1 класс. УРОК №9 БУКВА С

Нохчийн мотт 1 класс

Урок № 9

Тема: Мукъаза аз а, элп а Сс довзийтар, яздар.

— Де дика дойла шун, бераш!

— Кийча дуй шу цадевзарг довза, цахуург Iамо?

— Шу кечам бина девллехь, вай дIайолор ю рогIера нохчийн меттан урок.

ХIетал-метал хаийла шуна:

— БIогIам а ца хIоттош дина рагIу.

БIогIам а ца хIоттош дина рагIу стигал ю.

Слайд: нийса боху.

— Вайн беданара цаца буьззина гIулгаш.

Вайн беданара цаца буьззина гIулгаш седарчий ду.

Слайд: нийсаду, уьш седарчий ду.

— ТIехь — цIе, кIелахь — хи.

ТIехь — цIе, кIелахь — хи стогар бу.

Слайд: нийса боху — иза стогар бу.

— Муьлха аз хеза вайна стигал, седарчий, стогар дешнашна хьалха?

Вайна хеза аз [с]. Нийса ду.

-Бераш, тахана вай керла аз а, элп а С, с Iамор ду.

— Аз [С] олуш, мотт лекхарчу цергех Iоттало. Багахула хIаваана арадала новкъарло хуьлу. Нагахь санна багахула арадолучу хIаваана новкъарло хилахь- иза мукъаза ду.

-Вайна тахана девзар ду мукъаза къора аз [С], элп Сс. Вайна Iемар ду [с] юкъахь дешдакъош, дешнаш, предложенешеш а, яздан а.

— ХIинца зорбанан элпаш девзар ду вайна:

Слайд:

С — хIара зорбанан доккха элп ду;

с — хIара зорбанан жима элп ду.

— ХIинца с элпаца дешдакъош доьшур ду вай:

Слайд:

сасосуси
асосусис

— Ткъа хIинца, дешнаш доьшур ду вай:

Слайд:

Ис-лам        са-лам           сом

Му-са           ил-ли            ма-ла

Са-ла-му      лам               ла-ма

— Предложени еша хьовсу вай:  

Сдайд:

Са-ла-мус   са-лам ло.

-ХIара предложени  кхаа  дашах  лаьтта:

I-ра дош: Са-ла-мус;

2-гIа дош: са-лам;

3=гIа дош: ло.

Слайд:

— Тахана вай Iамош долу аз [С] билгалдо хIокху элпашца.

ХIара могIанан элп с ду, ткъа хIара доккха элп С .

МогIанан жима элп с яздар.

-ТIадам буьллу, могIанна юккъе, хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIекхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIекхаччалц, хьаьвзаш хьалавоьду могIанна юкъе кхаччалц.

ссссссссссссссссссссссссссссссс

МогIанан доккха элпС яздар.

-ТIадам буьллу, могIанна юккъе, хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна, гIоьнан могIанна тIекхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIекхаччалц, хьаьвзаш хьалавоьду могIанна юъкъекхаччалц.

СССССССССССССССССССССССССС

Дешдакъош яздийр ду вай: (анимацица дешдакъойн кхолладалар гайтар)

— ДIаяздо могIанан элп с, тIехутту элп а. хили (са), нийса боху;

— ДIаяздо могIанан элп с, тIехутту элп о. хили (со);

— ДIаяздо могIанан элп с, тIехутту элп у. хили (су);

— ДIаяздо могIанан элп с, тIехутту элп и. хили (си);

Схьаязде дешдакъош:

Слайд:

ра   ро  ру  ри

ар  ор  ур   ир

— Вай Iамийнарг тIечIагIдеш цхьа тIедиллар кхочушдан хьовсур ду вай:

Схьаязде элп сюкъахь долу дешнаш.

Слайд:

Са-ла-му Ис-лам сом Му-са ла-ма лам ма-ла са-лам

ил-ли

Слайд: (нийса иштта хир ду)

Са-ла-му Ис-лам сом Му-са са-лам        

Вай яздинчу дешнашкахь дешнаш Са-ла-му  Ис-лам Му-са

хIунда яздина доккхачу элпаца?

Уьш доккхачу элпаца яздина адамийн цIераш йолу дела.

— Вай тахана дийцира с элпах лаьцна.

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.

Iодика йойла шун,

Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика