3 класс. Урок №7 «Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш».

3 кл. №9 Урок: Шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш.

— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!

— Вай юха а дIахьур вешан рогIера нохчийн меттан урок.

— Тахана вайна девзар ду шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш, царех йозанехь пайдаэца Iемар ду. Иштта вай дуьйцур ду мукъаза шиъ шалха элп хьалха – тIаьхьа нисделча, муха яздан деза а.

— ХIара дешнаш шина тобане декъа.

— Хьалхарчу тобане шалхачу элпашца долалурш;

— ШолгIачу тобане шалхачу элпашца ца долалурш.

Слайд:

Ахка, аьхке, говр, гIант, кад, кхакха, къам, кIа, тата, тIам, паста, урс, уьстагI, орам, оьпа, човка, чIара, ялгIу, яьшка, коч.

— Муьлха дешнаш ду хьалхарчу тобанехь дерш?

— Муьлха дешнаш ду шолгIачу тобанехь дерш?

Слайд:

хьалхара тоба:                     шолгIа тоба:

Аьхке                                     Ахка

ГIант                                     Говр

Кхакха                                  кад

Къам                                     тата

КIа                                         паста

ТIам                                                урс

УьстагI                                 орам

Оьпа                                      човка

ЧIара                                     ялгIу

Яьшка                                   коч

— ДIаязде хьалхарчу тобанера дешнаш.

— Шалхачу элпашна буха сиз хьакха.

Слайд: (Нийса жоп)

Аьхке

гIант

кхакха

къам

кIа

уьстагI

оьпа

чIара

яьшка.

— Билгалдаьхнарш шалха элпаш ду.

— Вай тахана Iамор ду шалхачу элпашца билгалдеш долу аьзнаш.

Слайд:

Нохчийн маттахь йозанехь шалхачу элпашца билгалдо аь, гI, кх, къ, кI, оь, пI, уь, хь, хI, цI, тI, чI аьзнаш.

Слайд:(суьрташца гайта)

ЧIара, аьрзу, кхокха, уьйриг, тIам, юьхк.

— ДIадеша дешнаш. Декъа шина бIогIамалге, мукъачу элпашца долалурш хьалхарчу бIогIамалге, мукъазчу элпашца долалурш шолгIачу бIогIамалге.

Слайд: (Нийса иштта хир ду)

Аьрзу         ЧIара

Уьйриг      Кхокха

Юьхк         ТIам

— Муьлха элпаш ду дашна юьххьехь дерш?

Слайд:

Хьалхарчу бIогIамалгехь дерш (аь, уь, юь) — шалха мукъа аьзнаш ду.

ШолгIачу бIогIамалгехь дерш (чI, кх, тI) — шалха мукъаза аьзнаш ду.

— Кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Караде дешнаш яздарехь гIалат.

Слайд:

РицIкъа, тIетIтIа, докхкха, юкъкъехь, цIкъацIкъа, бутIкъа сара.

Слайд: (иштта нийса хир ду)

Рицкъа, тIеттIа, доккха, юккъехь, цкъацкъа, буткъа сара.

Слайд:-Дагахь дита:

Мукъаза шиъ шалха элп хьалха – тIаьхьа нисделча, хьалхарчу шалхачу элпан шолгIа хьаьрк ца яздо, ткъа шолгIа элп дуьззина дIаяздо. Масала: ницкъ, чIачкъа, чкъург

— Iамийнарг тIечIагIдеш кхин а цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.

— Билгалдаха мукъа а, мукъаза а шалха элпаш шайна юккъехь долу дешнаш.

— Мукъаза шиъ шалха элп хьалха – тIаьхьа нислуш долчу дашна буха сиз хьакха.

Слайд:

Аьхка, синтем байна, пхьидаш

ЧIогIа екаш хезаш юй,

Баккхийчара иштта туьду:

Хаа, догIа догIур дуй.

(Махмаев Ж.)

Слайд: (Нийса иштта хир ду)

Аьхка, синтем байна, пхьидаш

ЧIогIа екаш хезаш юй,

Баккхийчара иштта туьду:

Хаа, догIа догIур дуй.

(Махмаев Ж.)

— Тахана вайна девзи шалхачу элпашца билгалдешдеш долу аьзнаш, хии царех йозанехь пайдаэца. Иштта вайна евзи мукъаза шиъ шалха элп хьалха – тIаьхьа нисделча, яздаран бакъо.

— Вайн таханлера урок Арсанукаев Шайхин «Оьзда гIиллакх» цIе йолчу байтан кийсакца ерзор ю вай.

Слайд:

Лаьмнашкахь даима

Дина сий Ненан,

Воккханиг лийрина

Жимачо, деш гIуллакх.

РагI хьоьгахь ю тахана.

Вас ца еш дена,

ДIаэца цуьнгара

Дайн оьзда гIиллакх.

— Iодика йойла. Марша Iойла.

Close
Яндекс.Метрика