Вайн урокан 1алашо ю: ма-дарра долчу къамелах кхетам балар, ма-дарра къамел долчу предложенехь сацаран хьаьркаш яхка 1амор, дешархойн халкъан барта кхолларалле безам кхиор.
Хийца а ца хуьйцуш, ша ма-дарра (ма-аллара) далийначу къамелах ма-дарра къамел олу. Ма-дарра къамел долчу предложенехь авторан дешнаш хуьлу. Цара ма-дарра къамелах лаьцна хаам бо.
Х1инца вай д1айоьшур ю Гайсултанов 1умаран «Барзо амалш ца хуьйцу» ц1е йолчу басни т1ера жима кийсак.
«Барзо амалш ца хуьйцу»
Iай хало хьегна
Г1елъелла и борз,
Уг1ура г1ийла,
Букъах бина х1оз.
Гира цунна газа,
Дацара г1ор лаца.
Йистхилира иза,
Хила г1ерташ эсал:
«Газа, схьайола,
Хир вай доттаг1ий,
Со хийцаелла,
Кан ас хийцина».
(Гайсултанов I.Э.)
Цхьа а дош юкъара д1а а ца доккхуш, т1е а ца тухуш, олуш волчо ма-аллара далийна къамел дуй кху баснин кийсак юкъахь?
Х1окху кийсакехь ма-дарра къамел ду:
«Газа, схьайола,
Хир вай доттаг1ий,
Со хийцаелла,
Кан ас хийцина».
Шуна ма-гарра, хийца а ца хуьйцуш, барзо ма-аллара далийна къамел ду вай къастийнарг.
Йозанехь ма-дарра къамел кавычкаш юккъе лоцу, иза даима а доккхачу элпаца яздан доладо.
Ма-даррачу къамелах хаам бечу дешнех авторан дешнаш олу.
Вай юьйцучу баснин кийсакехь ма-дарра къамелаца авторан дешнаш х1орш ду:
Йистхилира иза,
Хила г1ерташ эсал:
Х1инца вай дуьйцур ду ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш х1итторах лаьцна.
Текст д1а а йоьшуш, хьовсур ду вай, муьлха предложенеш ю билгалъяьхнарш.
Бух1анан а, маьлхан а къовсам.
Цхьана д1аяханчу хенахь бух1а хилла шен доттаг1ашна гергахь дозаллаш деш, дерриге дуьне серладоккхуш берг шен ши б1аьрг бу бохуш. И хааделла малхана. Цо бух1ане аьлла: «Ма г1ерта сан сий хьайна дерзо!» Бух1а яша а ца яьшна цо бохучух: «Хьо бу и сан сий хьайна дерзо г1ерташ».
Иштта церан къовсам баьлча, схьагулделла дерриге а дийнаташ. Цхьадолу акхарой а, олхазарш а бух1ано бохучух тешаш хилла, вуьйш малхехьа хилла. «Со цхьана ханна д1алечкъар бу, ткъа шу бух1ано дуьне серла муха доккху хьовсуш хила», — аьлла малхо. Д1алечкъина малх. Т1ебеана бода. Къерзош хилла бух1ано б1аьргаш, амма дуьне серладолуш ца хилла. Схьакхетта малх. Дуьне серладаьлла. Хаьттина малхо: «Х1ун олу аша?»
(Нохчийн фольклор)
Вай билгалъяьхнарш шайца ма-дарра къамел долу предложенеш ю.
Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш х1итторан коьрта бакъонаш евзар ю вайна х1окху текстан предложенешкахь.
Нагахь санна авторан дешнаш ма-даррачу къамелана хьалха делахь, царна т1ехьа шит1адам буьллу(:), ма-дарра къамелан чаккхенгахь оьшу хьаьрк (. ? !) юьллу, кавычкаш юккъе лоцу. Масала:
Бух1а яша а ца яьшна цо бохучух: «Хьо бу и сан сий хьайна дерзо г1ерташ.»
Хаьттина малхо: «Х1ун олу аша?»
Цо бух1ане аьлла: «Ма г1ерта сан сий хьайна дерзо!»
Нагахь санна авторан дешнаш ма-даррачу къамелана т1ехьа делахь, царна хьалха оьшу хьаьрк (, ? !) а, тире а юьллу. Масала:
«Со цхьана ханна д1алечкъар бу, ткъа шу бух1ано дуьне серла муха доккху хьовсуш хила», — аьлла малхо.
Ма-даррачу къамелехь сацаран хьаьркаш х1иттор схемица гайтича иштта хила деза:
1).«М»,-а. «М?»-а. «М!»-а.
2).А: «М». А: «М!» А: «М?»
Кхузахь:
А— авторан дешнаш ду,
М— ма-дарра къамел ду
Ц1ахь шайна хазахетачу туьйрана т1ера ма-дарра къамел юккъахь долу ворх1 предложени схьаязъе.
Кху т1ехь вайн таханлера урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат»/Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарш:
Абдуразакова Шагидат Нажмудиновна
Исраилова Луиза Абдул-Галимовна