Урок №7
3 класс
— Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой!
— Вай хIокху урокехь дуьйцур ду дашах а, дешдекъах а, дош сехьадаккхар а лаьцна.
— Иштта вайна евзар ю дешдекъаца а, дош сехьадаккхарца а йоьзна йолу бакъонаш а.
— Дош дешдекъах лаьтта. ХIора дешдекъехь мукъа аз долччул дешдакъа а хуьлу. Масала:
Слайд:
У-рам
Дот-тагI
Дай-мохк
Лу-ла-хой
Ирс
Кхор
Ол-ха-зар
— Дешнаш нийса сехьадаха хаа деза.
— Дош цхьана могIанера кхечу могIане дешдакъошца доккху, дешдакъа ца дохош. Масала:
Слайд:
Туьй-ра
Дий-цар-хо
Те-шам
БIа-ра
Бер-кат
Мел-ла-ша
— Амма цхьана дешдекъах лаьтта дош сехьадаккха мегар дац.
Слайд:
кхор
орам
барт
ирс
дохк
сиз
урам
Слайд:
— Дош сехьадоккхуш, цхьа элп хьалхарчу могIанехь дита а, кхечу могIане сехьадаккха а мегар дац. Кхечу могIане дош иштта сехьадаккха деза:
Слайд:
эса-ла
еа-ра
оьгIаз-ло
ава-лу
— Дош сехьадоккхуш ъ, ь, й шайна хьалхарчу элпах къасто ца мега. Масала:
Слайд:
туьй-ра
сий-на
шекь-ели
хьагъ-елла
йохъ-елла
— Шалха а, шала а элпаш шайца долу дешнаш сехьадоккхуш цхьа мукъаза элп цхьана могIанехь дуьту, важа сехьадоккху. Масала:
Слайд:
кхос-са
вок-кха
юк-къера
баьл-лаш
клас-сера
— ХIинца дийцинарг тIечIагIдийр ду вай.
— ХIара дешнаш дешдакъошца декъа.
Слайд:
Дешархо, хьехархочунна, предложенеш, тIоьрмиг, хазъелла, баккхийчара, воккханиг, баьллаш.
— Дешнийн дешдакъош иштта декъна хила деза
Слайд:
Де-шар-хо
хье-хар-хо-чун-на
пред-ло-же-неш
тIоьр-миг
хазъ-елла
бак-кхий-ча-ра
вок-кха-ниг
баьл-лаш.
— Ткъа хIинца вай хьовсур ду кхин цхьа тIедиллар кхочушдан.
— ХIара дешнаш аша муха сехьадохур дара?
Слайд:
Шийла, дешдакъа, альбом, кхосса, барт, хьагъелла, баттахь, эшарш.
— ХIинца болх нийса биний хьовсий вай.
Слайд: (Нийса иштта хир ду)
Ший-ла
деш-дакъа
аль-бом
кхос-са
барт
хьагъ-елла
бат-тахь
эшарш.
— ХIокху урокехь вайна евзи дош дешдакъошка декъаран а, дош сехьадаккхарца а йоьзна йолу бакъонаш.
— И бакъонаш тIечIагIъеш долу тIедахкарш кхочушдира вай.
— Кху тIехь вайн урок чекхйолу.