2 класс урок№18 ев, ов, аьв, юкъадогIу дешнаш нийсаяздар

                 2  класс         

       Урок 18      

      Нохчийн  меттан интернет  урокан  х1оттам.

                  Урокан ц1е: «Ев», «ов», «аьв» юкъадог1у дешнаш нийсаяздар.

-Де дика дойла шу, хьоме дешархой! Шу  урокана кечам бина девллехь, вай д1айолор ю рог1ера нохчийн меттан урок.

   Вай тахана урокехь шуна довзуьйтур ду ев, ов, аьв юкъадог1у дешнаш а, церан нийсаяздар а.

-Тидам а беш,  д1адеша дешнаш.

Слайд:

Тхевнаш                                  говр

эвлахь                                     ловзар

кевнаш                                    эвхьаза

совг1ат                                    къовса

б1аьвнаш                                ж1ов,

б1овдов.

-Т1ера схьаязде, В элпана хьалхарчу мукъачу элпана к1ел сиз хьакха.  Аша тидам бина хир бу, мукъа аьзнаш в-на хьалха тайп-тайпана хезаш хиларан.

Слайд:

Нохчийн маттахь мукъа аз в-на хьалха тайп-тайпана хаза тарло. В-на хьалха а я о хезаш хилча, о яздо: ж1ов, говр.

Оь хезаш хилча, е, э яздо: девзиг, эвла. Амма хь-ний, 1-ний т1ехьа аь яздо: б1аьвнаш, ж1аьвнаш, хьаьвда.

-Х1инца вай ловзаран кепаш д1ахьур ю.

            1. «Керла дош кхолла».

-Хьалхара элп хийца а хуьйцуш, керла дешнаш кхуллур ду  вай:

Слайд:

 ков,  …ов,  …ов, …ов,…ов, …ов, …ов

Слайд: ( Нийса иштта хир ду)

ков,  дов,  лов, сов,тов, 1ов, чов.

-Оцу дешнашкахь в элпана хьалха х1ун хеза вайна? (О аз хеза).

[О] аз хеза, цундела вай оцу дешнашкахь в-на хьалха о элп яздо.

2. «Совнаха дешнаш караде».

Слайд:

Девзиг,  кевнаш,  чхьаьвриг,  девнаш, чевнаш,  хьаьвда,  ц1евнаш, б1аьвнаш, тхевнаш.

Чхьаьвриг

 Хьаьвда    }        —Х1унда ду и дешнаш совнаха?

 Б1аьвнаш

-Вукху дешнашкахь в-на хьалха е яздо, ткъа оцу дешнашкахь хь-ний, 1-ний т1ехьа аь яздо.

   3. «Суьртан  метта дош ала».

Слайд:

-1емаш ву со тилла    (тхов).

-Хьостамна т1е етташ       (ж1ов).

— Х1ун элп яздина оцу дешнашкахь в-на хьалха?  (о)

-1амийнарг т1еч1аг1деш, д1аязде дешнаш :

Шайна  юккъехь ев(эв), ов, аьв   долу дешнаш, к1ел сих  хьакхий,  билгалдаха.

Слайд:

Эвла,  йо1,  зезаг,  ц1ов,  ж1аьла, хьовла,  хьач,  кховр, н1аьна, чхьаьвриг, девзиг, моза,  н1аьвла,  кхор, ткъов,  эса, Эвтара,  Эвлияъ.

-Дагахь латтае церан нийсаязъяран бакъонаш.

-Цу т1ехь вайн рог1ера нохчийн меттан урок чекхйолу.

-1одика йойла. Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература:

1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов.Нохчийн мотт  2 класс. Соьлжа-г1ала АО «ИПК» Грозненский рабочий»-2016 ш.

2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш 1ема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи) ГУП «Книжное издательство» -2007 ш.

Урок кечйинарг нохчийн меттан хьехархо: Дашаева Аминат Салаудиновна

Close
Яндекс.Метрика