1 класс Урок №17 «Буква Т»

Урок I7

Нохчийн меттан интернет урокан хIоттам.

Урокан цIе: МогIанан доккха а, жима а элп Вв довзийтар.

— Де дика хуьлда шун, хьоме бераш!

— Керла аз а, элп а Iамо кийча дуй шу?

— Шу урокан кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок. Тахана суна шуна довзийта лаьа керла аз а, элп а.

ХIетал-метал хаийла шуна: 

— Ша еса ю, амма тIе хIума тоьхча, гIовгIа йоккху. ХIун ю иза? (Вота)

Слайд:

— Нийса боху, иза вота ю (сурт гойту).

— Алал массара а вота

— Муьлха аз хеза вайна вота дашна хьалха?

— Вайна хеза аз [В] нийса боху.

— Тахана урокехь вай дуьйцур ду В элпах лаьцна.

— Бераш, и аз олучу хенахь, паргIат, цхьа а новкъарло йоцуш алалой вайга?

Ца алало нийса боху.

И аз олучу хенахь вайн пехашкара арадолучу хIаваана новкъарло йо балдаша а, цергаша а. Цундела и аз муха ду?

Нийса боху, иза мукъаза ду.

В элп хила йиш ю дашна юьххьехь:

Слайд:

Ваха, вота, ворта.

Дашна юккъехь:

Слайд:

Бовха, Совдат, вохво.

Дешан чаккхенгахь:  

Слайд:

Дов, ков, Iов.

— Вайна тахана девзар ду зорбанан а, йозанан а, жима а, доккха а элп Вв.

Слайд:

В хIара зорбанан доккха элп ду;

в хIара зорбанан жима элп ду.

Вай хIинца в элпаца дешдакъош кхуллуш доьшур ду:

Слайд:

вавовувиве
авовувивев

— ХIинца в элп юкъахь дешнаш доьшур ду вай:

Слайд:

Ва во Ве-да-на тхов

Ва-ха во-ла Се-са-на вирд

Ва-да во-та Ва-ран-да вор-да

— Вай хIинца Вв элп яздан Iамор ду.
Слайд:

— Бераш, хIара могIанан жима элпв ду.

Слайд:

— ХIара йозанан доккха элп ду.

Слайд:

Жима элп в тептар тIе анимацица дIаяздар гайта.

Белхан могIанна юккъе тIадам билла. Цу тIера хьала сиз хьакха. Хьалакхачале аьрру агIор чухьовзадай, охьадаладе сиз лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Лахарчу белхан могIанна тIе кхаьчча, аьтто агIор хьалахьовзадай, лакхарчу белхан могIанна тIе кхаьчча цул хьала а ца долуьйтуш, горгдай, охьадогIучу сизах хIотта.

Доккха элп В тептар тIе анимацица дIаяздар гайта.

Слайд:

Лакхарчу белхан могIанна тIехула тIадам билла. Цу тIера сиз охьадаладе. Лахарчу белхан могIанна тIе кхаьчча, аьрру агIор сиз хьалахьовзадай, хьалахьо. Биллинчу тIадамна тIе кхаьчча, оцу сизах чекхдаккхий, аьтту агIор чухьовзадай, охьадаладе сиз. Лакхарчу белхан могIанна тIе кхаьчча, горгдай, хIотта дехачу сизах. Цу тIера аьтту агIор горга сиз дилла могIанна чохь. Иза лахарчу могIанна тIе кхаьчча хIотта дехачу сизах.

— Шайн тептарш тIехь, сих ца луш, жима а, доккха а элпаш дахка.

— Iамийнарг тIечIагIдеш болх бийр бу вай хIинца.

Слайд:

Ворда.______

— ХIун го вайна хьалхарчу суьрта тIехь?

(Ворда а, цуьнан схема а го).

Ворда — шина дешдекъах лаьтташ ду, цундела шина сизах лаьтташ ду.

— Ворда-дашехь юьххьехь хеза вайна аз [в].

Слайд:                                                                       

Говр.__

— ШолгIачу суьрта тIехь вайна го:

Говр а, цуьнан схема а.

— Говр бохучу дашехь о элпана тIехьа хеза аз [в].

Слайд:

Ков._

— КхоалгIачу суьрта тIехь вайна го ков а, цуьнан схема а.

Ков — дош цхьана дешдекъах лаьтташ ду, цундела схема цхьана сизах лаьтташ ду.

— Ков бохучу дашехь чакхенгахь хеза вайна аз [в]

— Бераш, хIокху урокехь вайна девзи мукъаза аз а, элп а Вв, иштта Iеми жима а, доккха а цуьнан яздар а.

Шайн тептарш тIехь Iама жима а, доккха а Вв яздан.

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу. Iодика йойла шун. Марша Iойла.

Пайдаэцна литература:

1 Э.Х. Солтаханов. И. Э. Солтаханов. Абат 1 класс. Соьлжа-гIала АО «ИПК» Грозненский рабочий» — 2016 ш.

2 С.Э. Эдилов. «Ловзуш Iема» (Юьхьанцарчу классийн хьехархошна методически пособи) ГУП «Книжное издательство», — 2007 ш.

Урок кечйинарг нохчийнметтан хьехархо: Дашаева АминатСалаудиновна.

Close
Яндекс.Метрика