Урок №24 Нохчийн мотт 2 класс
Тема: «Доккха элп яздар»
-Де дика дойла шун, хьоме дешархой!
-Дахаран массо а дийнах пайда а оьцуш, вайн нагахь санна дешар т1ехь кхиамаш хилахь, вай сий долуш дехар ду кху лаьтта т1ехь.
-Вай д1айолайо рог1ера нохчийн меттан урок.
-Тахана вай урокехь 1амор ду «долара ц1е», «юкъара ц1е» и ши кхетам вовшех къасто.
-Вайна хуур ду долара ц1ераш даккхийчу элпашца язйой, юкъара ц1ераш кегийчу элпашца язйой.
-Яханчу урокехь вай дийцира х1уманаш билгалъен дешнех лаьцна, х1инца уьш карладохур ду вай.
-Суьрташка а хьовсе, х1ора суьртана хаттар а х1оттош жоп ло.
Слайд:
Х1ун? борз Х1ун? ча Х1ун? цхьогал
Мила? дада Мила? йо1 Муьлш? бераш
-Х1уманаш билгалъечу дешнаша х1ун? бохучу хаттаршна жоп ло.
Х1ун? борз, ча, цхьогал.
—Ткъа адам билгалдеш долчу дешнаша мила? муьлш? бохучу хаттаршна жоьпаш ло: Мила? дада, йо1; Муьлш? бераш.
-Тахана вай 1амор ду доккха элп яздаран бакъонех лаьцна:
-Д1адеша цкъа хьалха аьрру б1ог1амалгахь долу дешнаш, юха аьтту б1ог1амалгахь дерш.
Слайд:
белхало Соьлжа-Г1ала, Гуьмсе
г1ала Муса, Анзор, Ахьма,
дешархо Хьалха- Марта, Шела
хи Терк, Соьлжа, Бас, Марта
—Тидам а бай ала, муьлхачу б1ог1амалгара ц1ердешнаш яздо доккхачу элпаца. Х1унда?
-Нийса боху, шолг1ачу б1ог1амалгара дешнаш яздина доккхачу элпаца, уьш долахь ц1ераш ю.
-Хьалхарчу б1ог1амалгара дешнаш яздина жимачу элпаца- уьш юкъара ц1ерш ю.
-Суьрташка а хьовсий, д1адеша царна к1ел яздинарг.
Слайд:
кхокха аьрзу Кхокха Аьрзу
-Хьанна хуур дара х1унда яздина и дешнаш тайп-тайпана.
-Дагахь латтаде:
Слайд:
Доккхачу элпаца язйо:
Адамийн ц1ерш, фамилеш (Салман, Луиза Исмаилова, Жумин Акхтула); дийнаташна техкина ц1ерш (эса Мимша, ж1аьла Гудри, говр Бокъша); г1аланийн, яртийн, урамийн, хин ц1ерш( Шела, Г1ойт1а, А.Идрисовн ц1арах урам, Гих).
-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай:
-Дешнаш шина б1ог1амалге д1аязде:
1-ра б1ог1амалге -долара ц1ерш;
2-г1а б1ог1амалге -юкъара ц1ерш.
Слайд:
Ваша, Ахьмад, к1ант, доттаг1, Ваха, Шарипов, Халикова, нана
Слайд: (нийса иштта хир ду)
«Долара ц1ерш» «Юкъара ц1ерш»
Ахьмад, ваша
Ваха, к1ант
Шарипов нана
Халикова доттаг1
-Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Лахарчу дешнех пайда а оьцуш предложенеш х1иттае:
-Доларчу ц1ершна к1ел сиз хьакха.
Слайд:
1.Чарх, дас, тамарина, ийцира.
2.Яздина, салмана а, 1. гайсултановс, лукъмана а, туьйранаш, дийшира.
3.Лор ю, жарман шаипова, дика.
Слайд: ( нийса иштта хир ду)
1. Дас Тамарийна чарх ийцира.
2. Салмана а, Лукъмана а 1. Гайсултановс яздина туьйранаш дийшира.
3.Жарман Шаипова дика лор ю.
-Кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:
-Текст лерина д1а а еший, хин ц1ерш схьаязъе.
Слайд:
Хьийза, хутал санна, Терк,
Охьауьду чехка 1ас,
Соьлжах кхета тийна Жалкх,
Коьртехь жима дог1у Марта,
Ламанах бухдуьйлу Орга.
Слайд: ( нийса жоп)
Терк, 1ас, Жалкх, Марта, Орга.
-Бераш, тахана вай дийцира долара ц1ераш даккхийчу элпашца язъярх а, юкъара ц1ераш кегийчу элпашца язъярх а лаьцна.
Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю.
1одика йойла!
Марша 1ойла!