Тема: Айдаран предложенеш.
Урок №12 –гIа нохчийн меттан интернет урок (3-гIа класс)
— Маршалла ду шуьга хьоме бераш!
— Вай дIахьур ю вешан рогIера нохчийн меттан урок. Вайн нохчийн къоман баккхийчу Iилманчаша дуккха а дийцина нохчийн маттах лаьцна: «Нохчийн мотт – вайн къоман аз ду, вайн къоман илли ду, вайн къоман назма ю. Ненан матто вайна Iамадо Даймохк беза. Цо Iамадо вайна дуьненан а, адаман хазалла йовза.
— Самукъане миноташ
Синхаам а, синхIоттам
Гойту ас, уьш ас бовзуьйту.
Аз айдеш ахь ала дош,-
Хезарг хир ду… (айдардош)
— Тахана вай шуьца дуьйцур ду айдаран предложенех лаьцна.
Къамелехь церан маьIна довза а, йозанехь уьш билгалъяха а Iемар ду вайна.
— Бераша хазачу басаршца дехкинчу суьрташ тIехь болхбийр бу вай. Цаьрга а хьовсуш предложенеш хIитто хьовсийвай.
Слайд:
(Ша тIехь салазаш хоьхкуш)
— Суьрта тIехь вайна бераш го. Цара конькеш, салазаш хоьхку.
— Самукъане хуьлу Iай конькеш, салазаш хоьхкуш.
— ХIинца стихотворени дIаеший вай шера.
Слайд:
Ша тIехь шера хуьлу чIогIа.
ШахIид салаз тIехь чувогIу.
Шуна лаьий салазаш хехка?
Шадерш арадовла чехка!
— Маса предложени ю хьовсур ду вай цу текстехь? (Йиъ)
— Нийса хии вайна. Еа предложенех лаьтта вайн текст.
— ДIаеший вай хьалхара ши предложении.
— Муьлха предложенеш ю уьш? (Дийцаран)
— Нийса хии вайна дийцаран ю и предложенеш.
— Муьлха хьаьрк дилла деза хьовсий вай чаккхенга?
ТIадам нийса боху вай.
— ДIайоьшур вай хIинца кхоалгIа предложени.
— И муьлха предложени ю? (Хаттаран)
— Нийса ду хаттаран предложени ю и.
— Муьлха хьаьрк дилла деза цуьнан чаккхенга?
Хаттаран хьаьрк нийса ду.
— ДIаеший вай тIаьххьара предложени.
Муха дог-ойла йолуш ялийна хIара предложении?
— Хазахетар гойтуш ялийна и предложени.
— Иза айдаран предложени ю.
— Вайна тахана айдаран предложенеш евзар ю.
— Хуур ду церан башхалле хьаьжжина уьш къасто,
чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.
Айдаран предложенин тидам бийр бу вай:
Слайд:
Декъал хуьлда Керла шо! Дуьненан халкъашна машар!
Ма хаза хуьлу Iай!
— ХIокху предложенеша хазахетар гойту.
Слайд:
Къаьстинчу дог-ойланца, я хастам барца, я хазахетарца олучу предложенех айдаран предложении олу. Цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу.
— Iамийнарг тIечIагIдеш тIедиллар кхочушдо вай:
— ДIаеша предложенеш.
Слайд:
Ма цIена ду-кх хьуьнхара хIуо! Ахь мел чуийзарх, кийра ца Iеба. Юх-юха кIорггера садоьIуш, чууьйзура хьуьнан хьожанах ийна долу хIуо.
— Муьлха хьаьркаш дохкур дара вай церан чаккхенга?
— Айдаран хьаьркаш-нийса боху.
— Муьлхачу дог-ойланца йоьшу вай айдаран предложенеш?
Слайд:
Хазахетарца, ваккхийверца, хастамбарца
— Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай:
— Айдаран предложенеш тIера схьаязъе.
Слайд:
Тфу! Ма дуьра ду хIара!
Кху чу туьха хьан тесна?
ХIара-м къаьхьа стим ма бу.
ЧIерий муха дехар ду?
ХIай кIайн мархаш, схьагулло!
ХIорд тазбан цкъа догIа ло! —
Лакха гу тIеваьлла, цо
Стигла коч шен лестайо.
Слайд: (нийса иштта хир ду)
— Тфу! Ма дуьра ду хIара!
ХIай кIайн мархаш, схьагулло!
ХIорд тазбан цкъа догIа ло! —
— Бераш, вай Iамийнарг тIечIагIдеш, кхин цхьа тIедиллар
кхочушдийр ду вай:
— Оьшу хьаьркаш а хIиттош схьаязъе предложенеш.
Слайд:
Ма синкъераме ду хьуьнхахь
Ма хаза ду гонаха лекха дитташ ду
— ЭхI, ма хаза декаш ду хьуьнан олхазарш
Ма лекха ду дIо дитт
Слайд: (Нийса жоп)
Ма синкъераме ду хьуьнхахь!
Ма хаза ду гонаха лекха дитташ ду!
ЭхI, ма хаза декаш ду хьуьнан олхазарш!
Ма лекха ду дIо дитт!
— Шуна нийса хии и ерриг предложенеш айдаран ю.
— Вай тахана урокехь дийцинчух жимма а аша пайдаэцнехь, суна боккха кхаъ хир бу. Iамабе, беза сий де ненан меттан.
Iодика йойла. Марша Iойла.
Пайдаэцна литература
1. Солтаханов Э.Х., Солтаханова И.Э. Нохчийн мотт 3 –гIа класс Соьлжа-гIала.
2. Эдилов С.Э. «Самукъане грамматика» 5-11класс Соьлжа-гIала 2012шо
3. Исмаилови Абу «Дош» Соьжа-гIала 2005шо
4. I.Т. Карасаев, А.Т. Мациев русско-чеченский словарь.
5. М. Ахмадов «БIе эзар дика гIуллакх»