Юсупова Луиза

Юсупова (Эльбиева) Луиза, йина 1962-чу шеран оханан беттан 23-чу дийнахь, Хьалха-Мартант1ехь.

1969-чу шарахь, Хьалха-Мартан №1 йолчу йуккъерчу ишколе 1-чу классе деша йахана. 1979-чу шарахь чекхйаьккхина ишкол. Оццу шарахь деша х1оьттина Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университетан филологин факультете. 1984-чу шарахь чекйаьккхина НГIПУ, «оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин хьехархо» корматалла а луш.

Болх бан йолайелла 1984-чу шарахь, Соьлжа-ГIалин №61 йолчу йуккъерчу ишколехь нохчийн мотт хьоьхуш. 1985-1987-чуй шерашкахь, Хьалха-Мартан №3 йолчу йуккъерчу ишколехь оьрсийн мотт а, литература а хьехна цо. 1987-1998-чуй шерашкахь болх бина Хьалха-Мартан №2 йолчу йуккъерчу ишколехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш. 1998 –чу шеран товбецан баттахь дуьйна, таханлерчу дийне кхаччалц, Хьалха-Мартан №5 йолчу гимназехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йу.

Белхан стаж 36 шо йу. Лаккхара квалификационни категории. Россин Федерацин йукъарчу дешаран Сийлаллин белхахо, «Нохчийн меттан хьехархо-2013» Республикин конкурсан 3-чу даржан дипломант, Нохчийн Республикин, Дагестанан Республикин йукъарадешаран хьукматийн хьехархошна йукъахь дIайаьхьначу «Регионашна йуккъера берашна леринчу дийцарийн конкурсан » лауреат. Urok 95.ru сайт тIехь дIахьочу интернет-проектан декъашхо, нохчийн меттан ПКЭ толлучу предметни комиссин эксперт.

Close