Урок № 1 нохчийн меттан интернет урок 2 класс.
-Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
Делан лаамца, вай юха а д1айолайо нохчийн меттан рог1ера урок.
-Вай тахана урокехь карладоккхур ду хьалхарчу классехь 1амийнарг.
«Дош а, предложени а.»
-Хьалхарчу классехь вайна еша а, язъян а 1емина. Ткъа х1инца 1амийнарг карла а доккхуш, вайн хаарш кхид1а а шордийр ду вай.
-Нохчийн алфавит 49 элпах лаьтташ ю. Царех шалха элп 15 ду.
Уьш шина хьаьрках кхоллало. Уьш ду:
Слайд;
АЬ,Г1, КХ,КЪ,К1, ОЬ, П1, Т1, УЬ, ХЬ, Х1, Ц1, Ч1, ЮЬ, ЯЬ.
-Нохчийн маттахь 15 мукъа элп ду, 19 аз а ду.
— Х1окху элпаша ши аз билгалдо:
Слайд:
е-йэ, ё-йо, ю-йу, юь-йуь, я-йа, яь-йаь.
— Нохчийн маттахь т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела элпаш х1орш ду:
Слайд:
ё, ф, щ, ы.
— Аьзнаш мукъа а, мукъаза а хуьлу. Мукъачу озо дешдакъа кхуллу.
Слайд:
Масала: а-га, на-на, да-хар, лам.
— Кхид1а вай дуьйцур ду дашах а, предложенех а лаьцна.
— Къамел дечу хенахь вай предложенеш олу. Предложенеш дешнех лаьтта. Дешнийн г1оьнца вай ц1ерш тохку адамашна, дийнаташна, гонахарчу массо а х1уманашна.
Слайд;
Масала: книга, ручка, г1ант, дитт, урам.
— Далийначу цхьадолчу дешнех предложенеш х1иттор ю вай.
Слайд:
Нанас хаза книга ийцира Салманна.
Школан кертахь лекха дитташ ду.
—Хьалхарчу предложенехь диъ дош ду:
1-ра дош- Нанас;
2-г1а дош-хаза;
3-г1а дош-книга;
4-г1а дош- ийцира;
5-г1а дош- Салманна.
-Карладаккхий вай стенах олу предложени:
Слайд:
Предложени-иза кхочушхилла яьлла ойла гойту дош я масех дош ду.
-Дешнаш предложенехь маь1ница дозаделла хуьлу.
Слайд:
Бераша школехь доьшу.
Стиглахь къегина кхетта малх.
Хьуьнахь дуккха а стоьмаш хуьлу.
— Ткъа х1инца, язйинарг д1а а еший, предложени лаха.
Слайд:
- Даймохк, гуьйре, дикалла, дахар.
- Х1ора стеган а шен
- Х1ора стеган а шен Даймохк бу.
— Хьалхарчу мог1анна т1ехь яздинчух лаьцна х1ун эр дара вай?
Уьш дешнаш ду, юккъе ц1оьмалг а юьллуш, д1аяздина, маь1ница вовшашца дог1уш дац уьш.
-Шолг1ачу мог1анна т1ехь ерг а предложени яц, х1унда аьлча кхочуш хилла яьлла ойла ца гойту цара.
-Кхоалг1ачу мог1анна т1ехь ерг предложени ю. Предложенехь дешнийн вовшашца уьйр ю, маь1ница дог1уш ду уьш, кхочуш хилла яьлла ойла гойту цара, цуьнан чаккхенгахь т1адам бу.
-1амийнарг т1еч1аг1деш , цхьа т1едиллар кхочушдийр ду вай.
Лахахь ялийначу дешнийн тобанех предложенеш х1иттор ю вай.
Слайд:
- Мох, дитташ, гуьйренан, т1ера, лестадора, г1аш.
- Дог1а, урам, ваха, цициг, тхуна.
-Т1едиллар нийса кхочушдеш, хьалхарчу мог1анна т1ехь долчу дешнех иштта предложени х1оттор ю вай.
Слайд:
Гуьйренан махо лестадора дитташ т1ера г1аш.
-Предложени х1оттош, цхьадолчу дешнийн кеп хийцаяла а тарло .
Ткъа шолг1ачу мог1анна т1ехь долчу дешнех предложени х1отто йиш яц, уьш маь1ница вовшашца дог1уш дац.
— Т1адамийн метта маь1ница дог1у дешнаш язде.
Слайд:
Т1екхечи дашо … . Уггар а токхе хан ю … . … чудерзадо ялташ, стоьмаш, хасстоьмаш.
Нийса иштта хир ду:
Слайд:
Т1екхечи дашо гуьйре. Уггар а токхе хан ю гуьйре. Гурахь чудерзадо ялташ, стоьмаш, хасстоьмаш.
-Вай тахана урокехь карладаьккхи хьалхарчу классехь 1амийнарг.
Шорди дешнех а, предложенех а долу хаарш.
Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю. 1одика йойла шун!
Марша 1ойла!