5 класс Урок№26 СатуевгIеран Джунидан Хьусайн кхолларалла. «Лаьмнийн къоналла». Пейзажех, стихотворенин барамех лаьцна.

    Нохчийн мотт «Urok95ru» (Саралиева Хеда Асланбековна, 5 класс).

Урокан цIе:   СатуевгIеран  Джунидан Хьусайн кхолларалла. «Лаьмнийн къоналла». Пейзажех, стихотворенин барамех лаьцна.

в кадре: —Де дика хуьлда шун!

—Вай дIахьур йу вешан рогIера урок. ХIокху урокехь вай дуьйцур ду  Сатуев Хьусайнан кхоллараллех лаьцна, йийцаре йийр йу «Лаьмнийн къоналла» цIе  йолу стихотворени.

Слайд

              (I939-I995)

  «Тийсалуш, пелвуьйлуш, вогIу со хьалха,

  Хала ду,  хала бу дахаран некъ.

  Йерриге Iалашо – кIант хилар халкъан,

  Вер ву со муьлххачу дуьхьалонах чекх»

  Хьалха-Мартан районерчу Iалхан – Йуьртахь вина Сатуев Хьусайн.

Бераллин хенахь дуьйна нохчийн халкъан туьйранаш, иллеш, хьалхалера шира  дийцарш а чIогIа  самукъадолуш, лорий ладугIуш Iамадора Хьусайна.

 -Хьусайнан ненаваша Iала халкъан барта кхолларалла дика хууш, воккха говзанча вара. Цо доккха дакъа лецира хинволчу поэтан кхетам, шорбеш кхиорехь.

-Ишколехь доьшуш волчу хенахь а боккхачу безамца йоьшура Хьусайна исбаьхьаллин литература. Ишколехь дешна ваьлча хьехархойн институте деша вахара иза, шена бераш дукхадезаш хиларна.

в кадре: — Цуьнан дукхахдолу дахар берашца доьзна дара, хьехархо вара иза. Цу балхо цуьнан йоккха таро хилийтира, хьехархочун а,  поэтан а корматаллин говзалла Iамийна, халкъана царах пайда хилийта.

— Хьусайн стихаш йазйан волавелира I958-чу шарахь. ХIетахь дуьйна цо арахецна дуккха а стихийн гуларш.

  ХIинца вай шуна  йовзийтур йу «Лаьмнийн къоналла» стихотворени.

                               Лаьмнийн къоналла

слайд:

Винчу махка бIаьсте кхечи             

 Хазчу йоIал хаза ша.             

Шеца кхайкхи зевне хьеший-            

ЦIенчу иллин олхазарш. 

Къона нана-бIаьсте хьийза.

Лаьмнийн хIусам къагайеш         

ЧIана дитташ зазца хийци,

Комаьрша куьг кхачадеш.

Дуьне денди, духар цIинди,           

 Кхоьлли безам зезагийн.                     

 Массо даг чу ирсан цинцаш ,            

Зазаш санна, дегади. 

КIентий кхуьу дахар хаздан,

Токхо кечйи кханенна.

Бовха безам хьоьга бахна,

ХIай сан лаьмнийн къоналла!

в кадре: — «Лаьмнийн къоналла» цIе йолчу шен стихотворенехь Сатуев Хьусайна Нохчийчоьнан лаьмнашкахь, йарташкахь бIаьсте тIейарца денлуш, хазлуш долчу Iаламан сурт гайтина.

— Цуьнан дендалар гойтуш, иштта дешнаш даладо поэто:

Слайд:

БIаьсте кхечи,

Зевне хьеший кхайкхи,

Дитташа заза хийци,

Духар цIинди,

Дагчу ирсан цинцаш дегади.

в кадре: — Иштта исбаьхьа хIоьттинчу бIаьстенан суьрто вайн дегнашкахь даккхийдеран, хазахетаран ойланаш кхуллу.

Слайд:

  1. Муха гайтина поэто хазачу бIаьстенан  тIейар? Схьалаха цуьнан хазалла гойтуш далийна дустар.
  2. БIаьсте йолуш лаьмнийн сурт а, Iаламан хазалла а муха гайтина поэто?  Билгалйаха и суьрташ хIиттош йалийна эпитеташ.
  3. Поэтана шен Даймохк безаш хилар стен гойту? Масалшца тIечIагIде шаьш олург.

Слайд: Нийса жоп иштта хир ду.

  1. БIаьсте тIейар винчу махкахь, хазчу йоIаца дуьстина поэта. 
  2. Iалам дендалар гойтуш иштта дешнаш даладо: бIаьсте кхечи, зевне хьеший кхайкхи, дитташа заза хийци, духар цIинди, дагчу ирсан цинцаш дегади.
  3. Винчу махка бIаьсте кхечи ,

  Хазчу йоIал хаза ша.

Бовха безам хьоьга бахна,

ХIай сан лаьмнийн къоналла!

в кадре: —Нохчийн стих къаьсташ йу шен барамашца а, кхоллайаларца а.

слайд: -Стихотворенин барамаш нохчийн стих кхолларехь шина а, кхаа а дешдекъах лаьтташ хуьлу. Стихан барам билгалбоккхург стихан гIулч (стопа) йу. Шина дешдекъах лаьтташйерг хорей, кхаа дешдекъах лаьтташйерг дактиль йу.  

  в кадре: — Стихотворени муьлхачу барамехь йу хаа лууш хилча, стихехь тохарш билгал а дохий, стихан гIулчаш къастайо.

 -Хьовсур вай Сатуев Хьусайнан «Лаьмнийн къоналла» цIе йолчу беа могIанан цхьана строфах лаьттачу байте. Цунан схема а хIоттош, гIулчаш къастор йу вай.

Слайд

 КIентий кхуьу дахар хаздан,            Бовха безам хьоьга бахна,

_V_V_V_V                                                                        _V_V_V_V

Токхо кечйи кханенна.                                     ХIай сан лаьмний къоналла!

_V_V_V                                                                           _V_V_V        

  1. в кадре: БIаьсте  тIейар винчу махкахь, хазчу йоIаца дуьстина поэта.

-Поэтически произведени  кхоллар самукъане, амма шена тIехь къахьега дезаш болх бу.    Цара бовзуьйту вайна поэтин тап-тайпана болу дахаран хьежамаш.                          

-Вайна девзи  Сатуев Хьусайнан  дахар  а, кхолларалла  а, йийцаре йи «Лаьмнийн къоналла» цIе йолу цуьнан стихотворени а.

 -Халкъан  Iер-дахарх  лаьцна, дIадахнарг  довзуьйтуш, серло хилла  лаьтта  вайн  йаздархой, луур  дар-кха    нохчийчохь    алсамйолийла и  нуьре  серлонаш, цара  хазйойла  вайн  къоман  бIаьстенаш.

Iодика йойла  шун, марша  Iойла!

2-гIа  дакъа.

       Хаарш –зер (тренажер)

            нийсаниг харжа

I.   Сатуев Хьусайна йазйина стих билгал йаккха?

 а)    «Гуйренан тхи».                       б) «Седарчийн буьйса».

в)    «Чов йина илли» .                             г) «Дайн латта».

2. Ишколехь дешначул тIаьхьа мичахь  дешна  Сатуев Хьусайна?

а)Рабфак                       

б)  Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  университет филологин факультетехь

в)    Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн  институт    .

г)   Литертурни  институтехь

3. Муьлхачу шарахь  арайийла йолало Сатуев Хьусайнан стихийн, поэмийн гуларш, билгалдаккха терахь .

а)  I990.

б) I958.

в)  I954.

г)  I979.

          4. Сатуев Хьусайни стихийн , поэмий гуларийн  цIераш  билгалйаха.

а)  «БIаьстенан мукъамаш», «Дахаран абат»,«Чов йина илли» .

б) «Абубешар», «Дурдий, Даргий», «ГIирмсолтас йаьккхина са», «ДIа – коч, схьа – коч», «Хингал»  , «Совдаттий, Дауддий», «Бож-Iела», «Лийрбоцурш».

в)  «Гила», «ТIамна дуьхьал», «Безаман эшарш» ,«Велларг денвар»,  «Даймехкан зIаьнарш» , «Дагчуьра суйнаш» , «Йовш йоцу цIе» ,«Бакъдерг», «Лаьттан бос» , «Сирла суьйре».

г) «Безаммий, шаьлтий»  , «Дог дохден цIе» , «Ламанийн хьостанаш», «Симфония гор» , «Даймехкан некъаш», «Цхьа-ши дош» .

Close
Яндекс.Метрика