Хьалхарчу шина урокехь 1амийра предложенин коьртаза меженаш-кхачам, къастам. Х1инца евзар ю кхин цхьа коьртаза меже — латтам. Оьрсийн маттахь «Обстоятельство» олу цунах.
Дар я хилар маца, мичахь, муха, муьлхачу барамехь, х1ун 1алашо йолуш, х1ун бахьана долуш кхочушхуьлу гойтучу предложенин коьртазчу меженах латтам олу. Латтамна х1иттадо х1ара хаттарш: (маца?) (мичахь?) (муха?) (мел?) (х1унда?) (х1ун 1алашо йолуш?)
Предложенехь латтам, сиз-т1адам хьокхуш, билгалбоккху.
Масала:
Селхана бераш хьуьнхахь левзира.
Левзира (мичахь?) хьуьнхахь — х1окху латтамо дар я хилар мичахь кхочушхилла гойту; левзира (маца?) селхана — латтамо дар маца кхочушхуьлу гойту.
Дешархочо хаза яздора.
Яздора (муха?) хаза — х1оху предложенехь латтамо дар я хилар муха кхочушхуьлура гойту.
Дас стогарш алссам ийцира.
Ийцира (мел?) алссам — латтамо дар я хилар муьлхачу барамехь кхочушхилла гойту.
Ледарлонна т1аьхьависира к1ант дешарна.
Т1аьхьависира (х1унда?) ледарлонна — латтамо дар я хилар х1ун бахьана долуш кхочушхилла гойту.
Шен лулахочунна дарбанна муьргаш елира Ибрах1има.
Елира (х1унда?) дарбанна — латтамо дар я хилар х1ун 1алашо йолуш кхочушхилла гойту.
Латтамаша дар я хилар тайп-тайпанчу хьелашкахь кхочушхилар гойту. Предложенехь церан уьйр сказуемица хуьлу.
Хаттарийн метта маь1ница дог1у г1оьнна далийна дешнаш яздеш, т1едиллар кхочушде:
Г1оьнна дешнаш: сарахь, чехка, г1алахь
(Мичахь?) вехаш ву сан деваша.
(Маца?) нанна дуьхьал вахара Асхьаб.
(Муха?) дог1ура шовда.
Нийса иштта хуьлу:
Г1алахь вехаш ву сан деваша.
Сарахь нанна дуьхьал вахара Асхьаб.
Чехка дог1ура шовда.
Аша предложенешна юкъа далийна дешнаш латтамаш бу.
Вайна евзи предложенин ерриш коьртаза меженаш.
Уьш кхоъ ю: кхачам, къастам, латтам.
Диц ма де цара вайн къамел хаздеш, кхетам шорбеш хилар. Дагахь латтаде царех долу хаарш.
1амийнарг т1еч1аг1деш, ц1ахь «Тамашийна олхазар»-туьйрана юккъара шайца латтамаш болу ялх предложени схьаязъе.
Кху т1ехь вайн урок чекхйолу. 1одика йойла шун! Марша 1ойла!
Урок кечйинарг: Алиханова Малика Лечаевна