2 класс урок№3 Къамел

                                                  Йозанан урок (3 урок)     2 класс

Тема: «Къамел»

-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

-Делан лаамца, вай юха а д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.

-Тахана вайна хуур  къамел х1ун ю, стенна оьшу адамашна къамел.

Иштта 1емар ду шайн дахарехь   гинчух,   зеделлачух лаьцна къамел дан а.

-Предложенех  долу  хаарш карла а дохур ду вай.

-Суьрташка а хьовсе ала, муьлхачу билгалонашца гайтина дешнаш:

 къена, хьожу, вог1у.

Слайд:

 Дешнаш суьрташца гайтина. Нийса боху.

         вог1у                                        хьожу                                  къена

-Адамаш мотт бийца дуьйладелла дуккха а хьалха.

Юуург лаха а, г1ишлош ян а дезара церан. Адамаша вовшашка г1о дан кхойкхуш хилла. Иштта кхолладелла барта къамел.

 Къамел хуьлу:

барта;

йозанан.

-Х1ора суьрте а хьовсий, билгалдаккха къамелан тайпа.

Слайд:

 к1ант яздеш ву      нана к1антана г1одеш ю           дас цицигашна юург ло

— Вай олург а, вайна хезарг а барта къамел ду;

 Барта къамелехь предложени доккхачу элпаца йолаяр билгал ца долу, х1ора предложенин чаккхенехь вай соцунг1а йо.

Слайд:

Вайн къамел предложенех лаьтта, ткъа предложенеш- дешнех.

Барта къамелехь цхьа предложени вукхунах соцунг1а ярца къастайо.

-Вай элпашца д1аяздийриг йозанан къамел ду.

-Х1инца и предложенеш йозанца д1аязйийр ю вай.

Слайд:

К1ант яздеш ву.  Нана к1антана г1одеш ю.

Дас цицигашна юург ло.

-Йозанехь предложени доккхачу элпаца язйо, чекхъяьлча т1адам буьллу.

Слайд:

Предложенин хьалхара дош доккхачу элпаца яздо. Предложенин чаккхенга т1адам (.), хаттаран (?), айдаран (!) хьаьрк дуьллу.

-1амийнарг т1еч1аг1деш т1едахкарш кхочушдийр ду вай.

-Текст схьаязъе, предложенешка а йоькъуш.

— Х1ора предложени доккхачу элпаца йолае, чаккхенгахь т1адам билла.

Слайд:

Баппа б1аьстенан зезаг ду лекхачу нийсачу дег1а т1ехь бу цуьнан можа корта иза жимачу малхах тера хуьлу.

Слайд: 

 ( нийса  иштта хир ду)

Баппа б1аьстенан зезаг ду.  Лекхачу нийсачу дег1а т1ехь бу цуьнан можа корта.  Иза жимачу малхах тера хуьлу.

— Кхин цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

Предложенин чаккхенгахь хьаьркаш х1иттае.

Слайд?

Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь Бераш ловзу, луьйчу 

Хьо хиллий аьхка юьртахь

 Слайд:   ( нийса иштта хир ду)

Ма хаза хуьлу аьхка юьртахь! Бераш ловзу, луьйчу. 

Хьо хиллий аьхка юьртахь?

-Тахана вайна урокехь хии къамел х1ун ю, стенна оьшу а.

Карладехи предложенех долу хаарш.

    -Хьоме  бераш !   Кху  т1ехь   чекхйолу вайн таханлера урок. Хаддаза   къахьега  деза  вай  вешан  мотт  кхиорехь. Дала   аьтто  бойла  шу!

  — 1одика йойла шун!   Марша 1ойла!

Close
Яндекс.Метрика