3 класс. №5 Аьзнаш а, элпаш а.
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— ХIокху урокехь вай дуьйцур ду аьзнех а, элпех а лаьцна.
Слайд:
Аз вай ала а олу, вайна хаза а хеза.
Элп вай яздо, вайна го, цуьнан цIе а йоккху.
Аз йозанехь элпаца билгалдо.
— Къамелан аьзнаш элпашца билгалдоху. Цхьадолчу дешнашкахь аьзнаш элпел сов хуьлу, элпаш аьзнел сов хила а тарло.
Слайд:
Исс бохучу дашехь 3- элп, 2 — аз ду (аз, [с] цкъа бен ца хеза).
Зезаг бохучу дашехь 5- элп, 6-аз ду, хIунда аьлча З — на тIехьа вайна хеза
[и, э] аьзнаш.
— Карладоху вай ши аз билгалдо элпаш:
Слайд:
Е, ё, ю, юь, я, яь – элпаша ши аз билгалдо: дашна юьххехь а. мукъачуй, ъ, ь элпашний тIехьа а: яьшка- [йаь] — шка, юьхк – [йуь]- хк, тоян – то[йа]-н.
— ТIедиллар кхочушде:
— КIел сиз хьакха е, ю, я, элпаша ши аз билгалдечу дешнашна
Слайд:
Сох, нана, теша,
Ер ю со хIинца беша,
Со гIуллакх далла
ХIинца махилла,
Охкур ду латта,
Ахьчул а атта,
Хьо пагIаттъяла,
Сан-м бай хьан бала.
(Димаев I.)
Слайд: -Нийса иштта хила деза.
Сох, нана, теша,
Ер ю со хIинца беша,
Со гIуллакх далла
ХIинца мА хилла,
Охкур ду латта,
Ахьчул а атта,
Хьо пагIаттъяла,
Сан-м бай хьан бала.
(Димаев I.)
Слайд:
Йа, йаь, йу, йуь, йэ аз хезачу дешнашкахь я, яь, ю, юь, я элп яздо.
Нохчийн меттан дешнашкахь ё, ю, юь, я, яь мукъазчу элпашна тIехьа ца яздо.
— Элп ё оьрсийн маттара тIеэцначу дешнашкахь бен ца лела, ткъа нохчийн меттан дешнашкахь цуьнан меттан даима йо яздо:
Слайд: Масала:
ЙоI
Йовлакх
Йочана
— ХIоме дешархой, хIинца кхин цхьа тIедиллар кхочушдийр ду вай.
Абатан рогIехь тIера схьаязде дешнаш.
— Ши аз билгалден элпаш юкъахь долчу дешнашна кIел сиз хьакха
Слайд:
Iам, байракх, гуьйре, эмкал, ёлка, рагIу, аьхке, яьсса, юьхь, яздархо, доьхка, юьхк, бекъа, хьоза, жIаьла, цIазам.
Слайд: ТIедиллар нийса кхочуш динехь иштта хила деза.
Аьхке
Байракх
Бекъа
Гуьйре
Доьхка
Ёлка
ЖIаьла
РагIу
Хьоза
ЦIазам
Эмкал
Юьхь
Юьхк
Яздархо
Яьсса
Iам.
— ХIинца Iамийнарг тIечIагIдийр ду вай.
— Схьаязде дешнаш кхаа бIогIамалге:
а) аьзнаш элпел сов дерш:
б) элпаш аьзнел сов дерш:
в) элпаш а, аьзнаш а цхьатерра дерш:
Юьхк, яздархо, яьсса, исс, итт, мотт, догIа, тарсал, хьач
Слайд: (Нийса иштта хир ду)
а) аьзнаш элпел сов дерш:
Юьхк — 3 элп, 4 аз
[йуь] — йуьхк;
Яздархо — 7элп, 8 аз
[йа] – йаздархо;
Яьсса — 4 элп, 5 аз
[йаь]-йаьсса
б) элпаш аьзнел сов дерш:
Исс — 3 элп, 2 аз;
Итт — 3 элп, 2 аз;
Мотт — 4 элп, 3 аз
В) элпаш а, аьзнаш а цхьатерра дерш:
ДогIа — 4 элп ,4 аз;
Тарсал — 6 элп, 6 аз;
Хьач — 3 элп, 3 аз
— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.
— Iодика йойла шун! Марша Iойла!
Пайдаэцна литература: Абат. Солтаханов Э.Х. Солтаханов И.Э. Соьлжа-ГIала. АО «ИПК «Грозненски