1 класс. Урок №19 «Буква Й»

Урок № 19

Нохчийн меттан интернет урок

1 класс.

Урокан цIе: «Мукъаза зевне аз [й], элп Йй» довзийтар а, яздар а.

Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

Тахана вай юха а дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок!

Вайна девзар ду мукъаза зевне аз [й] а, элп Йй а. Иштта элп й дешан юьххьехь, чаккхенгахь, юккъехь деша а Iамор ду вай.

— ЦIеххьана кхеравелча хIун олу вай?        («Ой-й!»)

ХIетал-метал хаийла шуна:

КIайн шаршу тIера хIун буьртигаш?          (Йоза)

ЦIа чохь цагушъерг?                                        (Йовхо)

Йоза, йовхо муьлха аз хеза вайна цу дешнашна юьххьехь?

— Нийса боху вайна хеза аз [й].

— Алал массара (й-й-й)

Аз [й] олуш багахула арадолучу хьаваана новкъарло хуьлу.

Аз [й] зевне мукъаза ду, хIунда аьлчи аз[й]олуш вайна хеза аз а, гIовгIа а.

— Мила ву тидаме хьовсур ду вай:

— Цхьатера аз караде хIокху дешнашкахь.

Слайд:

Тайниг                 йод         майка                   Iайг                    йоза

Маймал             сай                   тай                       йоьхь

Тайниг, йод, майка, Iайг, йоза, маймал, сай, тай, йома, йоьхь.

Нийса боху оцу массо а дашехь вайна хеза аз [й].

Вай Iамош долу аз ] билгалдо хIокху элпашца.

Слайд:

Й — хIара доккха зорбанан элп ду;

й — хIара зорбанан жима элп ду.

— ХIинца дешдакъош деша хьовсур ду вай:

элпаца элп деша хьовсий вай, дешал массара –йо;

-хIинца –й элпаца элп –и доьшу вай, дешал массара —йи.

-Дешдакъош доьшу вай:

Слайд:

йойиойий
лайайуй

— ХIинца дешнаш доьшур ду вай й элп долуш:

Слайд:

сий сай лаййо-за йов-ха йовзайи-на йис-на йи-танис нуй йол

— ХIинца яздан Iамор ду вай йозанан доккха а, могIанан а элпаш Йй.

— Вай Iамош долу аз [й] билгалдо хIокху элпаца.

Слайд:

й — хIара могIанан  элп й ду;

Й — хIара йозанан доккха элп Й ду.

— Хьовсий вай могIанан элп муьлхачу дакъойх лаьтта?

Слайд: (анимацица гайта могIанан –й- яздаран кеп)

МогIанан жима элп й яздар.

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе. Билгаллона могIане терра охьавогIу. Лахарчу белхан могIане кхочуш техкарг юьллуш аьтту агIор хьалавоьду. Лечкъарг тIехула охьавогIу. Лакхарчу белхан могIане кхочуш техкарг юьллу, цу тIера дIа тасалуриг. ТIехула техкарг юьллу.

Слайд: (анимацица гайта йозанан доккха элп —й — яздаран кеп)

Йозанан доккха элп Й яздар.

ТIадам буьллу лакхарчу белхан могIанна тIе, сиз хьакхарца гу буьллу вай, гу тIера чу сиз яздеш охьавогIу лахарчу могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна юккъе кхаччалц. Лечкъарг тIехула охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Кхузахь ша волччохь хьаьвзаш хьалавоьду могIанна юккъе кхаччалц. ТIехула техкарг юьллу.

— ХIинца хIара хIун ю хуур дарий шуна?

Слайд:

ХIетал-метал хаийла шуна:

Вайн неIарна тIехьара кхо доьхка

дихкина нускал.                                     (нуй)

Слайд:

— Мичахь хеза те вайна тахана Iамийна аз, элп й?

— Дашна тIехьа хеза нийса боху.

— ХIинца й элп юкъахь дешдакъош а, дешнаш а схьаяздийр ду вай:

Слайд: (анимацица гайта)

йо, йи, ой, уй, ий;

сий, сай, лай,тай,

йис, нуй,йол,

йо-за,йов-ха, йов-за
йи-на, йи-та, йис-на

— Предложени тIехь болх бийр бу вай:

Хаза йоза ду Йи-си-тин.

— ХIокху предложенехь диъ дош ду, 1-ра дош — хаза:

2-гIа дош —йоза; 3-гIа дош —ду; 4-гIа дош —Йиситин.

Йоза, Йиситин дешнашкахь вайна хеза, вай тахана Iамийна аз-й.

— Муьлха дешнаш яздина доккхачу элпаца?

Хаза-доккхачу элпаца яздина-предложени доккхачу элпаца йолайо;

 Йиситин — иза адаман цIе ю, адамийн цIераш даккхийчу элпашца язйо.

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдийр ду.

— Схьаязде Й элп юкъахь долу дешнаш  дешдакъошка а доькъуш:

Слайд:

Ийман

Асет

нуй

тешам

йоза

 йисна

тайра

дуй

болх

— Нийса иштта хир ду:

Ий-ман

нуй

йо-за

йис-на

тай-ра

дуй

Вай тахана дийцира й элпах лаьцна. Хии иза мукъаза зевне аз хилар а.

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.

Шун Iодика йойла,

Марша Iойла!

Алабаева Тамара Висадиевна

 Соьлжа-гIаларчу № I4 йолчу школан

Нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Close
Яндекс.Метрика