2 класс. Урок № 19
— Маршалла ду шуьга , хьоме дешархой.
-Х1окху урокехь шун таро хир ю зевне а, къора а мукъаза аьзнаш довза а, уьш йозанехь билгалдаха а.
—Нохчийн маттахь мукъаза аьзнаш къора а, зевне а хуьлу:
Слайд:
Зевненаш: б, в, г, д, ж, з, 1.
Къоранаш: п, к, т, ш, с, хь.
-Зевне мукъаза аьзнаш олучу хенахь, аз а, г1овг1а а хуьлу, ткъа къоранаш олуш г1овг1а бен ца хуьлу.
Масала:
Беш — пеш, дой — той, газа — кара, гомаш — куьйра, жа — ша, зурма — седа, зама — саба, 1ахар — хьайба.
-Цхьадолчу мукъазчу аьзнашна т1аьхьа 1 яздо, ткъа къора мукъаза аз билгалдечу элпана т1аьхьа хь яздо.
Слайд:
н1аьвла, пхьид, ж1аьла, пхьагал, б1аьрг, пхьарс, з1окх, м1ара, пхьар.
-Х1инца ас шуна цхьа х1етал-метал лур ду, ялх элпах лаьтташ долу:
Слайд:
Х1етал-метал хаийла хьуна:
Ж1аьла гича, йог1уш хорша
Бен чу дулу 1ожа пхьош
ц |
Жоп: Нийса ду –иза цхьогал ду.
ц | хь | о | г | а | л |
—1амийнарг т1еч1аг1деш, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Шеран муьлха хан ю х1ара? Дийца
Слайд:
Арахь шийла ю. Лаьттахь ло ду. Чохь ц1е ягайо. Бераша салазаш хоьхку, лайн мижаргех ловзу.
-Текстехь юьйцуш ерг 1аьнан хан ю.
-Салазаш бохучу дашехь билгалдаьхна аьзнаш муьлханаш ду (къора я зевне)
-Салазаш бохучу дашехь билгалдаьхна аьзнаш – [с] – къора мукъаза аз ду,
— [з] – зевне мукъаза аз ду.
—Х1окху урокехь вайн таро хили зевне а, къора а мукъаза аьзнаш довза а, уьш йозанехь билгалдаха а.
Цу т1ехь урок ерзор ю вай.
1одикайойла. Марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
Нохчийн мотт. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Эдилов С.Э. Соьлжа- Г1ала. АО « ИПК «Грозненский рабочий» -2016
Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 36.
Батаева Альбика Асхабовна.