Урок 13. (2-г1а)
урокан тема: «Дешнаш сехьадахар».
-Де дика хуьлда шун, хьоме бераш!
-Хазахета юха а вай х1окху урокехь вовшахкхетта.
-Дала могуш а, маьрша а леладойла шу вайн къоман мотт 1амо а, цуьнан к1оргенаш йовза а.
— Х1окху урокехь вайна 1емар ду дешнаш дешдакъошка декъа а, доькъуш сехьа даха а. Евзар ю дешнаш сехьадахаран бакъонаш а, хуур ду царех йозанехь пайдаэца а.
-Дика тидам бе х1окху дешнийн:
Слайд:
Амани Ама-ни
Школа шко-ла
ч1ара ч1а -ра
эхира эхи — ра
т1оьрмиг т1оьр — миг
-Х1ун башхалла ю х1окху дешнашна юккъехь.
-Муха яздина ду шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш?
Шолг1ачу б1ог1амалгера дешнаш доькъуш яздина ду.
Слайд:
Ама-ни шко-ла ч1а –ра эхи — ра т1оьр — миг
Слайд:
Дош цхьана мог1анера кхечу мог1ане дешдакъошца доккху. Цхьа элп шадита а, кхечу мог1ане даккха а мегаш дац. Керлачу мог1ане иштта даккха деза:
Масала: аре – наш, шов – да, к1а –ди.
-Х1инца д1а а деший, схьаязде цхьанадешдекъа х лаьтта дешнаш:
Слайд:
Класс, седа, туьйра, ирс, Кавказ, Даймохк, буьрка, чан, мотт.
Слайд: нийса иштта хир ду
Класс, ирс, чан, мотт.
-Уьш цхьана дешдекъах лаьтташ долу дешнаш ду. Цундела уьш декъалуш дац.
Тидам бийр бу вай х1окху дешнийн:
аре – а-ре
оьпа – оь-па
алу – а-лу
эса – э-са
-Цхьана элпах лаьтта дешдакъа а сехьадаккха ца мега.Цхьа элп ша дита а, кхечу мог1ане даккха а ца мега.
-1амийнарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Дешнаш д1а а яздина дешдакъошка доькъур ду вай.
Слайд:
Бекъа, к1еза, к1орни, буьхьиг, 1ахар, шекъа,
болат, мижарг, хорсам, аьлха, шелиг.
-Нийса иштта хир ду: Слайд:
Бе-къа, к1е-за, к1ор-ни, буь-хьиг, 1а-хар, ше-къа,
бо-лат, ми-жарг, хор-сам, аьл-ха, шел-иг.
-Х1инца кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
-Кегаделла дешдакъош ду, царех дешнаш а кхуллуш, уьш дешдакъошка нийса декъа.
Слайд:
Бар, со; г1ат, сов; гар, сто; ба, са; г1а, са;
ка, стох; лаз, са; лам, са; там, кхе;гар, сто.
Слайд: нийса иштта хила деза)
Бар, со – собар – со-бар
г1ат, сов – совг1ат – сов-г1ат
гар, сто – стогар – сто-гар
ба, са – саба – са-ба
г1а, са – саг1а – са-г1а
ка, стох – стохка – стох-ка
лаз, са – салаз – са-лаз
лам, са – салам – са-лам
там, кхе – кхетам –кхе-там
гар, сто – стогар – сто-гар
-Хьоме дешархой!
— Вайна 1еми дешнаш дешдакъошка декъа а, уьш мог1анера нийса керлачу мог1ане сехьадаха а.
1одикайойла шу, марша 1ойла!
Хьехархо:Абаева Берлант Ихвановна.
Пайдаэцна литература:
СолтахановЭ.Х.,СолтахановИ.Э.,Эдилов С.Э.1амат «Нохчийнмотт» 2-г1а класс;
Эдилов С.Э.»Ловзуш 1ема».; Эдилов «Самукъане грамматика».