2 класс урок№11 Нохчийн абат

 2класс.  Урок№ 11.

 Тема: Нохчийн  абат.                            

-Маршалла  ду  шуьга,  хьоме дешархой!

-Вай юха а  д1айолор   ю  рог1ера  нохчийн  меттан  урок.

— Тахана вайна хуур ду абат  бохург  х1ун  ду, алфавит х1ун  ю. Иштта царах х1унда  олу.

Слайд:

 -Нохчийн  абатехь (алфавитехь)  49  элп ду. Х1ора элпан  шен ц1е ю.

А а     аАьаь   аьБб бэВв вэГг гэГ1г1 г1аДд дэЕе еЁё йоЖж жеЗз зе
Ии иЙй йКк каКхкх кхаКъкъ къаК1к1 К1аЛл эльМм эмНн энОо оОьоь оь
Пп пэП1п1 П1аРр эрСс эсТт тэТ1т1 т1аУу уУьуь уьФф эфХх хаХьхь хьа
Х1х1 х1а  Цц цэЦ1ц1 ц1аЧч чаЧ1ч1 ч1аШш шаЩщ шаЪ ч1ог1а хьаьркЫ ыЬ к1еда хьаьркЭэ э
Юю юЮьюь юьЯя яЯьяь яь11 1а      

-Ч1ог1а  мехала  а,  оьшуш  а ду элпийн  рог1алла  дагахь  латтор.   Иза   бен  а доцуш  х1оттийна  яц, аьзнаша (элпаша) вай буьйцучу меттехь, дечу къамелехь   дакъалацаре   хьаьжжина  х1оттийна ю.  

 Слайд:

Абат (алфавит) – иза цхьана кепехь д1анисдина элпаш ду. Абатехь х1ора элпан шен меттиг ю.

-Массо  а меттан шен абат ю –аьзнаш билгалден  элпийн  гулар. Ткъа хаьий шуна,  абат  боху  дош  муха  кхолладелла?  Юста  1арбийн  а, нохчийн  а хьалхарчу элпийн ц1ерш.

Слайд:

А                           алиф

Б                            ба

Т                            та

-1арбийн  хьалхарчу кхаа элпан ц1ерех кхолладелла  дош ду абат.

-Алфавит  боху  дош а грекийн хьалхарчу  альфа,  бета  ц1е йолчу шина элпах кхоьллина ду.

Слайд:

Х1етал-метал хаийла шуна

         Ду и тамашена г1утакх,

         Кхочушдо цо доккха г1уллакх,

         1алашдо цо нохчийн элпаш-

         Уьш  дагардан  тоац п1елгаш,

         Х1ора элпан ю шен к1ара,

         Цу чуьра и далац ара.

         Х1ора элпан ду шен амат-

         Олу цунах, бераш, …. .   (абат)

-Хии вайна иза х1ун ю. Иза абат ю.

-Х1инца, 1амийнарг т1еч1аг1деш  цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.

Абатан рог1аллехь схьаязде х1ара дешнаш.

Слайд:

Ж1ов,  аьрзу, кхокха, ц1азам, бад, ворта,  г1аз, диг, етт, ёлка, к1еза, зу,  маьнга, говр,  юьхк, 1ахар, га, ага.

-Болх нийса бинехь иштта хила беза:

    Слайд: Нийса иштта хир ду

 Ага,  аьрзу, бад, ворта,  га, говр,  г1аз, диг, етт, ёлка, ж1ов, зу, кхокха, к1еза, маьнга, ц1азам, юьхк, 1ахар.

-Х1ара дагахь латтаде.

Слайд:

Алфавитан  рог1аллехь язйо фамилеш а, д1анисйо  библиотекера  книгаш  а.

Дошам  т1ера  дешнаш а  алфавитан  рог1аллехь д1анисдо.

— Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.

-1одика йойла шун, марша 1ойла.

Пайдаэцна литература:

Абат. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э.  Соьлжа- Г1ала. АО « ИПК «Грозненский рабочий» -2016

Урок кечйина: Хьехархо СОШ № 49.

 Хасаева Зара Кюровна.

Close
Яндекс.Метрика