2 класс. № 28
Урокан ц1е: Предложени.
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
-Вай х1инца д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Тахана вайна хуур ду, стенах олу предложени.
Слайд:
-Адамийн кхочушхилла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех я оццу маь1ница лелачу шакъаьстинчу дашах предложени олу.
Слайд:
Суьйре. Малх чубуза гергабахана. Юьртахойн бежнаш, уьстаг1ий ц1а оьхуш ду.
-Предложени дешнех лаьтта.
Слайд:
Предложени хуьлу: дийцаран, хаттаран, айдаран.
Предложени язъян йолайо доккхачу элпаца.
Предложени чекхъяьлча т1адам буьллу я маь1ница йог1у хьаьрк (!?) х1оттайо.
Слайд:
Масала:
Бераш деша доьлху.
Абу, хьо тхоьга вог1ий?
Ма хаза бу вайн Даймохк!
— 1пмийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Хьовса кху дийцаран кийсаке, оьшучохь т1адамаш а дохкуш, схьаязъе предложенеш.?
Слайд:
Вехаш вара воккхастаг ша санна къена ц1ийннана а яра цуьнан тайна, бертахь дехара и шиъ воккхачу стага денна гихь хьуьнхара дечиг кхоьхьура, ткъа йоккхачу стага, лулахошна и д1а а духкуш, цунах шайна юург латтайора иштта д1анисйора цара шайн къоьлла
— Т1едиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Вехаш вара воккхастаг. Ша санна къена ц1ийннана а яра цуьнан. Тайна, бертахь дехара и шиъ. Воккхачу стага денна гихь хьуьнхара дечиг кхоьхьура, ткъа йоккхачу стага, лулахошна и д1а а духкуш, цунах шайна юург латтайора. Иштта д1анисйора цара шайн къоьлла.
-Х1инца х1окху дешнех предложени х1отто хьовсий вай .
Слайд:
Д1айоьлху, махка, бовхачу, г1арг1улеш, гуьйранна.
— Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Г1арг1улеш гуьйранна бовхачу махка д1айоьлху.
-Х1окху суьрте а хьовсуш дийцар х1отто хьовсий вай:
Слайд:
— Гергарчу хьесапехь дийцар иштта хила мега:
-1аьнан хан ю. Бераш арахь ловзуш ду. Т1едог1уш ло ду. Цхьаберш лайн мижаргех ловзуш бу, вуьйш лайн баба еш бу. Царна дехьо салазаш т1ехь хехкалуш а ду бераш. Берийн самукъадолу.
— Вай дийцарехь ялийна предложенеш, шайн аларан 1алашоне хьаьжжина дийцаран маь1нехь ю.
-Тахана урокехь вайна хии дийцаран предложени чекхъяьлча т1адам буьллуш хилар, кхочушхилла ойла гойтуш, вовшашца уьйр йолуш цхьаьнакхеттачу дешнех я оццу маь1ница лелачу шакъаьстинчу дашах предложени олуш хилар а.
-Кху т1ехь вайн урок ерзор ю вай.
— 1одика йойла шун. Марша 1ойла!
Дудаева Ирса Хожаевна.