2 класс урок№5 Мукъа а, мукъаза а аьзнаш а, элпаш а

2  класс.         Урок 5

Мукъа   , мукъаза     аьзнаш  а , элпаш   а. 

 Маршалла  ду   шуьга  , хьоме   дешархой!

Цунна уллохь 1охкуш ду,

Доьлхуш, декаш «а», «и», «у».

«Б» ду букар хьаьвзина,

Г1ортор йоцуш , дожийна.

Бераш, элпаш ларалаш!

Хаза яздан 1амалаш!

— Стенах лаьцна дуьйцур ду вай урокехь?

-Вай 1амор ду мукъа аьзнашший, элпашший, хуур  ду   х1ун башхалла  ю  мукъачу  а, мукъазчу   а аьзнашна  юкъахь. 1емар ду дешнашкахь мукъа элпаш  буха сиз хьакхарца схьакъасто.

Цкъа хьалха  ала аьзнаш а, аь, о, оь,

 т1аккха – б, м, г, г1, кх, т.

Тидам бе муьлха аьзнаш олучу хенахь  х1аваъ багахула цхьа а новкъарло йоцуш парг1ат арадолу.

Слайд :

Аьзнаш   шина  тайпана хуьлу.

-Багахула   х1аваъ парг1ат арадолучух  мукъа аз олу.  

— Уьш исс ду -а, аь, и, о, оь, у, уь, э, ы

Мукъачу озо  дешдакъа кхуллу:

Э-са,  оь-па, къо-лам, аьр-зу.

Ши аз билгалдеш долу мукъа элп ялх ду:

 е(йэ), ё(йо), ю(йу), я (йа) юь, яь.

— Олучу хенахь багахула  арадолучу  х1аваана  балдаша , цергаша , матто  дуьхьало  хуьлучух  мукъаза аз олу. б, м, г, г1, кх, т

-Уьш озах -г1овг1анах а лаьтта: (б,в.г,г1,д..) я г1овг1анах лаьтта (п,к,т)

— Цхьа т1едиллар хир ду сан шуна , иза кхочуш дан хьовса , бераш…

Д1аязде дешнаш цкъа хьалха мукъачу элпашца долалуш дерш, т1аккха мукъазчу  элпашца.

Слайд :

Орам, нана, юрт, лами, урам, оьпа, аьлха, б1аьсте, етт, шортта, ерстина, толам,  юрг1а, эмкал,     ялг1у,  ялх,  кхойтта, эзар, йома.

Нийса  кеп:  Орам, юрт, урам, оьпа, аьлха,  етт,  ерстина, юрг1а, эмкал,     ялг1у, ялх, эзар, нана, лами, , б1аьсте, шортта, толам,  , кхойтта, йома.

Ткъа х1инца кхин а т1едиллар дийр ду вай.

Мукъачу элпана т1ера д1адолалуш долчу дешнашна к1ел сиз хьакха.

Слайд:

    1ахар, йоза, эвла, школа, газета, кхокха, аьхка,  сай, п1елг, хьоза, оьрси,къолам, котам, юрт, г1ала, альбом,накъост, т1ам, яьшка,пондар.

Талла :1ахар, йоза, эвла, школа, газета, кхокха,  аьхка,сай, п1елг, хьоза, оьрси, къолам, котам, юрт, г1ала, альбом,  накъост,  т1ам, яьшка, пондар.

Кху т1ехь вайн урок чекхйолу.Дала хаарш т1ехь сов дохийла шу. 1одика йойла. Марша 1ойла!

Пайдаэцна литература:

1.Э.Х.Солтаханов., И.Э.Солтаханов., С.Э.Эдилов. Нохчийн мотт  2класс , Грозный:АО

2. «Издательско-полиграфический комплекс Грозненский рабочий,2016». С.Э.Эдилов. «Ловзуш 1ема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи)

3.З.Д.Джамалханов, У.Х.Эжаев, Э.Х. Солтаханов. Грозный ГУП

     «Книжное издательство»

Урок кечйинарг:  юьхьанцарчу классийн хьехархо Мецигова Фариза Яхъяевна.

Close
Яндекс.Метрика