1 класс. Урок №25 «БУКВА I»

Интернет урок №25

1 класс

Мукъаза элп I довзийтар а, яздар а.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

-Бераш, Iуьйранна нIаьна муха кхойкху?

(«Iуь-Iа-ре-Iу»)

Слайд: (кхойкхучу нIаьнин сурт дуьллу)

— Хьовса хIокху суьрте. (Iаьнан сурт дуьллу)

— ХIокху суьрта тIехь вайна го Iа.

— Iа хаза а, шийла а ду. Iай шортта луо хуьлу.

— Бераша салазаш хохку. Церан самукъадолу.

— Леррина тидам бе хIокху дешнийн.

Слайд:

Iам

Iахар

неI

йоI

Iела

баIар

маIар

Iов

Iад.

— ХIара дешнаш дешдакъошка декъа хьовсий вай.

Слайд:

Iам 

неI

йоI

Iов

Iад

Iа-хар

Iе-ла

ба-Iар

ма-Iар

— Муьлха элп девзи вайна тахана? Мукъа ду я мукъаза?

— ХIинца хьовсур ду вай могIанан доккха а, жима а —I элп яздан.

Слайд: (элп I )

МогIанан доккха элп I тептар тIе яздар.

IIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIII

МогIанан жима элп I тептар тIе яздар.

IIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIIII

Iамийнарг тIечIагIдар.

Слайд: (доккха терахь 7 дуьллу)

Стенах тера ду элп?

Терахь ворхI ду вайна гуш,

Цхьацца хаам шеца болуш.

Цхьа-ши гIаж ахь цунах яккха,

Массарна I гучудаккха.

— ХIара дешнаш I элпаца тIедуза.

ин

индагI

илма

аса

ахар

ам

ежаш

— ХIетал-метал хаийла шуна.

Слайд:

Вахалур вац и кхин сиха

Карахь елахь луьйзуш…

Жоп (а с а I)

— Тахана девзи могIанан доккха а, жима а элп I, Iеми и яздан а, цуьнца дешнаш далон  а.

— Кху тIехь вай урак ерзор ю вай. Шун Iодика йойла. Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика