3 класс . №10 Абулханова А.А. МБОУ «Гимназия №2»
Урокан цIе: «Къасторан хьаьркаш»
— Маршалла ду шуьга хьоме дешархой!
— ХIинца вай дIахьур ю рогIера нохчийн меттан урок.
— Яханчу урокехь вайна девзи шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш.
— Вешан хаарш толлушIамийнарг карладоккхур ду вай.
— Иштта къасторан хьаьрках лаьцна хаарш тIе а дузур ду вай.
Слайд:
Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо [аь], [гI], [кх], [къ], [кI], [оь], [пI], [тI], [уь], [хь], [хI], [цI], [чI] аьзнаш. Царах шалха элпаш олу.
— Цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
Слайд: (суьрташ гойту)
аьрзу кхокха чIегIардиг
чIара уьйриг оьпа
— Дешнаш схьа а яздина шалхачу элпашна кIел сиз хьокхур ду вай.
— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хир ду:
Слайд:
Аьрзу
Кхокха
ЧIегIардиг
ЧIара
Уьйриг
Оьпа
— Вайна хаьа:
Слайд:
Мукъаза шиъ шалха элп хьалха-тIаьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолгIа хьаьрк ца яздо, ткъа шолгIа элп дуьззина дIаяздо: ткъес, тIеттIа, доккха.
— Дешнаш дIа а яздеш билгалдоккхур ду вай муьлхачу элпашна хьалха яздина ду ь, ъ элпаш.
Слайд:
Малъелла
Шокьеттарг
ГIалатъяьлла
ЗIокъеттарг
КIадъелла
Iаржъелла
Слайд:
Къасторан хьаьркаш ъ, ь мукъазчарна тIехьа мукъачу элпашна е-ний, я-ний, яь-ний хьалха яздо.
Элпаш ъ, ь къасторан хьаьркан маьIнехь а лела. Цара гойту мукъа аз мукъазчу озах дIауьйш цахилар.
Масала: малъелла, лахъялар, макхъелла, язъелла, къежъелла.
— ХIинца, Iамийнарг тIечIагIдеш, цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
— МаьIнехь тIеоьшу —елла, -яьлла а дуьллуш дIаязде хIара дешнаш.
— Къасторан хьаьркашца долчу дешнашна кIел сиз хьакха.
Слайд:
Сих…
ЦIан…
Йиц…
Цец…
Шек…
ТIех
ЧIагI…
АгIор…
— ТIедиллар нийса кхочушдинехь иштта хила деза.
Слайд:
Сихъелла
ЦIанъелла
Йицъелла
Цецъяьлла
Шекьяьлла
ТIехъяьлла
ЧIагIъелла
АгIоръяьлла
— Вай таханлера урок ерзор ю Эдилов Хасмохьмадан стихотвореница.
Макхъелла, язъелла гуьйре,
ТIекерча мархийн и ковра.
Ма муьста, муьста ю суьйре,
Дерзанца чугIерташ корах.
БIарзвеш ю саготта гуьйре,
Сов тIуьна, ткъаршъяьлла еъча.
ТIейогIу къежъелла Iуьйре,
Хьо хьегош де дарах декхна.
— ХIокху урокехь вай Iамийнарг карла а даьккхи.
— Иштта къасторан хьаьркаш дешнашкахь маца яздо а хии.
— Кху тIехь вай ерзайо вешан рогIера урок.
— Iодика йойла шу! Марша Iойла!