3 класс. Урок №32 «Хандош»

Нохчийн мотт

3 класс. Урок №32

Чулацам: Хандош (юкъара кхетам)

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай юха а дIахьур ю нохчийн меттан рогIера урок.

— Тахана вай дуьйцур ду хандашах лаьцна.

— Дийца, хIун до вай ненан меттан урокашкахь?

Ненан меттан урокашкахь вай йоьшу, яздо, суьрташ дохку.

ХIинца билгалдаккхий вай дечу гIуллакхан дар.

ХIун до? йоьшу, яздо, суьрташ дохку.

Къамелан муьлхачу декъах пайда ийцира вай?

— Вай пайда ийцира хандашах. Нийса боху.

Слайд: (суьрташ гойту)

— ХIун го вайна хьалхарчу суьрта тIехь?

— ЙоIа  йоккхачу стеган  доладо.

— ШолгIачу суьрта тIехь хIун го вайна?

— КIант дена гIо деш ву.

-Алал йоIа, кIанта хIун до?

— Доладо, гIо до.

— ХIун гойту оцу дешнаша?

— Дар, я хилар гойтучу дешнех хандешнаш олу.

Слайд:

— ЖIаьло хIун до?

— Лета.

— Зезаго хIун до?

— Кхуьу.

— НIаьно хIун до?

Кхойкху.

Слайд:

— Лета, кхуьу,  кхойкху — уьш хандешнаш ду.

-Предложенехь хандешнаш дукхахьолахь сказуеми хуьлу.

-Хандош къамелан дакъа ду. Цо хIуманийн дар я хилар гойту.

Слайд:

Хандешнаша хIун до? хIун дина? хIун дира? хIун дора? хIун дин?

хIун динера?хIун дийр ду? бохучу хаттаршна жоп ло:

Яздо, яздина, яздора, яздин, яздинера, яздийр ду.

-Iамийнарг тIечIагIдеш тIедахкарш кхочушдийр ду вай:

-ХIун дира? хаттарна жоп луш долу дешнаш схьаязде.

Слайд:

Хьуьнах дахара. ЦIеххьана мох белира. Буьрса мархаш гучуевлира. Сирла ткъес туьйхира. Стигал къевкъира. Чехка догIа доладелира. Олхазарш дIалевчкъира. Бераш буьн чу дахара.

Слайд: (нийса иштта хир ду:)

Дахара, белира, гучуевлира, туьйхира, доладелира, къевкъира, дIалевчкъира, дахара.

Кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:

-Чекхъяьккха предложени, хандешнаш караде.

Слайд:

Кертахь лелаш нIаьна ю, цо котамаш … (схьагулйо)

— ХIун до? Схьагулйо-хандош ду, нийса боху;

-ХIинца хIокху дешнех предложени хIоттае, хандешнаш караде.

Слайд:

Шен, цIеххьана, гира, йиша, кIантана

Слайд: Нийса иштта хир ду:

КIантана цIеххьана шен йиша гира.

-ХIун дира?   Гира- хандош ду, предложенехь сказуеми хилла лела.

-ТIадамийн меттана догIу хандешнаш язде:

Слайд:

Мохк …, …, …, …, …, … .

Слайд:

Нийса иштта хир ду:                        

Мохк беза, лору, хьоьсту, ларбо, хазбо, бевза.

-Тахана вайна девзи къамелан дакъа хандош;.

-Уьш предложенехь билгалдаха  а Iеми вайна.

-Цу тIехь вай ерзор ю таханлера урок.

Iодика йойла шун! Марша Iойла!

Close
Яндекс.Метрика