Дагадаийта шайна, муьлхачу меженех олу цхьанатайпанара.
Цхьана хаттарна жоп а луш, цхьана дашах йозуш йолчу меженех предложенин цхьанатайпанара меженаш олу.
Масала: Можачу, сийначу, ц1ечу зезагаша къарзйинера аре.
(Х1ун динера?) — къарзийнера — сказуеми ду.
Къарзийнера (стен?) — зезагаша- подлежащи ду.
Мухачу зезагаша? – можачу, сийначу, ц1ечу – х1орш цхьанатайпанара меженаш ю – къастамаш.
Цхьайолчу предложенешкахь цхьанатайпанарчу меженашца уьш ерриш а юкъалоцуш дош хуьлу. Цунах юкъара дош олу. Масала:
Хьуьнхахь кхуьу тайп-тайпана стоьмаш: хьаьмцаш, кхораш, хьечаш.
Х1окху предложенехь цхьанатайпанара меженаш ю, хьаьмцаш, кхораш, хьечаш. Уьш ерриш юкъалоцуш дош ду – стоьмаш. Цунах юкъара дош олу.
Юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна хьалха хилахь, цунна т1ехьа ши т1адам буьллу. Масала:
Ломан басахь дежаш дара дуккха а даьхний: бежнаш, уьстаг1ий, говраш.
Бежнаш а, уьстаг1ий а говраш а кху предложенехь цхьанатайпанара меженаш ю. Уьш ерриш а юкъалоцуш дош а ду кхузахь-даьхний. Х1окху предложенехь иштта х1иттийна сацаран хьаьркаш а: юкъара дош д1адаьлча ши т1адам, цул т1аьхьа цхьанатайпанарчу меженашна юккъахь запятойш йохку, уьш вовшах къастош.
Нагахь санна юкъара дош цхьанатайпанарчу меженашна т1ехьа делахь, цунна хьалха тире юьллу.
Стихотворенеш, дийцарш, повесташ, пьесаш – тайп-тайпана произведенеш язйина Бадуев Саь1ида.
Х1окху предложенехь, цхьанатайпанара меженаш ю – стихотворенеш, дийцарш, повесташ, пьесаш, юкъара дош — произведенеш.
Юкъара дош цхьанатайпанара меженашна т1ехьа лаьтташ ду, т1аккха, вай ма-аллара, цхьанатайпанара меженаш д1а ма-евлли, тире а юьллий, предложенин дисина дакъа д1аяздо, шена чохь юкъара дош долу.
Дийцинарг т1еч1аг1деш, цхьа т1едилар кхочушде: предложенеш д1а а еший, билгалъяха цхьанатайпанара меженаш а, юкъара дешнаш а, оьшучохь сацаран хьаьркаш х1иттае.
Кино футболе экскурсе массанхьа а дуьгура бераш. Г1о дан баьхкинчу дешархоша схьаийцира белхан г1ирс белаш, нораш, херхаш. Кегийнаш баккхийнаш зударий бераш дуккха а адамаш гулделлера майданахь.
Х1инца талла, шаьш нийса къастийний а хьовсуш.
Кино, футболе, экскурсе — массанхьа а дуьгура бераш. Г1о дан баьхкинчу дешархоша схьаийцира белхан г1ирс: белаш, нораш, херхаш. Кегийнаш, баккхийнаш, зударий, бераш — дуккха а адамаш гулделлера майданахь.
Синтаксически толлур ю вай хьалхара предложени.
Кино, футболе, экскурсе — массанхьа а дуьгура бераш.
(Х1ун дора?) – дуьгура, сказуеми ду;
Дуьгура (муьлш ?) – бераш, нийса кхачам бу;
Дуьгура (стенга?) – кино, футболе, экскурсе– х1орш цхьанатайпанара латтамаш бу, юкъара дош — массанхьа латтам бу.
Цхьанатайпанара меженаш йоллу меже хуьлий лела юкъара дош предложенешкахь. Синтаксически таллам бинчу предложенехь цхьанатайпанара меженаш меттиган латтамаш хилира.
Цу т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шу, марша 1ойла.
Пайдаэцна литература:
1. В.А. Янгульбаев, Ж. М. Махмаев «Нохчийн мотт-5 класс» Грозный ГУ «Книжное издательство 2011 шо»
2. Эсхаджиев Я. У. «Юккъерачу школехь нохчийн меттан орфографи а, пунктуаци а 1амор» 5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Пресс» 2012 шо.
3. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11 классашна. Соьлжа-г1ала 2012 шо.
4. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа-Пресс» 2011 шо.
5. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала 2005 шо.
6. «Пхьармат» Нохчийн фольклор.Этнографи. № 1 1992 , аг1о 50-53.
7. Халидов А.И. «Нохчийн метта1илманан терминийн луг1ат».Грозный: «ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.
Урок кечйинарг — Исраилова Луиза Абдул-Галимовна