Урокан тема ю :Йиш хадоран хьаьрк.
Цкъа теманах дикка кхета, йиш бохучу дашна синоним, гергара маь1на долу дош, далор ду: йиш-аз.
Нохчийн меттан абатехь 49 элп ду. Царна юккъахь, хьаьркаш ю аьлла, билгалйина муьлхачу элпийн ц1ерш ю?
Ъ-ч1ог1а хьаьрк, Ь-к1еда хьаьрк.
Вайна ма –хаъара, Ъ ч1ог1ачу хьаьркаца шалха элп къ кхоллало:
Масала:
къолам, хьекъал, къам, некъ, докъар.
Цхьадолчу дешнашкахь Ъ-ч1ог1ачу хьаьрках йиш хадоран хьаьрк хуьлу.
Масала:
маъ (ольха)
Юха а дика ладог1ал, муха олу и дош — ма (цхьа а дуьхьало йоцуш хецна олуш ду) +ъ (цу т1е йиш хадоран хьаьрк туьйхи вай), ц1еххьана, аз хадош, дош саций вай.
МАЪ
Дашна юккъехь я чаккхенгахь мукъа аз ц1еххьана йиш хадош олучохь йиш хадоран хьаьрк (ъ) язйо. Масала:
Терахьдешнашкахь (цхьанна т1ера – пхеанна т1е) 1-5 кхаччалц: цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ;
Цхьайолчу долахь ц1ерашкахь: Асмаъ,1айнаъ, Лайлаъ, Зараъ, Зураъ, Зулпаъ, Зайнаъ, Хьовраъ,Хасраъ;
Иштта кхидолчу а дешнашкахь: меъ, х1оъ, х1аваъ, лиъна, хаъал, тоъал.
Ъ – ч1ог1а хьаьрк цхьадолчу дешнашкахь къасторан маь1нехь а лела, масала:
Шелъелла, жимъелла, дуръяла, йицъян, лергъяхар, матаръюлу, юьстахъюьйлу, меттахъхьайна.
Х1окху масалшкахь Ъ –ч1ог1ачу хьаьрко цхьа а аз билгал ца до.
Х1инца д1аязде кхаа б1ог1амалге дешнаш. Хьалхарчу б1ог1амалге йиш хадоран хьаьрк йолу дешнаш, шолг1ачу б1ог1амалге -къасторан хьаьрк йолу дешнаш, кхоалг1ачу б1ог1амалге- шайна юккъахь шалха элп къ долу дешнаш
К1ад…елла, х1о.., нек.., ди…на, харж…ян , цхьа.., хьек…ал, матар…юлу, мук.., Асма.., , ме.., стам..елла, дук…ош, Зура.., ди.., к…амк…арг, хан…яьлла, овк…арш
Х1инца хьовсал, муха нисдина хила деза и дешнаш.
Хьалхарчу б1ог1амалгехь-дешнаш:
х1оъ
диъна
цхьаъ
Асмаъ
меъ
Зураъ
диъ
Шолг1ачу б1ог1амалгехь:
к1адъелла
харжъян
матаръюлу
стамъелла
ханъяьлла
Кхоалг1ачу б1ог1амалгехь:
некъ
хьекъал
мукъ
дукъош
къамкъарг
овкъарш
Юха а вай дийцинарг т1еч1аг1деш, х1окху таблицех пайдаоьцур бу вай:
1. Йиш хадоран маь1нехь лела: меъ, маъ, х1оъ, х1аваъ, лиъна,хаъал, тоъал, цхьаъ, шиъ, кхоъ, диъ, пхиъ, Асмаъ,1айнаъ, Лайлаъ, Зараъ, Зайнаъ, Хьовраъ,Хасраъ.
Кхоалг1а, Ъ-ч1ог1ачу хьаьркаца шалха элп къ кхуллу.
2. Къасторан маь1нехь лела: шелъелла, жимъелла, дуръяла, йицъян, лергъяхар, матаръюлу, юьстахъюьйлу,
меттахъхьайна.
3. Шалха элп — къ кхул: къолам, хьекъал, къам, некъ,халкъ, закъалт (залог),дукъ, йокъа, къамел, къонах, къахк (клён)
Ц1ахь йиш хадоран хьаьрк юккъахь йолу дешнаш шайца долу байташ карайой хьовса, царна т1ехь, вай йийцина бакъонаш карла а йохуш, болх бе.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Исраилова Жерадат Магомедовна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна