2 класс урок№2 Доларчу цIерашкахь доккха элп яздар

Урок № 2. Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздар.

-маршалла ду шуьга , хьоме бераш!

-Вайн таханлерчу урокехь дуьйцур ду,  Доларчу ц1ерашкахь доккха элп яздарх лаьцна.

-Цкъа хьалха 1амийнарг  карладоккхуш, болх бийр бу вай.  Яханчу урокехь вай 1амийра  «Предложени а, дош а».

 -Дешнийн г1оьнца ц1ерш тохку адамашна,  дийнаташна, гонахарчу массо а х1уманашна.

-Ткъа дешнех предложенеш х1иттайо.

Слайд:

Кхочуш хилла яьлла ойла гойтучу цхьана я масех дашах предложени олу. Предложенехь дешнаш маь1ница вовшашца дог1уш а, вовшашца уьйр йолуш а  хила деза.

  -1амийнарг карладоккхуш, ялийначу дешнийн тобанех предложенеш х1иттор ю вай:

Слайд:

  1. Вахара, юрта, со.
  2. Олхазарш, тосу, яах1ума, бераш.
  3. З1аьнарш, хазйинера, маьлхан, хьун.

         Слайд: ( нийса иштта  хир ду)

  1. Со юьрта вахара.
  2. Бераша яах1ума тосу олхазаршна.
  3. Маьлхан з1аьнарша хазйинера хьун.   

    -Х1окху предложенешкахь дешнаш маь1ница дог1уш а, вовшашца уьйр йолуш а ду. Цхьадолчу дешнаша , вовшех тасалуш, шайн кеп хийца йиш ю.

   -Кхин д1а урокан теми т1ехь болх д1ахьур бу вай.

   — Урокан юьххьехь вай билгалдаьккхира,  дешнаша массо х1уманна ц1ерш тохкуш хилар.

— Царна юкъахь ц1ерш, кхечу х1уманех схьакъастош, шайнна, къаьсттина техкина ц1ерш ю . Царех долахь ц1ерш олу.

Слайд:

    Адамийн ц1ерш, фамилеш,  ден ц1ерш – долахь ц1ерш ю.

Долахь ц1ерш доккхачу элпаца язйо.

   Масала:  Тамара, Эльдар, Атаев Муса, Таймин Бийболат.

-Иштта вай дагахь латто деза:

Слайд:

 Доккхачу элпаца язйо дийнаташна техкина ц1ерш а, г1аланийн, яртийн, урамийн, хин ц1ерш а.

Масала: цициг Пису, ж1аьла Гуржи, говр Бокъша

Соьлжа-г1ала , Ведана, А.Авторхановн ц1арах урам, Терк.

Вай 1амийнарг т1еч1аг1деш цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай:

     -Дийцинарг тидаме а оьцуш, х1окху предложенешкара г1алаташ караде.

Слайд:

Со школехь доьшуш ю.

Тхан классерчу йо1ана лидина хаза сурт дилла хаьа.

Тхан хьехархочун ц1е марьям алиевна ю.   

Слайд: ( нийса иштта хир ду)

 Со школехь доьшуш ю .

Тхан классерчу йо1ана Лидина хаза сурт дилла хаьа.

Тхан хьехархочун ц1е Марьям Алиевна ю.  

Юха а карлайоккху вай  долахь ц1ерш язъяран бакъо:

Слайд:

   -Лида, Марьям Алиевна – долахь ц1ерш ю .

Уьш доккхачу элпаца язйо.

    -1амийнарг т1еч1аг1деш, кхин а цхьа т1едиллар кхочушдийр ду  вай.

Доларчу ц1ерашна буха сиз а хьокхуш, д1аязъе предложенеш.

Слайд:

Аьхка со баба йолчу Шуьйта яхара. Юьртана юххехь охьадог1уш Орга хи ду. Бабас кхобуш етт Ч1ама а, эса Мимша а ду.

Слайд:

-Т1едиллар нийса иштта кхочушдина хила деза:

Аьхка со баба йолчу Шуьйта яхара. Юьртана юххехь охьадог1уш Орга хи ду. Бабас кхобуш етт Ч1ама а, эса Мимша а ду.

Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.

Close
Яндекс.Метрика