1 класс
№ 26
Урокан цIе: КIеда хьаьрк (ь)
Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай хIинца дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.
-ХIокху урокехь вайна девзар ду кIеда хьаьрк.
— ЛадогIа хIокху байте.
Слайд:
Ю со алфавитан нана,
Бу-кха соьгахь боккха бала.
Элпийн амалш кIадъеш, хазъеш
Царна юккъехь барт а беш,
Дешнийн маьIна лар а деш.
Ь — кIеда хьаьрк
— Бераш, хIокху абате а хьовсий, ала маса элп Iамийна вай.
Слайд:
— ХIинца вай доьшур ду кIеда хьаьрк юкъахь долу дешнаш.
— Вай Iамийнчу массо а элпаша билгалдой аз?
— Нохчийн маттахь ду цхьа а аз билгал ца ден элп. Цунах лаьцна дуьйцур ду вай.
— Суьрташка а хьовсий, ала, хIун го вайна кху тIехь.
Слайд:
альбом
тетрадь
больница
конькеш. (суьрташца гойту)
— Билгалдаккхий вай кху дешнашкахь кIеда хьаьрк.
— ХIинца хIара дешнаш дешдакъошка доькъур ду вай.
Слайд:
Аль-бом
Тет-радь
Боль-ни-ца
Конь-кеш
— ХIара кIеда хьаьрк ца хилча, муха дешалур дара вайга гуш долу масалш, хIун башхо го вайна церан дешарехь а, яздарехь а.
— ХIинца кIеда хьаьрк дилла Iемар ду вай.
Слайд: (анимаци)
— ХIинца хIара элпаш дIаяздан хьовсий вай.
Слайд:
А, о, у,
а+ь
о+ь
у+ь
Даладе вай цаьрца масалш.
Слайд:
Аьрзу, оьпа, уьстагI.
КIеда хьаьрк, кIеда хьаьрк
Хьо ца хилча йиш яц тхан яздан дешнаш: аьрзу, оьпа, уьстагI.
Аьрзу метта хир ду арзу,
Оьпа метта хир ду опа,
Ткъа уьстагI метта — устагI.
Слайд:
Тхан доьзал боккха бу.
Сан нанас лоьралла леладо.
Тхан дадас уьстагIий Iалашдо.
Аьхка денош деха хуьлу.
Юьртан майданахь гулам бара.
— Iамийнарг тIечIагIдеш, хIокху предложенешкара кIедачу хьаьркан гIоьнца кхолладелла аьзнаш шайца долу дешнаш схьаяздийр дув ай.
Слайд: (нийса иштта хир ду, суьташца гайта)
Доьзал
Лоьралла
УьстагIий
Аьхка
Хуьлу
Юьртан
— Тахана девзи кIеда хьаьрк. Цо аз билгалдеш ца хилар хии вайна.
— Кху тIехь вешан рогIера урок ерзор ю вай.
— Iодикайойла шун!
-Марша Iойла!