду;
оь — могIанан жима элп ду.
Оь — хIара зорбанан доккха элп ду
о — хIара зорбанан жима элп ду
-Муьлха могIан чу яздо вай йоза?
Вай йоза яздо жимачу могIан чу
Слайд:
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп оь.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе яздийр ду вай могIанан элп оь.
оь оь оь оь оь оь оь ……
Элп доккха а, жима а хуьлу.
-Маца яздо вай доккха элп?
Доккха элп вай яздо предложени йолош, долахь цIерашкахь а.
Слайд: (гойту доккха а, могIанан а Оь оь)
— Хьовсал, хIун башхалла ю хIокху шина элпана юкъахь?
(и ши элп вовшех къаьста барамца: доккха а, жима а хиларца)
-Кепе а хьовсуш, хIинца вай яздийр ду йозанан доккха элп Оь.
Слайд: (анимацица гайтар):
— Элп муха дуьллу а хьовсуш, тIаьххье хIаваэхь язде элп Оь.
— Юха кепе хьовсуш, тетрадаш тIе дIаязде йозанан доккха элп Оь.
Оь Оь Оь Оь Оь Оь Оь… (Гайта йозанан элп)
ЦхьакIеззиг дешнаш далор ду вай.
Оь элп хьалха долуш дешнаш а далийна, уьш дешдакъошка доькъур ду вай.
Слайд:
оьпа — оь-па
оьла — оь-ла
— юккъехь долуш
Доьла – доь-ла
Лоьралла – лоь-рал-ла
Моьлкъа – моьл-къа
тIехьа долуш
гоь
чоь
гоь, чоь (цхьана дешдекъах лаьтта, мукъа аз цхьаъ бен дац).
— ХIинца масех предложени дIа а язйина, оь элп юкъахь долчу дешнашна кIел сиз хьакха.
Слайд:
Сан доттагI оьрси ву. Иза Андрей ву. Андрейн да а, нана а лоьраш бу. Андрейс дика доьшу. Тахана цо пхиъ даьккхира.
—-Тахана вайна девзи мукъа аз а, элп а Оь оь, иза ала а, яздан а, цуьнца дешнаш дало а Iеми.
Иштта далийна дешнаш дешдакъошка декъа а Iеми, цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш а девзи оь элпаца, уьш дакъошка декъа цадалар а девзи. Предложенеш а язйи.
КхидIа а мотт Iамор тIехь кхиамаш хуьлда шун.
Iодикайойла.
МБОУ «Гимназия №4»
нохчийн меттан хьехархо:
Усманова Тумиша Индарбиевна.