1 класс. УРОК №7 «БУКВА Л»

  1. ра класс

Урок № 7

Урокан цIе «Мукъаза аз а, элп а Лл довзийтар, яздар»

Де дика дойла шу, хьоме дешархой!

Вай дIайолайо рогIера нохчийн меттан урок.

  • Ловзар «ДогIу дош ала!»

Суна дадас хьалххе Iамий:

Тхов тIе вала XIOTTO… (Лами)

Дагна хуьлу боккха там,

Гича лекха, сийна… (Лам)

Хазахетарх дуьзна дог,

Ире ду майрра боккхуш ког.

Хьох со кхоьруш вац, хало,

Латта кIайдеш, деъна…(Ло)

Муьлха дешнаш далий аша жоьпашна? (Лами, лам, ло,)

— Массо а дешнашкахь аз (Л) ду.

— Бераш, тахана вай керла аз Лл Iамор ду.

— Л олуш, меттан юьхьиг лакхарчу цергашна тIетаьIа. Цо багахула хIаваъ паргIат арадаларна новкъарло йо. Цундела иза мукъаза аз ду.

— Ала лллл.

Ирахбахна лам а лаьтта

Шерра цуьнан бохь гуш бу.

— Лам буй и? — ахь соь ма хетта

Хьуна гуш дерг Л элп ду

-Тахана вай Iамош долу аз л билгалдо хIокху элпаца.

Слайд: ХIара жима элп л ду,

ткъа хIара доккха элп — Л.

ХIокху шина элпана юккъехь доккхий, жимий хилар бен кхин башхалла яц.

ХIинца вай доьшур ду л элп юкъахь долу дешдакъош.

Слайд

алолулилел
лалолулиле

Ткъа хIинца л элп юкъахь дешнаш деший вай:

Лам ла-ми мол-ла           а-лу у-ла

Лом ми-ла мо-лу            Лу-ла ил-ли

Бераш, вайна девзи керла элп Лл и элп юкъахь дешдакъош.дешнаш а дийши вай.

Ткъа хIинца лЛ элп яздан хьовсий вай.

л-хIара могIанан жима элп ду.

  • Хьехархочоуьн тIехь гойту жима элп л яздан.

— ТIадам буьллу могIанна юккъе. Лахарчу могIанна тIе охьавола. Шаволччохь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Кхузара лечкъарга тIехула охьавогIу лахарчу могIанна тIе, юха шаволччохь хьаьвзаш хьалавоьду могIанна юккъекхаччалц.

Л — хIара могIанан доккха элп ду.

  • Хьехархочоуьн тIехь гойту доккха элп Л яздан.

— МогIанна юккъе тIадам буьллу, охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхочуш, шаволчохь хьаьвзаш хьалавоьду гIоьнан могIанна, лакхарчу белхан могIанна юккъе кхаччалц. Кхузахь лечкъарг юьллуш охьавогIу лахарчу белхан могIанна тIе кхаччалц. Шаволччохь хьаьвзаш хьалавоьду могIанна юккъекхаччалц.

-ДIаделла шайн тептарш. ДIаязбе могIанаш.

1. ХIинца дешдакъош яздийр дув ай.

Ла                                    Ло

Ал                                   Ол

Лу                                   Ли

Ул                                   Ил

— ХIинца вай хьовсур ду муьлха элп дайна.

Слайд:

Элп дайна

Мо…ха,   сто…, пол….а, …итта, …о, …ом, моска…,

— муьлха элп тIеоьшу дешнашна?

 (Нийса жоп иштта хир ду.)

Молха, стол, полла, литта, ло, лом, москал.

ДIадеша дешнаш.

Слайд:

Пийл, тарсал, лаг, гали, бел, полла, лан.

— ТIера схьаязде

Л элпана кIел сиз хьакха.

Пийл, тарсал, лаг, гали, бел, полла, лан.

Вай тахана дийцира л элпах лаьцна. Дагахь латтае л элп яздаран бакъонаш!

Кху тIехь вайн таханлера урок чекхйолу.

Шун Iодика йойла,

Марша Iойла!

Алабаева Тамара Висадиевна

Соьлжа-гIаларчу № 14 йолчу школан

Нохчийн меттан, литературин хьехархо.

Close
Яндекс.Метрика